Ламанхойн Республика: политикан эмиграци

Къилбаседа Кавказан Ламанхойн Республикан куьйгалхой

(ШолгIа дакъа. Хьалхарниг : "Ламанхойн эмиграци Европехь. Иза муха кхоллаелла?") Цхьаберш, шайна могIарчу дахарехь дан хIума ца карийча, боьлхура эскаре, масала, Арахьарчу легионца Алжирехь а, Мароккохь а, Шемахь а гIуллакхдина капитан-лейтенант Тукаев СаIид санна. 30-чу шерашкахь Къилбаседа Африкехь Францин тIеман дакъошкахь лор хилла Далгат Iабдул-Iазиз, Лионехь ваха хиина, цигарчу машенийн "Пежо" индустрин декъехь къахьегна Дербентерчу Бабаев МутIалима, Францин Духьалонехь бIаьхьо хилла хIири Бадоев Петр. Лараман легионан орденаш а елла царна.

Мамулиа Георгий: Ала деза, оцу заманахь ламанхойн эмиграци вовшашца гIеххьачул къийсалуш, политикан шина декъе екъаелла лелла, Iалашонаш цхьабосса хиллехь а.

Цхьана тобан коьртехь лаьттина массарна вевзаш волу, I9-чу бIешарахь паччахьна дуьхьаллаьттинчу имаман Шемалан кIетан воI Шемал СаIид-бей.

Чермоев Тапа, (Iабдул-Меджид), Къилбаседа Кавказан Ламанхойн Республикан хьалхара куьйгалхо, Парижерчу делегацин хьалханча

Шемал СаIид-бейн дика политик хила таро йолуш вара, хIунда аьлча, имам Шемалан цIе лелла цунна гонах. Цундела Къилбаседа эмиграцин политикан аренгахь лоруш стаг хилла иза. Муха нисделла иза? Нисделла иза Дагестанехь а, Нохчийчоьнан декъехь а большевикашна дуьхьало гIаттийна леларна – дикка еха лаьттина и болам, Гуьржийчоь цIечу эскарша яьккхина йолуш а тIехь. ТIаьххьара а, шена хила гIо доцчу хьал дирзича, дIавоьду иза Къилбаседа Кавказера Оттоманийн импере, I925-чу шарахь цуьнца зIене волу Польшин Инарла штаьан векал, полковник Шецель Тадеуш…

Вачагаев Майрбек : Шемал СаIид-бей – имама Шемалан жимха волчу Камил мухьаммадан воI. Вина Константинополехь I90I-чу шарахь.

Нахана хаьа оьшу вуьйцург I8 шо бен доцу жимстаг вуйла, Къилбаседа Кавказе дуьххьара кхаьчна хIетахь. Аьлча а, шен ден махка дуьххьара I8 шо долуш вогIу иза, амма цо дех дисина мел долу ахча гIаттаме хьажадо, дгестанхошка, нохчашка, уггар оьшучу хенахь, Къилбаседа Кавказе.

Мамулиа Георгий: Иштта ду, Шемал СаIид-бей вуно жима хилла оцу боламехь дакъалоцуш. Чов йина цунна, цхьа а тIахьало ца хилла къийсамехь гуш, I92I-чу шарахь Туркойчуь юхаваха дезна цуьнан. I925-чу шарахь Польшин Инарла Штабан векал Шецель Тадеушан векалш кхета цунах. Шецель Константинополехь Польшин тIеман атташе ву оцу хенахь, цунна тешийна хилла Польшехь Пилсудский Юзефа куьйгалла дечу Пхьармат-боламна бух биллар. Пилсмудскин кара кхоччуш Польшера Iедал деана, вайна ма-хаъара, I926-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь. Иза дагахь хилла Польшина гонах кхерамзаллин система-турс кхолла, мохк кхерамечу Сталинан пачхьалкхах Iалашбан.

Шемал СаIид-бей, имам Шемалан кIентан кIант, ламанхойн эмиграцин боламан куьйгалхойх цхьаъ

Пхьарматан концепцина юкъаэца безаш хилла Оьрсийчоьнан имеперехь Iийначу оьрсех боцчу нехан векалш, Прибалтикера дIа, Кавказе, Юккъерчу Азе кхочуш, санитаран турсаш кхуллуш хилла оцу нахах. Цуьнца а догIуш, Пхьармат-боламе эцна Украинан, аьлча а, дохийначу Украинерчу Iедалан эмиграцера ницкъаш, къилбаседа-кавказхойн маршонан бIаьхой, гуьржий, азербайджанхой, туркестанхой.

Шемал СаIид-бей жигара болх айбина лелла. Цхьаъ бен йоцчу Къалбаседа Кавказан ламанхойн политикан партин "Народная партия горцев Кавказа"("Кавказан ламанхойн халкъан парти") инарла секретарь а хилла иза. Ала догIу, цунний, Баммат Гайдарний юкъахь цхьацца къиIсамаш хиллехь а, цара вовшашца шорбеш хилла юкъара ларалуш болу болх, дийриг цхьаъ хилла.

Муха, стенгахь кхоллаелла "Кавказан ламанхойн халкъан парти"? Иза кхоллаелла Чехословакехь болчу ламанхойх.

Вачагаев Майрбек: I92I-чу шарахь Чехословакин Iедало оьрсийн эмигранташна шуьйрра гIодан сацамбина. I920-чу шарахь даймахкал арахьа нисбеллачу Оьрсийчоьнан имперехь баьхначу наханна ахчанца накъосталла дина Чехословакино, Прагех хилла Оьрсийчоьнал арахь нисъеллачу эмиграцин центрех цхьаъ. Кхузахь баьхна Цаликов Ахьмад, Байтуган Барасби, Чулике ИбрахIим, Суншев Науруз, дуккха а кхиберш, оьрсийн институтийн студенташлахь хилла ламанхой Бекович-Черкасский Эламурза, Зангиев Константин, Гульдиева, Кундухов Айтек, Магомаев Ахьмад Наби, Сидакова Хаджет, Урусбиев, Хаттогу, Вазагов, Шуманукова, кхиберш.

Цаликов Ахьмад, ламанхойн эмиграцин жигархо, политик

Мамулиа Георгий: Кхето деза, I92I-25 шерашкахь Чехословакера ламанхойн эмиграци хилла яц большевизмца сов къовсаелла, гарехь, Чехословакин Iедалан позицин ларамбан безаш хилла цуьнан, ламанхоша цигахь арахеца долийначу журналийн коьрта хатI ду синбахамаллца доьзна.

Вачагаев Майрбек : Адаптаци хилла иза, суна хетарехь, стенна тIера, муха долон деза тергоеш.

Мамулиа Георгий: ХIаъ, цундела кхоьллина хилла къилбаседа-кавказхой гIеххьа йоккха колони. I925-чу шарахь польшахойн гIоьнца Шемал СаIид-бей Чехословаке воьду, Прагерчу ламанхой гоне а узий, болам кхуллу - "Кавказан ламанхойн халкъан парти". Билгалдаккха деза, Прагехь карайо цунна ламанхойн интеллигенци, цо дIалоцу партин исторехь коьрта дакъа, вайна хаьа партино шен журнал хиллийла арахьоьцуш – "Кавказан ламанхой", тIаьхьо - "Къилбаседа Кавказ". ЦIераш хуьллу цо хуьйцуш, амма иза яздийраш Прагера цхьа авторш хилла.

Вачагаев Майрбек: Дукхахболу къалбаседа-кавказхой дIатарбина хилла Чехерчу Брно гIалахь, Австрин дозанна гергахь, Словакина уллехь. Бакъду, цигахь ледарчу хьолехь Iийна уьш, ур-атталла, эшча, Праге кхача а хьал доцуш. Прагехь ваха сецна ца хилла цхьа Цаликов Ахьмад бен, ткъа кхиболу ламахой Брнохь кхаьбна. Байтугана, Чуликовс Брно гIалара Праге цIерпоштан билет эца ахча кест-кеста лахар доьхуш хилла Цаликовга – беза хилла царна и некъ а. Деса куьйгаш лаьцна, сихонехь даймахкара арабовла дезна нах бу уьш.

Баммат Гайдар, Ламанхойн Республикан арахьарчу гIуллакхийн министр

Мамулиа Георгий: Ду, иштта ду, эмигрантийн тобанашкара гулбина Шемал СаIид-бейс шен "Кавказан ламанхойн халкъан партина" декъашхой. I926 шарахь доладо тоъал дикачу кехат тIехь а, полиграфин бшхалла а йолу "Горцы Кавказа" ("Кавказан ламанхой") журнал арахеца. I939 шарралц арадуьйлу и журнал цхьацца керла-керла цIе а йолуш. I933 шарахь хийцало цуьнан цIе "Северный Кавказ" ("Къилбаседа Кавказ"), амма маьIна дуьсу изза.

Оцу муьрехь хаалуш бу Шемалан тобананий, Парижехь хиллачу Баммат Гайдаран агIонний юкъара къийсамаш. Стенна лаьттина уьш? Лаьттина оцу нехан беэкграунд тайп-тайпана хиларна: Баммат Гайдар интеллектуал, масийтта арахьара меттанаш а хууш, лаккхара корматалла йолу дипломат хиллехь, СаIид-бей дахаро вина баьчча хилла. Иза Европе вале виллина Туркойчохь ваьхна, Кемалан Iедало лоруш ца хиллехь а цуьнан болам, аьтто баьлла цуьнан Къилбаседа Кавказца I930-чу шерашкахь а тIехь юкъарло лело а, шен парти латто а.

Баммат Гайдаран политика кхин хилла: ша I9I8-I9I9 шерашкахь яьхначу Къилбаседа Кавказан Республикан Iедалехь лелла, цул тIаьхьа Къилбаседа Кавказан тIеман кхеташонехь Iийна, хьаькамалла лелийна дуккха а, цундела эмиграцин политикан боламехь ша хила веза лидер, бохуш хилла цо.

Вачагаев Майрбек : Хаа ду цхьа хIума а, Баммат Гайдар Париже дIавахча, цигахь цунах дIакхетта Аварский Ахьмад, Далгат Iабдул-Iазиз. Аьлча а, ца хилла-кх къаьмнаш къестош, "вайшиъ Дагестанера ву, нохчашна, гIебартошна дуьхьалхIитта вай" ца баьхна. Ламанхой шайлахь къаьмнаш къестош ца лелла эмиграцехь, мелхо а, оьрсийн мотт вовшашца бийца муьлхачу маттах хийца беза, гIумкийн я чергазийн, дицаре диллина а лелла. Къаьмнийн башхаллаш ца йийццал оьзда, цIахь а санна, хьекъале политикаш уьш хилла хилар тов суна.

Мамулиа Георгий: Суна хетарехь Къилбаседа Кавказ цхьа мохк а лоруш, къаьмнийн башхаллаш лоьруш цахилар, царна цхьабосса Къилбаседа Кавказах йозуш йоцу пачхьалкх ян лаар, кхетам массо а бахархойн цхьаъ бан гIиртина хилар бу оцу политикийн коьрта мах.

Кхузахь ала деза, Пхьармат-боламна а, Варшаверчу ламанхойн жигархошна а тIекарло еш хилла. Туркойчохь, цигара Iедал резадоцуш хьежнехь а, арахьоьцучу "Прометей", "Горцы Кавказа", "Северный Кавказ" журналийн агIонашкахь ламанхойн политикаша дерриг а лелийна Къилбаседа Кавказ цхьаалле кхачон гIерташ, и проблема коьртаниг хилар а кхетош.

Вачагаев Майрбек:

Варшава. Цигахь хIоттало Шемал СаIид-бей коьртехь волу, парижерчу гонна дуьхьаллаьтта центр. Ткъа Парижехь политикан болх 20-30 шарахь дIалелийна Баммат Гайдара. СаIид-бейна гонах гулло Варшавехь Байтуган Барасби а, Чулик ИбрахIим а, Кадзата Коста а, дуккха а кхиберш – аьлча а, Прагехь хилла дакъа. Амма Чехословакин коьртера президент Масарик дIаваьлча, хийцало оцу пачхьалкхехь ламанхойн политикашца йолу юкъаметтигаш, цундела кавказхой дIасабоьлху Варшаве, Берлине, докхах дакъа – Париже.

Мамулиа Георгий: Ала догIу, эмиграцехь кавказхоша шайн цIахь далуш доцург дина: къилбаседа-кавказхой а, Кавказан лаьмнел дехьара гуьржий а, азербайджанхой а вуно бертахь хилла Европерчу эмиграцехь. Хьажча, наггахь а ца карадо Къаьмнийн Лиге я кхечу политикан хьукматашка кавыказхоша яздеш хиллачу кехаташлахь, меморандумашлахь деккъа шаьш гуьржаша, я азербайджанхоша, я къилбаседа-кавказхоша яздина – куьйгаш яздеш хилла цара массара а. Оцо гойту эмиграцехь кавказхойн юкъара идеологи кхоллаелла хиллийла, юкъара менталитет кхиина хиллийла, юкъахь царна барт леллийла.

Тоаме ду хIара дагалаьцча а: I930-чу шерашкахь Стигалкъекъа-беттан 28-чохь эмиграцерчу кавказхоша шайн маршо кхайкхийна де даздезеш хилла. Ткъа ламанхоша маршо кхайкхийна бакъдолу де ду оцу беттан II-гIаниг, гуьржаша а, азербайджанхоша а, эрмалойн декъо а – Стигалкъекъа-беттан 26-чохь. Эмиграцехь цара массара а хаьржина и даздарш дIадаьхьа цхьа де - Стигалкъекъа-беттан 28-гIаниг. (Чаккхе хир ю).