Нохчийчохь нах байъар талла ца туьгучарна дуьхьал арз хьажийна

Талламан комитетан Къилбаседа Кавказерчу коьртачу урхалле арз хьажийна, Нохчийчохь 2017-чу шеран Дечкен-беттан 26-чу буса 27 стаг лачкъор а, вер а толлуш, бехктакхаман гIуллакх цагIатторна дуьхьал.

Шен орзехь адвоката Немов Александра тидам тIебохуьйту оцу ирчачу хиламца дозу керла хьал гучудаларна. Иза ду "Новая газетехула" Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкехь полицин гIаролан №2 ханехь болх бинчу Гезмахмаев Сулимана дина тоьшалла. Цо ша еллачу интервьюхь дийцина лецначу нахана тIехь гIелонаш ярх лаьцна.

КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчохь нах байъар Iорадаьккхинчул тIаьхьа Кадыровн полко Путине арз дина

Бехкталламан гIуллакх айдар зуьйш дIабаьхьина болх кIезиг а, озабезам беш а, низам талхош а бина, билгалдоккху Немовс.

Бехктакхаман гIуллакх цаайдарх болу сацам тIеэцна 2018-чу шеран Чиллан-баттахь. Бакъоларъяран цхьаьнакхетараллаш дуккхаза а гIиртина цул тIаьхьа и сацам кхелашка юхабаккхийта, амма аьтто ца баьлла.

Адвоката Немов Александра болх бо бакъоларъяран "Мемориал" центрца (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн статусе яьккхина "Мемориал", амма "Мемориало" тIе ца иза - ред.).

  • "Новая газетан" хаамашца, 2016-2017-чу а шерашкахь Нохчийчохь лецна хилла иттаннашкахь меттигера бахархой байъина Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан ларми чохь. Тоьшалаш далийна журналисташа, полкехь полисхо лаьттинчу, лецначийн ха деш хиллачу Гезмахмаев Сулиманца йина интервью.
  • Газето информаци Iораяьккхинчул тIаьхьа царна дуьхьал информацин кампани йолийра Нохчийчоьнан Iедалхоша.
    Беттан 18-чохь мехкан коьртачу шахьарахь дIахIиттийра Кадыров Ахьмадан полкан полисхой. Царех цхьаммо Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире дIахьедира, шаьш журналисташна таIзар дийр ду аьлла.
  • Нагахь санна, газето дуьйцург харц делахь, кхеле довла аьалла, хьехар дира Кремло, шайга бинчу латкъамна дуьхьал.
  • Европан Кхеташонан адамийн бакъонашкахула йолчу комиссара Миятович Дуняс Оьрсийчоь декхарейина "сихонца, озабезам боцуш, йозуш йоцчу кепехь талла" Нохчийчохь, кхел а йоцуш, нах хIаллакбарх лаьцна "Новая газето" яржийна информаци. Журналисташа бина хаам "дегIе зуздоуьйтуш " бу, аьлла Миятовича.