Хасаров ШаIрани. Лаьтте

Your browser doesn’t support HTML5

Хасаров ШаIрани. Лаьтте

Лаьтте

Кхаъ боккхуш Iуьйре тIекхечи,
Динара доссош де -нускал,
Жил-Iалам, адамаш – хьеший
Хазалла шеха цебовллал.

Цо хаза несалла лелий,
Стигланийн сийналлаш лепий,
Iаббалца хIораннан кертахь
Хиламийн аганаш техкий.

И мала дахча, хьагделла
Малхбузехь бухдуьйлу шовда,
Суьйрено, къу хилла, тебна,
Яьккхи юрт, йижий дIа гIовгIа.

Ткъа стиглахь седарчий кхетта
Цо даржош буьйсанан верта.
Къайлехь барт беш ду юрт яккхан
Iуьйрей, дей, вовшах а кхетта.

Дикане, адамийн санна,
Церан а хьашт ду хьан хьаьтта,
Хьайн беркат, хьайх хьегар делла
Мерза ду хьо, сийлахь Латта!

Хьо – хIордийн, хьо-лаьмнийн ага,
Дахаран аренийн-нана,
Даимна синтемах даьлла
Адам хьайх бухдаьлчахьана.

Бохь –лекха гIаланаш йо цо.
ГIуллакх до маьлхан зIаьнарх а.
ДIахIутту ша динарг харцон,
Цкъацкъа, и буьрсачу тIамца.

«Эххар цо стенга дуьгур - те?
Хаза нус я нуц лазор - те?
Дуьтур - те даимна беркъа,
ТIе тесна буьйсанан верта?» -

Бохуш, хьан ойла еш, суна
Ги хьалххахь охуш хьан аре,
Ги бер а, ловзар а луллахь
Хьегош хьох стигланан дарий.

Синтар, бер, хьуьнхара экха,
Дика нах дикчу цу неха
Iожаллин метта хьо диллан,
Цкъаъа а луш ца хилла.

Кхуьийла хьуна тIехь синтарш,
Бераш а - адамийн генаш!
Уьш хилла–кх хIинццалц къахьегнарш
Де - дийне хаздеш сан гIенаш!
1983 ш.