"Тхан декхар – дийнахь 120 коммент". Муха веха Кремлан тролль

Волчек Дмитрий, Маршо Радион Оьрсийн сервис

"Юхьанца, суо цига кхаьчча, суна иштаниг хуьлийла а дац аьлла хийтира. Шатайпа, со цецвоккхуш сурт дара гинарг. Оруэлла довзийтина иза муха хуьлу. Суна со "харц дуьне" олуче кхаьчна моьттура, амма иза баккъал а долушдерг ду", – дуьйцу тIаьххьара хан тIекхаччалц "Путинан кхачакечбархочо" Пригожин Евгенийс шен ахчанца латточу "троллийн фабрикех" цхьаъ йолчу Петербургерчу ФАН агенталлехь болх бинчу К. Сергейс ша Маршо Радиона еллачу интервьюхь.

Хинболчу "троллашка", уьш балха оьцуш, куьг яздойту агенталлин офисашкахь дерг къайленехь латто, делахь а ваьлла и чIагIо йохош масех стаг. 2015-чу шарахь ма-дарра дийцира Маршо Радиога, ша цхьацца машанерчу форумашкахь комментареш язъеш бинчу троллан балхах лаьцна "фабрикехь" къахьегначу Буркхард Марата. Цул тIаьхьа масех стага интервью елира "фабрикан" цхьацца декъашкахь долчу хьолах лаьцна, ткъа цига балха а хIоьттина, пропапагандисташа дийриг а теллина, кхеле а а яьлла, оцу кхелехь туьйлира журналист Савчук Людмила.

Шераш девлла цул тIаьхьа, амма "фабрико" шен болх бо хьалха санна, бакъду, маситтазза меттиг а хийцина, шор а елла иза.

сох доьлла неIалт ду кхаа дахарехь а дIа ца цIанваллал

К. Сергей реза хилира троллаша тахана муха бо шайн болх дийца – Маршо Радион социалан машанаш а бу уьш ца хеддаш. "Кремлеботашна" хIора дийнахь хьалхахIитточу декхарийн кеп а йовзуьйтуш, бинчу балхах лаьцна муха, хIун дIахоуьйту куьйгаллина дуьйцу цо – хьаькамашна хаийта дезаш хуьлу айхьа масса комментари йина сахьтехь. Оцу материалех цхьа дакъа хуьлу сов эвхьаза, маьттаза, нах сийсазбеш: "фабрикин" цхьа дакъа ду мемаш йохкуш, порнокиношкарчу кадрашна тIе журналистийн я оппозицерчу политикийн яххьаш хIиттош болх бо цо.

– Сергей, стенна лиира хьуна айхьа "фабрикехь" бинчу балхах лаьцна дийца?

– Цара шуна ен новкъарлонаш го суна, шу аьшнаш стенна до хаьа, пачхьалкхан пропагандин къайленаш евза суна, цундела иза шуна довзийта лаьа. Цара аьшпаш буьтту массанхьа. Телегойтийла хьахийча Iетто дог хуьлу сан, сох доьлла неIалт ду кхаа дахарехь а дIа ца цIанваллал.

– Муха бо "фабрико" болх?

RT-но Малхбузенах лаьцна комментареш муха йо хьовса – гуш ду шуна иза хьенан болх бу

– Дуккха а дакъош ду, чоьнаш чохь белхахой бу пхийтта-пхийтта. Цхьана декъо яздо, материалаш йо YouTube-хь, вукхо - "ВКонтакте" машанехь, кхоалгIачо – Фейсбукехь, иштта кхидIа а. ХIора декъан ву шен куьйгалхо.

Массо а керланаш ду "фабрико" комментех дуьзина: ракеташ, Американ Штаташ, Путин мел хьахочохь

Ас болх бечу декъехь телеграм-чатехула тидамехь латто езаш яра RT, РЕН-ТВ, "Известия" газета, иштта оппозицера хаамийн гIирсаш а: "Новая газета", Маршо Радио, ур-атталла "Сталингулаг" а тIехь, бакъду, цуьнан сайто тхуна сихха бан "тухура". Кеп-кепарчу аккаунташкахула юкъадуьйлура тхо церан балханна. Керла-керла аккаунташ кхуллийла дара – сим-картанаш латтадора тхуна барз баьккхина.

– Телеканалийн социалан машанашца дукха борий аш болх?

– Бора, RT тIера "Домашний" телеканална тIекхаччалц. Малхбалех лаьцна RT-хь муха язйо комменташ хьовса – гуш ду шуна иза хьенан болх бу. Дийнахь а, буса а Оьрсийчоьнан "сий Iалашдеш" болх бо. Массо а керланаш ду "фабрико" комментех дуьзина: ракеташ, Американ Штаташ, Путин мел хьахочохь.

– Социалан машанаш боцуш, кхин хIун тергалдо "фабрико"? Кхин хIун дакъош ду?

Ойла йина ца валлал дукха ду оцу наха леладен пайдабоцург, царна луш долу даккхий ахчанаш

– Цхьа дакъа ду нахах лаьцна информаци гулъеш: кхерамечийн досьеш, компроматаш. Хоуьйту, бехк ма-биллалаш иштта аларна, муьлхачу ресурсашна, боьхаллаш тIеетта еза, топехь ю Маршо Радио а, "Новая газета" а.

Пригожин Евгений

Пайдаоьцу лерринчу декъо кечъечу маьттазчу мемех, порнографи а ю оцу юкъахь. Кегийнах Iа и мемаш еш, уьш юкъарчу чате кхуьйчу, оха уьш дIасалестайо. Массо а агIонан ду шен тоба. Вуно дика дIанисйина структура ю цигахь. Ойла йина ца валлал дукха ду оцу наха леладен пайдабоцург, царна луш долу ахчанаш.

– Мел дукха бу нах "фабрикехь"?

Цхьаболучара нанах йолу информаци кечйо, вукхара дакъошка дIасало иза, кхоалгIанаш кхеташоне хуьйшу

– Билггал ала ца хаьа, со ца хилла массо а дакъошкахь, уьш цхьацца цIенош чохь ду. Еккъа цхьана гIишло чохь болх бан охьахуу дийнан декъехь лаххара а 150 стаг.

Со тестах чекхваьккхира, кепанна комменташ хIитто езара йозанехь

Цхьаболучара нахах йолу информаци кечйо, вукхара дакъошка дIасало, кхолгIанаш кхеташоне хуьйшу, дуьйцу, муьлха тезис ю коьрта, хIун тидамеэца деза я ца деза, стенна тIе тидам алссам берзо оьшу.

– Балха хIуттуш хIун хаа деза? Муха хаьа царна хьо дуьхьаллаьттачу ницкъийн агент ву я вац?

Со тестах чекхваьккхира, кепанна комменташ хIитто езара йозанехь, цхьацца информацех даьлла бахьана юьхьар а оьцуш. Церан кхерамзаллин декъо теллира со базанашкахула, сиха дIаийцира балха, хьажийра RT, "Известия" газета, РЕН-ТВ телегойтийла, уьш санна йолу кхин ресурсаш тергонехь а латтош, комменташ язъян. Хала болх бацара - клавишашна тIе пIелгаш деттар, лартIехь мел йоцу комментареш язъяр. Дийнахь болхбийраш а бу, буса болхбийраш а бу.

–Диплом оьший балха хIуттуш?

– ХIан-хIа, диплом соьга ца хиттира. Йоза дан хууш хилча тоьу. Тайп-тайпана нах бу болх беш, Iилманийн докторш а бу, лакхара дешар доцурш а бу. Кеп-кепара бу белхахойн кхетамаш, амма до шайга ден аьлла-аьлларг.

цхьана фейк-аккаунтехула нехаш хьокху ахь тIе, кхечу фейк-аккаунтехула цунна нийсса бIостанехьа дерг яздо

– Балха кегий боцурш а оьцу?

– Оьцу, пенсионераш а бу цигахь.

– Алапа мел ло?

– 40 эзар сом оьцург а ву, тIетIаьIIина болхбечарна 45, 50 эзар а, кхин сов а ло.

– Масса комментари язъян еза белхан хенахь?

– Декхар – 120 кхоччуш.

– Цхьана тролло вон коммент язйо, вукхо цунна дуьхьал кхин язйо, дискусси йоьду кеп хIоттош, дуьйцура Буркхард Марата. Иза долуш дуй хIинца а?

– Ду, цхьана фейк-аккаунтехула нехаш хьокху ахь тIе, кхечу фейк-аккаунтехула цунна нийсса бIостанехьа дерг яздо, интернетера нах дискуссина марсабохуш.

– Бакъ дуй "фабрикехь" лаккхара кхерамзалла латтайо, юьстахара стаг герга ца вуьтуш, юкъабахкийтина генташ лохуш хьийза, шен белхан накъостащна мотт тохар мехала лору бохуш дуьйцург?

– Иза бакъ ду. Мотт беттарх дерг алалур дац соьга, ас болх бечу хенахь хилла дац иштаниг. Амма техника чIогIа ларйо. Балхахь нах муха, хIун деш лела зуьй видеокамерашца.

– Бинчу белхан мах муха хадабо?

Троллаша шайн аккаунташка шаьш "Одноклассникашкара" лечкъийна суьрташ хIиттадо

– ХIора комментари (цуьнан текст а, адрес а) бина болх гойтучу документе хIоттайо, иза супервайзеран тергоечу базе кхочу.

– Комментарий язйинарг билггал тролль хилар къасталой, атта дуй цунах кхета?

ХIора аккаунтана шен-шен тема яра

– Хаало дера, Путинехьа комментареш язйийраш массо а ма баций троллаш. Вайн дуккха а бу цунах тешарш, иза нийса хетарш. Хьайна тролль ю аьлла хетачохь, хьажа оцу стеган аккаунте. Иза къайлаяьхьина хир ю хьуна – "фабрикехь" белхахошка дIакъовлуьйту аккаунташ. Троллаша шайн аккаунташка шаьша "Одноклассники" машанехь лечкъийна суьрташ хIиттадо. Болуш болчу нехан суьрташ лечкъадо, амма "Яндекс. Картинки" чохь ца карадойту болх бо цаьрца, масала, Iаьржа-кIайн до – хала хуьлу ишта сурт интернетехь схьакаро.

– Масса аккаунтехула бора ахь болх?

– Сан-м уьш бIе гергга яра хуьйцуш лелош. Зударийн а, бождарийн аккаунташ лелайора ас. ХIора аккаунтана шен-шен тема яра.

– Бакъ хетийта, аккаунташка цхьацца хьайх лаьцна информаци хIоттайорипй ахь?

Дош кIуо долу накъостий дуккха а бара тхан

– Аккаунт дикачех ларало, иза дуккха а "доттагIий" болуш хилча, сурт а долуш хилча. Ишта аккаунт деши мехха хуьлу. И саннарш ларлуш лелайо, блок ца хIоттаяйтархьама.

– Троллашна бант уху дукха хьолехь. Керла-керла аккаунташ елла езаш хуьлий?

Комментари Мозамбикера ю аьлла хуьлу, амма ма-дарра аьлча, иза Петербургера ю

– Дукха ресурсаш ю троллех сиха къовлалуш. Масала, Маршо Радионо сих-сиха "бан туху". Къайле хьулъечу VPN-ехула болх бича а тIехь волу хьо гучу.

–VPN массара а лелайо?

– Лелайо дера. Комментари Мозамбикера ю аьлла хуьлу, амма ма-дарра аьлча, иза Петербургера ю.

– "Кремлебото" яздинера, "тролль" дош фабрикехь ца леладо, бохуш.Аш шайн балхах лаьцна муха олура?

– Тхан-м дацара и дош ца олучех, оха тхайх "троллаш" олура. Дан а ма дара оха дийриг иза – ирча хIуманаш яздора нахана дуьхьал, цара вас енъерг. ТIамехь муьлхха а герз дика ду, тIе боьхалла йоьттичхьана.

– Дерриг а магош ду, боьха хабарш яздан мегий?

– Ситуацига хьажжина яздо, хьайна блок ца тохийта а гIоьрташ. Дош кIуо долу накъостий дуккха а бара тхан.

– Пригожин вогIурий шун конторе?

– Ца вогIура, тхайн офицехь суна ца гина иза цкъа а, цо хIун до шен лай ган веана? Цуьнан гIоьнча вогIура. ЦIе дага ца йогIу суна, цхьа кIунзал сатг вара иза, 45–50 шо хир долуш. Цунах кхоьрура массо а.

– Ахь маца кхетийра хьайна и болх ца безийла?

Юьхьанца самукъане дара. Коллективехь Путинах лоций а дуьйцура, иза аьшнашвеш, массо а санна кхета шаьш Iедална мотт хьоькхуш дуйла. Делахь а хача ло оцу балханна. Лоьраша декъешца а ма бой болх, шайн бела а боьлуш, са а къералуш. Амма цхьа хан дIаиккхича суна сайна-сайх эхь хета доладелира. Балхара боьхаллашна юкъара ваьлла веъча санна воьдура со цIа. Корта хьерехуьлура. Иза цагинарг кхетар вац, мел хала ду айхьа дийриг цIармата хIума дуйла а хууш, дIалела.