Немцова Жанна: сан да верах йолу ойла хийцалуш ю, Iедалах хетарг хийцадаларца  

2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-хь Кремлана гена доццуш долчу тIайна тIехь буькъана тIехьашхула масийттаза тапча тоьхна вийра Немцов Борис

Ялх шо хьалха вийна волчу Немцов Борисан йоI сатесна ю, журналисташ бинча талламаш гIо дийро ду аьлла, оцу зуламах дерг дерриг а къасто

Ялх шо хьалха, Чиллан-беттан 27-хь Кремлана гена доццуш долчу тIайна тIехь буькъана тIехьашхула масийттаза тапча тоьхна вийра Оьрсийчоьнан вице-премьер хилла, ПАРНАС партин куьйгалхойх цхьаъ волу, Путин Владимиран критик Немцов Борис.

Оцу 6 шарахь Оьрсийчохь лецна чубоьхкира кхело и зулам дарна бехке лаьрра болу нах. Дуккха а политикаша а, эксперташа а, дуьненаюкъарчу вовшахтохараллаша а жамI дира, Оьрсийчоьнан Iедалша цхьа а хIума ца дина, и зулам деш и нах тIекъабина волу стаг лаха аьлла.

КХИН А ХЬАЖА: Кхел дIайирзина, амма реза цхьа а вац

Вийначу политикан йоIа, Немцова Жаннас, и бохам хилла 6 шо кхочуш дийцира «Американ аз» зорбан гIирсан Оьрсийн сервисана ша еллачу интервьюхь, оцу зуламах бакъдерг къастош бинчу керлачу талламех лаьцна. Цунна хетарехь, Немцов Борис верна юкъаозийна хила мегаш болчу нахана дуьхьал кхайкхийначу дуьненаюкъарчу санкцеша сатийсам ло и зулам дицдийр дац бохучунна. Цул сов, Немцов Брисан Фонд кхоьллинчерах цхьаъ йолчу цо хаам бира, вийначу Оьрсийчуьрчу оппозиционеран совгIат кхушара делла хиларх лаьцна Навальный Алексейна.

Данила Гальперович: Оьрсийчоьнан Iедало, ма-дарра аьлча, хьан да верца доьзна гIуллкх дIачIаьгIна лору, кхин Кадыров а ца левина, "политик верна" аьлла квалификаци хийцар а ца хилла. Кхузахь кхин хIун далур ду, хьоьга хаьттича?

Немцова Жанна: Цкъа делахь, бехктакхаман гIуллакх дIачIаьгIна дац, талламхойн тоба формалан кепара болх беш ю хIинца а. ХIинца талламан тобанна куьйгалла деш ву инарла Тутевич Николай. Ас аьллачунна юкъахь коьрта ду "формалан" дош: ма дарра аьлча, цара деш хIумма а дац, хIунда аьлча болх бан оьшуш йолу санкци йоцуш ю, ткъа и гIуллакх сацийна латтош ду.

Берриг а сатийсам боьзна бу журналисташца-талламхошца. Суна хаьа, лаххара а журналистийн ши тоба болх беш хиларх лаьцна, хиллачух лаьцна хаамаш гулбеш, оцу зуламна юкаозийна болу хIинца а вайна бевзаш боцу нах лохуш а. 2020-чу шарахь "Медиазона" сайта тIехь арахийцира боккхачу талламах лаьцна дийцар. Цуьнан авторшна юкъахь вара Маглов Михаил, хIинца вевзаш волу журналист-талламхо, ткъа оцу йоккхачу репортажехь вайна хиира масийтта мехала хIума.

Ша аьлча, вайна гира, Геремеев Руслан муха юьхь-сибат долуш стаг ву, хIунда аьлча вайна массарна а дага догIу "Новая газетехь" зорбане даьккхина цуьнан сурт. Амма и Гермеев Руслан ву, бохуш вай вийцина стаг аьттехьа а иза ца хиллера. Тахана вайна билггала хаьа, иза муха сибат долуш ву, иза къаьстира журналистийн тобано бина болх бахьана долуш. Цул сов, ма дарра аьлча, иза (Немцов вер - ред) вовшахтухаш дакъалаьцна вайна карарчу хенахь хуучулла а алсам наха, ткъа хIинца къастош ду цара и зулам деш лелийнарг.

КХИН А ХЬАЖА: Нохчийн сенаторна совгIат хIунда делла Путина?

Кхин цхьа агIо а ю оцу белхан. Суна хаарехь, цунна тIехь болх беш бу Bellingcat-ан журналисташ, ша аьлча, массарна а вевзаш волу Грозев Христо. Уьш толлуш бу "ФСБ-н дIовшдалархой" цунна (Немцов вуьйш – ред) декъа хилар. Вуьшта аьлча, болх дIахьуш бу шина агIор – иза нохчийн лар, ткъа иштта ФСБ-н лар. Суна хетарехь, дукха хан ялале вайна мелла а алсам хуур ду: и талламаш зорбане бохур хир бу, схьагарехь, гергарчу масех кIиранах.

Данила Гальперович: Ткъа хIун хаттарш дуьсуш ду оцу гIуллакхехула?

Немцова Жанна: Хьалхара, шеко а йоцуш, гуш ду, пачхьалкхо оцу зуламан политикан мотив хилар даре дийра цахилар, иза кхеташ ду. ШолгIа, нагахь журналистийн-талламхойн цхьа нах оцу юкъахь хилар тIечIагIдан аьтто балахь а, оцу нахана, шайна юкъахь Геремеев а волуш, таIзар дийр дац, иза деш ма ца хиллара талламхоша бехке леринчу, и зулам дарна юкъахь хиллачу нахана иза ца дина ма хиллара. Делахь а, вайна алсам хуур ду хилларг хIун дара, и зулам даран сурт мелла а кхоччуш хир ду.

Эххаре а, иза вейтачуьнца доьзна хаттар: ас хьалха дийцира, вайна мацца хиъна а хуур ду иза вейтанарг мила ву бохуш, амма хIинца со цунах хьалха санна тешаш яц. ХIунда? ХIунда аьлча цхьана стага иза дайтина ала, гарехь, цхьа а йозан документ дисинчух тера дац. Иштта хета суна, со нийса цахила а мега. Ас хьалха дийцара, нагахь политикан раж хийцалахь, Iедале демократин лидер вагIахь, иза, шеко а йоцуш, лаам болуш хир ву я ю, и зулам динарш схьалаха а, иза дайтинарг билгалваккха а. ХIинца суна хета, иштта сценари хилахь а, иза вейтинарг къастор йоьзна проблемаш хир ю аьлла, 100 процент тешна ялахь а, оцунна дуьхьал тоьшаллаш дало лууш болу нах инзаре дукха хир белахь а. Хаттар кхин ду – мелла теша мегар ду оцу тоьшаллех?

Данила Гальперович: Навальный Алексейца хилларг гуш, Борисца хиллачуьнга кхечу агIор хьажар-м ца кхолладелла хьан?

Немцова Жанна: ХIан-хIа. Суна хьалха хеташ хиллачух ойла чIагIъелла сан. Алексейн дIовш даларо цхьа а хIума ца хийцина суна иза верца доьзначух лаьцна а, иза хIунда хилла бохучунна мах хадорехь а.

Данила Гальперович: Ткъа муха ду маххадор? Хьуна хетарехь, Кремль хила тарлой оцунна (Немцов верна -ред)декъа?

Немцова Жанна: Хила тарло. Амма юха а, кхузахь хаттар тешорца доьзна ду, соьгахь дац иза иштта хиларан тоьшаллаш. Ткъа нагахь Оьрсийчуьрчу Iедалан коьртехь болчерах лаьцна дийцича, суна хета Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна билггала хууш хилла аьлла и зулам кечдеш хиларх лаьцна. Суна хетарехь, иза дакъалоцуш а воцуш, оцу тайпа операцеш йойла дац, Нохчийчоьнан бахархой, Нохчийчохь туп тоьхна йолу "Север" батальонехь гIуллакхдеш болу нах муххале а, дакъалоцуш а болуш. Ткъа, дера, цу тайпа хIуманашна юкъахь Кадыров а воцуш хьулийла доцу ма ду, суна хетарехь цуьнан роль мелла а шуьйра хилла.

Тхан аьтто ца белира хIокху ялх шарахь талламан тоба тешо, Кадыров леван веза бохучух. Цхьана дийнахь зорбан гIирсашкахула соьга къамел даийтира цо, Ходорковский Михаил и зулам дарна декъа хиларан, даима а санна,хьекъалдоцу верси а ялош. Нохчийчу кхайкхира цо со чай мала а, сан да дагалаца а, ткъа ас цунна жоп делира, цо санна зорбанан гIирсашкахула, иза Талламан комитете тоьшаллаш дан кхойкхуш. Амма цунна цхьаммо а ца дахьийтира повестка. Кадыровца доьзна хьал, мацца къаьстина а, къастар ду аьлла хета суна, ткъа кхин дIа хIун хир ду бохург - доккха хаттар ду.

Данила Гальперович: Адамийн бакъонаш талхочарна цара лелориг бахьана долуш билггала сакцешца таIзар дан дезаш хиларан агIонча вара Борис. "Магнитскийн акт" олу низам юкъаделира доккхачу декъана Немцов бахьана долуш. Чиллан-бутт болалуш Американ Цхьаьнатоьхначу Шатаийн Конгрессе чуделла низам доьзна ду Навальныйна дIовш даларца, амма цунна тIехь яздина ду, гIулчаш яха езаш хилар лаьцна, Немцов верна бехке болчу нехан жоьпалла къастош. Мел мехала ду Вашингтоно оцу хьокъехь деш дерг?

Немцова Жанна: Кадыров Рамзан а, Геремеев Руслан а санкцеш кхайкхийначу нахана юкъахь ву хIинцале а. Ткъа нагахь и шиъ Москварчу Американ консультве а вахана Цхьанатоьхначу Шаташка ваха виза ехча, суна хетарехь, цаьршинна иза, хIуъа хилча а лур яцара. Суна хетарехь (билггала иза ца хаьа суна), цаьршинна цхьа а финансашца доьзна гIуллакхш дац Американ территорина тIехь.

КХИН А ХЬАЖА: Песковс журналисташка: Путине хатта, Немцов вейтинарг мила ву алий

Ткъа ас хьехо санкцеш оцу нахана дIоггара лазаме яц. Уьш лазаме ю Америкехь экономикан а, финансийн а гIуллакхаш лелочу нахана. Суна луург ду санкцийн тептарна юкъатохар и зулам дина болу берриг а нах. Эвсаре хилар а дац кхузахь. Дерг ду билггала стагана дуьхьал кхайкхийна дерг вуно там боцу хIума хилар. Нагахь хьо цхьана тептарна юкъахь велахь, иза вуно томе доцуш хIума ду, цо хуьйцу вуно дукхачу нехан хьоьга хьажар. Цара иттазза ойла йир ю, хьоьца цхьаьнакхетарал хьалха. Уьш ца оьшу нах бу демократин пачхьалкхашкахь.

Данила Гальперович: Тахана дIакхайкхийна Немцов Борисан цIарах 202-гIа шеран совгIат Навальный Алексейна делла алла. Цунах лаций алахь.

Немцова Жанна: ХIинццалц оха лелийна йолу ламастан процедураш йитира оха кхушарахь. ХIинца оха сацам бира тхаьшша харжа лауреат. Навальный Алексей – вуно майра адам ду. Цхьа а шеко йоцуш, майра хиларал а сов, коррупци Iора яккхарехь а, вайн пачхьалкхехь демократин йолчух лела процедурашна дуккха а нах юкъаозорехь а мехала болх бина цо. Цо дакъалаьцна, еккъа майралла гайтина ца Iаш. Оцу шина бахьанца Алексей лауреат хилира 2021-чу шеран совгIатан.