Ша мехах хьожуш, лелош хилла бер даларна бехкейина Дагестанана яхархо. 8 шо тоьхна цунна набахтехь такха. Иштта бу Дербентерчу гIалин кхело бина сацам.
Нехан доьзалерчу йоIе хьожуш хилла зуда 2019-чу шарахь, етташ хилла цунна, елла иза ГIура-баттахь.
Мерза хIума схьаэца, ишкапа тIеяьлла хилла 3 шо долу йоI, зудчо чутеттина, охьакхетта. Лаьттах корта кхетта, метта ца догIуш, делла бер.