Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочун ваша Битаров Казбек велла карийна шен цIахь

Гайтаман сурт

Къилбаседа ХIирийчоьнан Битаров Вячеславан ваша Битаров Казбек велла карийна.

Шен хIусамехь велла карийна иза Чиллан-беттан 4-чу дийнахь, хаам бина Кавказ.Реалиига шайн цIерш йохийла ца лиинчу регионан куьйгалхочун администрацерчу белхахоша.

Цара дийцарехь, вуно боккхачу Iаткъамца вехаш хилла Битаров Казбек, ша декъахь а волуш, ши бутт хьалха некъахьовзам нисбаларца доьзна.

Алссам хьал долахь долу совдегар вара Битаров Казбек, Къилбаседа ХIирийчуьрчу кхаа компанин да вара иза.

  • Битаров Казбек декъахь а волуш, некъахьовзам хилира ГIебарта-Балкхаройчохь Дечкен-беттан 12-чохь. Шен йоцчу некъан асанна тIеваьлла хиллачух тера ду иза, прессо бахарехь. ДуьхьалйогIучу машена чохь хилла нах белла берраш а – зуда а, майра а, церан жима ши бер а.