Оьрсийчоьно шех дIатоьхначу ГIирмехь бусалбанийн хIусамашкахь талламаш беш ю ФСБ

Украина, ГIирмехь бусалбанийн хIусамашкахь талламаш беш бу ФСБ-н белхахой, 17Чил2021

Оьрсийчоьно нуьцкъаша шех дӀатоьхначу ГIирмехь бусулбанийн хIусамех хьоьжуш бу ФСБ-н белхахой. "Крымская солидарность" боламан жигархоша бечу хаамца, ФСБ-но талламаш бина Советски кIоштахь вехачу Махамадаминов Абдулборин а, Белогорскерчу Эюпов Азаматан а, Симферополерчу Ялкабов Тимуран а, Сейдаметов Лимуран а, Бахчисарайрчу Ибрагимов Эрнестан а, Федоров Олеган а, ткъа иштта Севастополерчу Шихаметов Яшаран а цIеношкахь.

Болчу хамца, ФСБ-н векало телефонехула хаам бина, цӀийнах хьажарш дIахьуш ду шаьш бехктакхаман гIуллакх толлуш аьлла. Талламан мероприятеш дIахьуш болчу ФСБ-н талламхоша хаам бина гергарчаьрга, дуьйцург террористийн вовшахтохараллехь дакъалацарца доьзна бехктакхаман гIуллакх ду аьлла. ЦIийнах хьаьжначул тIаьхьа 5 стаг дIавигна Симферополехь йолчу ФСБ-н ГIирмерчу урхалле.

КХИН А ХЬАЖА: "Хизб ут-Тахриран" рогIерчу гIуллакхехула хенаш тоьхна кхаа гIирмин гIезалочунна

Ибрагимов Эрнест 10 сов шарахь кхачакечбархочуьнан болх бина ву, "Хизб ут-Тахрир" боламанан бехктакхаман гIуллакхехула, 19 шо луьрачу рожехь колонехь даккха хан а тоьхна, чувоьллина Асанов Марлен долахо волчу "Саланчик" кафехь. Ибрагимов вуиштта политикан тумакхийн берашна накъосталла дечу "Крымское детство" проектан жигархо. 2017-чу шарахь цунна дуьхьал долийнера административан гIуллакх.

КХИН А ХЬАЖА: Мацалла кхайкхийна Оьрсийчохь колонехь латточу ГIирмерчу гIезалочуьнан нанас

Эюпов Азамат дакъалаьцна ву 2019-чу шарахь Мангалан-баттахь Москвахь ЦIен майданехь хиллачу гIирман-гIезалойн хьалхарчу дуьхьалонан акцехь. Иза иштта даима а гIуллакхаш луьстуш ладоьгIуш хилла ву ГIирмерчу бусалбанашна ечу кхелан схьайиллинчу процессашкахь.

ГIирмера маьждигаш: Орта-Джами ‒ ГIирмерчу ханан заманара схьа дуьйна кху деношка кхаччалц (фотогалерей)

Шинарин дийнахь, Чиллан-беттан 16-хь, Оьрсийчоьнан ФСБ-но хаам бира, шаьш ГIирмехь а, ГIезалойчохm а (Татарстанехь) тоба лаьцна, Оьрсийчохь магош йоцучу вовшахтохараллина ахчанца гIо дина йолу аьлла. Цуьнца цхьаьна, хиъна изза бахьана долуш Оьрсийчоьно Iуналла дечу Симферополерчу суьдо лаьцна хилар динна доьзал.

КХИН А ХЬАЖА: ТIаьхьарчу 4 баттахь 26 политикан тутмакх тIекхетта Оьрсийчохь

2014-чу шарахь Оьрсийчоьно нуьцкъаша ГIирма шех дIатоьхначул тIаьхьа, "Хизб ут-Тахрир" динан боламехь дакъалаьцна аьлла бехке а вина, зулам дарца доьзна гIуллакхаш а кхуллуш, чувоьллина 100 сов гIирман-гIезало. 2003-чу шарахь Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело сацам бира "Хизб ут-Тахрир" терроран вовшахтохаралла ю аьлла, и махкахь хилар а доьхкуш.

Украинин а, дукхахайолчу Европерчу пачхьакхийн а территори тIехь "Хизб ут-Тахрир" болам хилар низамца магийна ду.