Вайнах махкахбаьхна 77 шо. ГIалгIайчохь - тезетан барамаш, Нохчийчохь - даздарш

Сталин Иосифан омраца 1944-чу шарахь Чиллан-беттан 23-чохь нохчий а, гIалгIай а Юккъерчу Ази дIахьовсийра, ямартлонна бехкебина. "Чечевица" цIарца йолийначу операцица 500 эзар сов стаг махках ваьккхира. 2004-чу шарахь Европерчу парламенто геноцид ду аьлла, тIечIагIдира хилла зулам.

И къемат де дагалоцуш ГIалгIайчохь кеп-кепара барамаш бу дIахьош. Коьрта акци –цу хенахь беллачийн сий деш Наьсарахь хIоттийначу "Исс бIав" мемориалан комплексна хьалха йоьду митинг ю.

Оцу акцехь дакъалецира мехкан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас а, парламентан депутаташа а, Iеламнаха а юкъараллан организацеша а, кегийрхойн боламаша а, яздо "ГIалгIайчоь" газетано. Цо дийцарехь, гулбеллачара лардора коронавирусан пандеми бахьана долуш юкъадаьхна карантинан низамаш а.

Ткъа луларчу Нохчийчохь Турслочун де даздеш хIиттийна даздарш ду. "Единая Россия" партин декъахоша кегийрхошна лерина цхьанакхетарш дIадаьхьира ОвхIанистанехь хиллачу тIамехь дакъалаьцначаьрца, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. Патриотикан иллеш а олуш, стихаш йийшира дешархоша Оьрсийчоьнан тIеман гIуллакх дечарна лерина.

2012-чу шарахь депортаци яр Чиллан-беттан 23-гIа дийнахь билгалдаккха дихкира нохчашна Кадыров Рамзана. И къоман тезетан де шен да Кадыров Ахьмад дIавоьллинчу Стигалкъекъа-беттан 10-чу дийне дIатеттира цо.

Сталинан омрица нохчий махках баьхна 76 шо дузар гуламца билгалдаьккхира Соьлжа-ГIалахь стохка а. Оцу бараман башхалла яра кху тIаьххьарчу 8 шера чохь иза дуьххьара хIоттийна хилар. Администрацера хьаькамашца а, муфтиятан белхахошаца а цхьанамитинг хIоттийра Кадыровс депортацехь беллачарна боьгIначу хIолламна хьалха. Делахь а, и доцург, кхи цхьана а тайпа тезетан денна лерина барам ца хилира я стохка а я кху шарахь а