Новосибирскехь Росгвардино лаьцна нохчо, криминалан авторитет

Гайтаман сурт

Криминалан гонашкахь Бай цIарца дика вевза авторитет лаьцна Новосибирскехь экономикан зуламашца къийсам латочу урхаллан а, Росгвардин а белхахоша. Lenta.Ru ресурсо бина и хаам.

Дийцарехь, 36 шо долу Нохчийчуьра вахархо стохка Дечкен-баттахь дуьйнна оцу регионехь вехаш хилла, къуйшна тIехь Iуналла а деш. Байна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх гIаттийнера, цо криминалитетан тIегIанашкахь лаккхара "дарж" шена тIеэцарна. Хьалха а таIазр лайна ву иза бандиталла а, талораш а лелорна.

Хьалхо итта хаамашкахь дийцира, Москвахь полицех вада гIоьртина криминалан авторитет Гусейнов Ризван ("Резвый")вийна аьлла. Ницкъахойх къаьхкина иза ворхIазза тIекIелдинчу цийнан корах аракхосавеллачу заманчохь полисхоша герз тоьхна вийнера иза.