Навальный Алексей набахте хьажош сацам тIеэцна кхело

Москварчу Симоновски кIоштан кхело Чиллан-беттан 2-чу дийнан сарахь сацамбина оппозиционер Навальный Алексей набахте хьажо. 2014-чу шарахь цунна йинчу кхело арахь яккха кхайкхийна хилла хан ю цунна хIинца набахтехь яккха кхайкхийнарг -3,5 шо. Политика цIера аравала бакъо йоцуш яьккхина хан чу а лерина, охьадаьккхина кхело таIзар, 2,5 шаре кхачош.

Кхело шен сацамехь дIахьедина, Навальныйс дохийна 6 шо хьалха а, цул тIаьхьа а йинчу кхелаша полицин тергонера шена ван кхайкхийна хилла тIедахкарш, аьлла.

2014-чу шарахь бозбуанчаллаш лелорна 3,5 арахь йоккху хан туьйхира цунна, тIедахкарш кхочушдар 5 шарахь полицино тергал а дийр долуш. Амма яхначу гурахь, шена дIовш даларца доьзна Германе вахначуьра хеннахь юха цаверзарна, аьлла ду сацамо таIзарна бухадиллина бахьана.

2017-чу шарахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело ша бинчу сацамехь билгалдаьккхира 2014-чу шарахь Навальныйна кхел харцонца йина, аьлла. Оцу бахьаница шена яла къастийна компенсаци а дIаелира Навальныйна Оьрсийчоьно. Амма Лакхарчу кхело нийса лерира Навальныйна пачхьалкхерчу кхело таIзар дар, духьалхилира и сацам хийца.

Таханлерачу кхелехь Навальныйс а, цуьнан адвокаташа а тоьшаллаш далийра политик Германера хеннахь схьаван могашалло ца витина хиларх лаьцна. Делахь а бинчу сацамо тидаме ца эцна уьш.

Политикан дIахьедар дина Навальныйс кхелехь, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимира шена дIовш далийтина хилар чIагIдеш а, ша цуьнан лаамца таIзарна кIела хьош хиларх а лаьцна.

ТIаьххьарчу шина кIиранах Оьрсийчоьнан дуккха а гIаланашкахь хилла Навальный набахтера дIахеца Iедал декхаредеш хIиттийна гуламаш. Оцу акцешкахь полицно лецна нах бу 6 эзарне кхоччуш. Царех дукхахболучарна диттина гIуданаш, цхьаболучарна дуьхьалдаьхна бехктакхаман гIуллакхаш.