Европан адамийн бакъонехула йолчу кхело Оьрсийчоь декхарейина Дагестанехь вийначу шина вешин дена 120 000 евро дала

Европан адамийн бакънашкахула йолчу кхело (ECHR) Оьрсийчоь декхарейина 120 эзар евро дала (10 миллион сов сом) Дагестанехь вийначу шина вешин-жаIуйн ГасангусейновгIеран дена. Уьш байъира 2016-чу шарахь, полисхоша даржийра, шаьш террорхой хIаллакбина аьлла, амма гергарчара кхелехула юхаяккхийтира и ирча цIе - реабилитаци яйтира. ХIинца цара тIедожадо Iедална кегий нах байъинарш кхеле озор.

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамо билгалдоккху Оьрсийчоьнан Iедало шина вешин ваха йолу бакъо йохийна хилар. Компенсаци яларал совнаха, Оьрсийчоь декхарейина Страсбурго бехктакхаман гIуллакхан массо а материалашна гергарнаш тIекхачийта.

КХИН А ХЬАЖА: "Тхо къен, миска нах ду, цундела хIаллакдина тхан бераш"

"Европан кхело ( European Court of Human Rights) бинчу къастамо боху, ши ваша карахь герз а, патармаш а долуш хьуьнхахь хилла бохуш чIагIдар харцо ю, аьшпаш бу. Ас дашадоуьйту, берийн догIмаш тIехь карийна чевнашший, церан духарх герзо даьхна Iуьргашший цхьаьна нислуш дац", – аьлла, комментари елла "Новая газетина" бакъоларъечу "Мемориал" центран куьйгалхочо Орлов Олега ("Мемориал" арахьара агент лору Оьрсийчоьнан Iедал, амма "Мемориал" къера ца хилла – редакцин билгалдаккхар).

  • Байъинчу вежарийн-жаIуйн да Гасангусенов Муртазали кест-кеста волу ХIинжа-ГIалахь цхьалхачу пикете, цо декхере лору Iедал шен ши кIант вер талла а, зуламхошна таIзар дан.
  • ДIадахна шо довш Дагестанан куьйгалхо Меликов Сергей цхьаьнакхийтира Гасангусейновца, дош делира бехке воцу ши ваша-жаIу вийнарш жоьпе озорехь "далург дерриг а" дан.