Оьрсийчуьра "Спутник V" вакцина хьалал ю боху иза кхоьллинчара

COVID-19 уьнна дуьхьал кхоьллина "Спутник V" хьалал ю, цуьнца адамах схьаяьлла цхьа а компонент яц, аьлла, шега динчу хаттарна жоп луш, Гамалеин цетро. Роспотребсоюзо бахарехь, цуьнга дуьххьара кхаьчна оцу кепара хаттар.

Оьрсийчуьрчу бусалбанийн урхаллин Улемийн кхеташонан куьйгалхойх волчу Аляутдинов Илдаре Гамалеин центро яздина: "Хьакхех а, я адаман дилхах яьккхина цхьа а сурсат яц цуьнца". Кехатна буха куьг яздинарг ву центран директор Гинцбург Александр, хаам бо РБК агенталло.

"Гарехь, ала йиш ю, бусалба динехь магийна доцург цуьнца дац", - тоьшалла дина Аляутдинов Илдара.

"Спутник V" вакцина Оьрсийчоьнан бахархошна етта йолийна 2020-чу шеран ГIура-баттахь.