Блогерна Абдурахманов Тумсона тIелеташ гIодинчу зудчунна тоьхна хан яцйина. ТIелатархочунна - яхйина

Швецин аппеляцин кхело яцйина нохчийн оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона тIелеттачунна гIодинчу зудчунна набахтехь такха тоьхна хан.

Кавказ.Реалиин хьостано, хан тоьхна йолчу Шапиаева Эльмира уллера евзачу стага бинчу хаамца, "стаг вен гIоьрташ аьтто барна" цIе йолу бехк хийцина тIазар лахара кхачочу "бехк базлучу хьолехь тIелатар дан аьтто барна" олучу бехкаца. Оцу бахьаница кхело набахтехь такха тоьхна 8 шо охьадаьккхина 1,5 шаре.

Хьалхарчу инстанцино бинчу сацамо бохура, Абдурахмановна тIелатар динчарна тIехьа алссам таронаш йолу ницкъ лаьтта – нийсса дIа ца аьллехь а, Нохчийчуьрчу Iедалан агIор беш къастам бара иза - амма хIинца и сацам юхабаьккхина.

Оцу юкъанна тIелеттачу Мамаев Русланна набахтехь даккха тоьхна хилла 10 шо лакхадаьккхина 12 шаре.

Your browser doesn’t support HTML5

Абдурахманов Тумсо: "Польшин Iедал кийча ду со Оьрсийчоьне хIаллаквайта"

Абдурахманов Тумсона тIелетира стохка Чиллан-баттахь. Иза шен цIахь вара, цуьнан хIусам чу а кхаьчна, тIелеттачо коьртах жIов тоьхча. Блогеран аьтто баьллера зуламхо сацо а, цуьнгара жIов дIаяккха а, полици кхайкха а.

Хьалхарчу кхело 2021-чу шеран Дечкен-баттахь бинера сацам. Хенаш тоьхнарш бу Оьрсийчоьнан бахархой. Швецин прокуратуро Абдурахмановна тIелатар дуьйзира цо таханлерачу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дена Кадыров Ахьмадна критика ярца.

Your browser doesn’t support HTML5

Тумсо Абдурахманов: Со лаьцна ву

Кхел йоьдуш билгалделира тIелатар хьалххе кечдина хилар. Цхьаьнакхетарш оцу Iалашонца дIадаьхьна хилла Соьлжа-ГIалахь а, Москвахь а. Оцу гIуллакхна машен эцна Литувахь, иза кхаьчна Швеце. Шена Мамаевна стаг вуьйриг лур ду баьхна 60 эзар евро. Амма билгалбаханза бисина киллер Швеце хьажйина нах.

Кхело ша набахте хьийсийначу Мамаевна а, Шапиаевана а тIедожийра шаьш лазийначунна 140 Швецин крона компенсаци ялар (1,3 млн сом гергга). Хенаш текхна бевлча, депортаци йийр ю тутмакхашна, юхабахка а доьхкуш.

КХИН А ХЬАЖА: Блогерна Абдурахмановна дина тIелатар листина бевлла кхелахой

И кхел чекхъялла а йолуш, Абдурахмановн Германехь вехачу вешина Мохьаммадна ян кечйина а хиллера кIело. Цо ша дийцарехь, иза вер тIедиллина хилла Кадыров Рамзанан шича ву олучу Эдельгериев Паруддина. Германин криминалан полици ю и хилам толлуш.

  • 2020-чу шарахь Кадыров Рамзанна критика ярна кIело йинчу кхааннах ву Абдурахманов Тумсо, ша цхьаъ ву царех дийна висинарг. Стохка аьхка вийра Австрехь веха блогер Умаров Мамихан ("Венера Анзор"). Цул масех бутт хьалха Францехь урс диттина вийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун критик Алиев Iимран ("Мансур Старый").