Магасехь дIаяьхьначу митингашна тIехула лаьцначу Саутиева Зарифин могушалла эшна йогIу, эндокринолог-лор оьшу цунна аьлла, хаам бо цуьнан адвоката Дзугаев Билана.
"СИЗО лор-эндокринолог кхайкхале хьалха оьшу анализаш ян еза. Талламан изоляторерчу хьелашкахь оцу кепара тесташ йойла дац. Цундела СИЗО-н белхахоша цуьнан гергарчарна бакъо елла анализаш оьцу пробиркаш чуяла. ЖамIаш хиъначул тIаьхьа таро хир ю лор тIевало", - аьлла, дIахьедина Дзугаевс "Кавказский узел" гIирсе.
Изоляторан белхахошкара цхьана а кепара дуьхьало а яц, иштта таро ца ло ахчанех цуьнан могушалла зен а. Процесс дIаяхъелла бюрократин кеп-кепарчу дагадийларшна тIехула аьлла, билгалдаьккхина адвоката.
"Цкъачунна гергарчара чуделла а, иза лацале хьалха лоьраша яздина хилла а молханаш моьлуш, схьайогIуш ю Зарифа. ХIетахь дуьйна ши шо хан яьлла, тIехула тIе стресс а хилла цунна, цкъа цIахь йита маьрша а яьккхина, цул тIаьхьа ялх де даьлча, юха а СИЗО юхаялаярна", -аьлла, тIетоьхна Дзугаевс.
Кисловодскан кхело ша Ессентуки гIалахь дов хоттучу нахах цхьаъ – Саутиева Зарифа - лаьцначуьра дIахецна, цIахь латточу хьесапе яьккхира. Амма прокуратуро и сацам латкъаме а баьккхина, хийцийтира Ставропол-мехкан Лакхарчу кхеле, ткъа 16-чохь Саутиева изоляторе дIайигира юха а.
Ставрополехь тIеэцначу сацамна резабоцчу Саутиева Зарифин накъосташа, иза а санна, шайна тIехь ечу кхеле ийзийна, изоляторехь латточу гIалгIайн лидерша мацалла кхайкхийра, севцца шайга хоттучу девнан процессехь дакъалоцучуьра. Оцу хьокъехь фейсбукехула хаам баржийра адвоката Дзугаев Билана.
Муфтиятан а, ГIалгIайчуьрчу тайпанийн Кхеташонан а дехаршца, хьалхо кхайкхийна хилла мацалла хьегар сацийра экстремизмана бехкебинчу гIалгIайн жигархоша.
- Саутиева Зарифа Нохчийчоьнца къастийна доза ниса дац, аьлла, Магасехь лурчах протесте бевллачу нахах ю. Иза лецира 2019 шеран Товбецан-беттан 12-чохь.
- Эстремистийн гонехь хиларна а, Iедалхошна дуьхьалоярна а бехке ийзайо иза. 48 стаг вара лаьцна, царех 30-нна дина таIзар.
- Саутиева "Зарифа а, кхеле ийзийна кхиберш а "Мемориал" центро политикан тутмакхаш лору. (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина "арахьарчу агентийн" статусе,"Мемориал" реза ца хилла цуьнца).