Кремлан а, ницкъхойн а сайташ еллалуш яц. ХIун хилла?

Кремлан, министрийн кабинетан, Роскомнадзоран, Талламан комитетан, Пачхьалкхан Думин, кхин а цхьамогIа Оьрсийчоьнан Iедалан урхаллийн сайташ севцца кхаарин дийнахь болхбечуьра. Оцу хьокъехь хаамаш баржийра Оьрсийчуьрчу а, арахьарчу а интернетах пайдаоьцучара.

Сайташ лагIъялар тергалдечу Downdetector сервисах пайдаоьцучара бахарехь, галбаьлла болх Оьрсийчуьрчу провайдерех хьалхарчу могIарахь йолчу "Ростелекоман". Иза белхан гIирс бохарца дузу компанино.

Кхарин Iуьйранна ша Твиттеран болх лагIбо Оьрсийчохь, хаам баржийра Ростелекомо. "Твиттер лагIъян техникан таро йолуш ю. Цуьнан болх хIинцале а лагIбина", — дIахьедира "Интерфаксе" . Ростелекоман куьйгалхочун гIовса Субботин Вадима.

Иштта болх лагIбийр бу Оьрсийчоьнан низамаш талхочу кхечу интернет-платформашна а, билгалдаьккхира цо.

"Коммерсантъ-FM" радиостанцино шега динчу хаттарна жоп луш, Путинан пресс-секретара Песков Дмитрийс, шега сайташ еллало, аьлла.

Хьалхо цо журналисташка бохура, Кремль саготта ю The New York Times газето шен агIонашкахь бинчу хаамна: Вашингтон Оьрсийчуьрчу сервисашна кибертIелетарш доло кийча ю аларна.

Газетехь бохура, герггарчу кIиранашкахь Американ Iедало кибертохарш дийр ду Оьрсийчоьнан Iедална мехала йолчу Москварчу инфраструктурина.

Иштта бу, боху газето, дайна шо чекхдоллуш Цхьаьнатоьхначу Штатийн хьукматашна динчу тIелатарна дуьхьал кечдина жоп. Оцу тIелетаршна Оьрсийчоьнан Iедал бехкедо Вашингтоно, амма Москвахь ца дина цунна даре.

  • 2018 шарахь, Роскомнадзор Оьрсийчохь Telegram мессенджер дIакъовла йоьлча, буьйхира болх дуккха а сайтийн, сервисийн.
  • 2019 шеран бIаьста Оьрсийчохь тIеийцира пасхьалкхера интернетан сегмент дIакъийла бакъо луш долу низам. Цул тIаьхьа Iедало Iамораш дIадаьхьира интернет къовлуш, амма дуккха а гIалаташ гайтира оцу белхан жамIо.