Къилбаседа Кавказехь 31 стаг велла уьнах дийнахь-буса, 1114 цомгуш хилла

ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказехь, Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу опреативан штабо бечу хаамца. Коронавирусах велла 31 пациент. Цамгар кхетта кхин а 1114 вахархочунна.

Диагноз лоьраша бакъ а еш, белларш бу: Краснодар-махкара 18, Ставропол-махкара – 7, ГIалмакхойчуьра – 3, Дашестанера – 2, Кхарачой-Чергазийчуьра – 1.

ДIадахначу дийнахь а, ерриг а хенахь а цомгуш хилла:

  • Ставропол-мохк + 235 (39 421)
  • Краснодар-мохк + 200 (31 167)
  • Дагестан + 158 (26 314)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 97 (17 592)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 82 (13 507)
  • ГIалмакхойчоь + 81 (16 411)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 77 (16 613)
  • Адыгей + 65 (12 343)
  • Нохчийчоь + 63 (102 38)
  • ГIалгIайчоь + 56 (13 356)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь официалан терахьашца COVID-19 цамгар лаьцна 196 962 стага. Ткъа ерриг а Оьрсийчохь ду и терахь 3 591 066.