Гонаха Европа ю, хIусамехь – Нохчийчоь? Доьзалехь ницкъбарна дуьхьал муха лаьтта Къилбаседа Кавказера мухIажарш

Your browser doesn’t support HTML5

Гонаха Европа, хIусамехь – Нохчийчоь ю? Доьзалехь ницкъбарна дуьхьала муха лаьтта Къилбаседа Кавказера мухIажарш

Къилбаседа Кавказера баьхкинчу мухIажарийн доьзалашкахь ницкъбар къаьсташ хилар билгалдоккху, тховкIело йоьхучаьрца болх бечу эксперташа а, волонтераша а. Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организацин мухIажарийн гIуллакхашкахула йолчу Лакхарчу комиссариатан рапортца а догIуш, стохка коронавирусан пандемин муьрехь доллу дуьненахь а лакхадаьлла го зударшна а, мехкаршна а тIехь Iазап латтор. ХIинццалц а хьал дика ца лаьттинчу Къилбаседа Кавказера схьабевллачу зударийн доьзалашкахь кхин а тIе чIагIделла го хьал, Кавказ.Реалиица къамел динчаьрга ладоьгIча.

Муха лардан деза шаьш Европерчу мехкашкахь хIусамехь ницкъбарх хаьттира портало зударшка а, социалан белхахошка а, юристашка а.

Марьям

Берлинехь ехаш ю Нохчийчуьра еана Марьям. Ши шо хьалха лайна цо доьзалехь бала. ЦIийнда летара цунах. Иза йитинчул тIаьхьа а кочара ца волуш, летара иза. Новкъахь иза йогIу-йоьду ларйой, дуьхьал волий, еттара цо Марьямна, бераш схьадоьхуш. ВорхI а, исс а шераш ду цуьнан шина кIентан.

Шен гергарачу нахехула а цхьана хIинца а шена Iаткъам беш схьавогIу хIусамда хилларг бохуш, дуьйцу Марьяма. Iадаташца аьлча, бераш ден лоруш ду, амма нана кхоьру берийн дех, хIетте а ши кIант дIавала реза а яц иза.

"Германера Югендамт олу социалан хьукмат ю берашна тIехь Iуналла ден коьрта векал. Лурчаха берашца цхьана кхечу гIаларчу шелтерехь дIалачкъийнера со. Доккха са даьккхира ас хIетахь. Нохчийчохь бехачу цуьнан наха хьийзайора со: "Хьо йитина зуда ю, шайн стеган бераш дIало, уьш цуьнан ду" бохуш. Ша кхеле ваханера иза, цигахь латкъамаш бинера цо, бертаза цуьнга дIаделлера бераш. Цхьана баттахь а, эха баттахь а ца гира суна сайн ши кIант. ТIаккха кхелаш хилира, экспертизаш яйтира. Дас етта шайна бохуш, аьрзнаш дора бераша, эххар а психолого соьца бераш дуьтуш сацамбира, амма кхело бакъонаш йийкъира тхуна юкъахь", - дийцина мухIажаро.

Германерчу нохчийн диаспоре а гIо дийхира ша боху Марьяма, ткъа цигахь дайн гIиллакхашка хьажий, хIума де аьлла, хьехнера цунна.

"Германин, Кавказан доттагIаллин ЦIийнан куьйгалхочуьнга Эккехард Массе орца дехча бен гIуллакх ца хилира сан. Цо кхеле кехат дахьийтира, суна даймахкахь кхерам лаьтта, бераш эцна, цIа яха дагахь яц иза аьлла", - дуьйцу Марьяма.

ТIаххьара шех хIусамда летча, адвокате елира иза. Эххар а талламбаро а, кхелаша а, социалан хьукматаша а хьесап дира, рогI-рогIана пхиппа де луш берашца хан яккха дена а, нанна а. Цул тIаьхьа дена арздан буьйлабелира кIентий. Карарчу хенахь Марьям тIечIагIдан хьийза, берийн дас царна тIехь шога къизаллаш лелош хилар. Дегара бакъонаш дIаяхийта гIерта иза.

Арслан

Германехь шена а, шен доьзална а политикан тховкIело яларе сатуьйсуш Нохчийчуьра Арслан ладоьгIуш Iен пхи шо зама ю.

"Меттигаш нисло, мухIажаран шен зудчуьнца дов долий, оцу сохьта йоллу инстанцеш царна тIетасалуш, - боху цо. – Дукха хан йоццуш лулахочун дов даьллера цуьнан хIусамненаца. Цо оьгIазвахначохь тIара тоьхнера зудчунна. Социалан хьукматашка цхьаммо дIахьедина хиллера цунах, ткъа вуьйш жигара схьахьаьвддера. Зудчо бакъдинера шена тохар, тIаккха берашца цхьана дIайигина, цхьанхьа лачкъйина латтийнера иза. Ши де даьлча юхаеанера и зуда шен хIусамда волчу. Цхьацца хьехарш деш, къамелаш а дина витира иза, ткъа зудчунна хьехнера, юха иштаниг далахь, хьаьнга орца деха деза. Сан лулахочо боху, тIаккхахула тухур яц ша, къамел дах ца деш, юьтур ю иза".

Кавказ.Реалиица къамел динчунна хетарехь, Оьрсийчуьра баьхкина мухIажарш мел а хала дIаоь Европан Iер-дахарх, цунна хетарехь, "бераш куьйгакIелара ца довлийтархьама" тохар нисло.

"Сайн берех ца лета со, йа сайн зудчунна а ца могуьйту ас царна тIе мохь хьекхар. Сан зудабераш шайн денанна аз айдан гIерта со чохь вацахь, цо качбина бу уьш. Берана тохар, нийса метод ца хила а тарло, амма иза шайн лаамна тIера валарна кхоьруш, тIе куьйг дахьар нисло ден-ненан", - дуьйцу Арслана.

Меттигерчийн гIиллакхех лаьцна мухIажаршна ледара дийцарна хила тарло и хьовзамаш аьлла, тешна ву Арслан: "Дай-наной цхьана курсах чекхбаха безара, царна хьоьхуш. Нагахь санна, кхузахь кхечу мехкашкара нах тIеоьцуш хилча, интеграци еш гIодан ма деза цара. Полицица муха хила веза а хьеха деза. Нагахь санна, Оьрсийчуьрчу полицица конфликташ хилла хьо кхуза веанехь, кхузахь а цхьа кIезигчу хIумана тIехула хьо лацахь, цунах боккха сингаттам ма хуьлу. Даймахкара полисхойх ведда веъначу мухIажаран ницкъахошкахьа йолу психологин юкъаметтиг дика ца хуьлу, ткъа царна моьтту иза шайна духьал ву".

"Бераш къийсар"

Германехь социалан хьукматехь болх бинчу, шен цIе яккхийта дуьхьал хилира иза, порталца къамел динчунна хетарехь, къаьсттина тIеIаткъам бо доьзалехь барт эгIарна пандемино а, локдауно а, цуьнца доьзна, бан болх цахиларо а.

"Да балхахь вац, хIунда аьлча, хIинца а бакъо ца елла цунна, ткъа нана бер дина цIахь хуьлу. Шен амале хьаьжжина, и стаг доьзал хьийзон волало. Иштта хан-зама дIайоьду мухIажаран статусе хьоьжучун. Уьш бехачу меттигах доьзна хьулу дуккха а хIума. Цхьатерра гIуллакх дIадоьдучу шиннах - цхьанна "позитиван" кехат ло, вукхунна "негативан" документ. Ас болх бечу меттигехь доьзална юкъа ца гIерта хьийзара", - дийцина къамел динчо.

Европехь оцу кепарчу гIуллакхашца болх бечу адвокато бахарехь, доьзалехь ницкъбо аьлла хетачу, халчу хьелашкахь, берийн Iуналла дечу белхахоша цхьана баттахь терго латтайо оцу билгалбаьллачу доьзална тIехь.

"МаьIна ишта ду: хьовсур ду, тидам бийр бу. Цул тIаьхьа шайн тIехь лаьттачу хьукмате дIахоуьйту, бакъ дац, бераш дикачу хьолехь ду, дегара йа ненера гIалат даьлла хилла, мила ву гал ца волуш, олий. Шайгара ледарло яларх мукIарло дан пайден дац оцу системана. Цундела, бераш кхерамехь долуш, амма кехаташ тIехь дерриг а кхачам болуш нисло. Йа дех-ненах цхьахволчо меттиг хуьйцу, ша цхьаммо тIаьхьаваьлла, лоьхуш ву олий. Социалан хьукматаша, шен дахарна кхерам болу дела дина цо иза олу. Цхьана а агIор и бакъ ду дац хаа, талла аьтто бац. Шен бераш ган луучу вукхо беттанашкахь лоьху къайлаваьлларг", - дийцина адвокато.

Масала, паргIатчу Финляндехь, мухIажарш гучубевлча, доьзалехь хуьлучу конфликташка кхечу кепара хьуьйсу социалан белхахой аьлла хета экспертна: "Со ца кхетара тоххара, дай шайн берашца цхьанакхетачу заманчохь социалан центрашкахь координатор юкъахь стенна хуьлу, нана гучуяьлча - корера жалюзеш дIа хIунда къовлу, ткъа дена тIехула цхьана ханна догIа стенна туху. Цхьана дийнахь шен хиллачу зудчунна урс хьаькхна хиллера стага, цундела иштта барамаш лелон буьйлабелла хиллера социалан белхахой кхузахь".

Кавказан мехкашкарчу зударша а, мехкарша а цхьанхьа а аьрзнаш ца до, йа доьзалера дIа а ца боьлху, цо дийцарехь: "Цхьа наггахь бен хуьлуш хIума дац иза. Цхьана тобанашца воьзна хуьлу дукха хьолахь стаг, иза ницкъе ву массо а агIор диллича а, шен уьйраш ю цуьнан, контакташ ю. Аьрха амал йолу зуда тиларчу яхна аьлла, дIакхайкхон атта ду цунна. Ткъа доьзал къовсучу тIамехь ницкъе верг тоьлу".

Дукха хьолахь зудчунна дозанаш деттарца долалуш ду хIусамехь ницкъбар аьлла, тешна ву юрист: "Цкъа цхьана нохчийн хIусамехь хьошалгIахь вара со. IиндагIаш санна суна уллохула дIаиккхира цуьнан зуда а, йоI а. Тхойша чувоьдуш хьалхаиккхира иза, шеца хьаша ву, шайн коьрта йовлакхаш тахка цаьрга дIаала. Боршачу стаге вистхилар а - цхьа доккха эхье хIума лору цара. ЙоI жима ю, Хельсинкехь дуьненчу яьлла ю иза. Чуьра арайолу иза – гонах Финлянди ю, хIусаме юхайогIу – цигахь шога дозанаш детта Нохчийчоь ю".