ГIалгIайчуьрчу Iеламчаша бахарехь, криптовалюта хьарам ду бусалбанашна

Криптовалютица лелош йолчу финансийн операцешна саготта бу ГIалгIайчуьра Iеламнах.

"Леррина гIуллакх зийча, хуучаьрца дагабевлча, гулбелларш баьхкина цхьана ойлане – бусалба стаганна хьарам ду и санна дерг", - дIахьедина ГIалгIайчоьнан Iеламчийн кхеташонан векала.

КХИН А ХЬАЖА: Тоькан майнинг-къоланаш гучудаьхна Къилбаседа Кавказехь 230 миллион соьмана

Массо а криптовалютица йоьзна операцеш ю юьйцурш.

  • Майнинг – иза криптовалюта даккхар ду. Цунах урхалла деш цхьа а меттиг яцаре терра, биткоинаш я кхидолу криптовалюта даккха йиш ю хьеннан а. Шайн гIирс майнерша латтабо трансакцийн маша кхобуш, цунах ло царна криптовалюта. Цара ен харж йозу еза техника эцарца а, алссам ток ягорца а.
  • 2019-чу шеран гурахь яздора майнинг лелош ГIалгIайчуьрчу цхьана вахархочо "МРСК Северного Кавказа" фирмин ("Россети" компанин дакъа) 130 миллион соьманна ток лачкъорах лаьцна.