Алтай Республикехь 38 шо долчу нанна кхело таIзар кхачийна цо шен йоI етташ лелорна. ЙоI дIаяьккхина доьзалера.
Талламчашна билгалдаьлла нанас, бусалба динца ма-доггIу ца леларна, 12 шо долчу беранна етташ хилла хилар. Мачаш юху аьчка Iайг, аннаш дуьлу аьчка гIирс, хIуманаш тIеухкург тухуш хилла йоIанна кест-кеста, яздо меттигерчу "Алт.КП" газето.
КХИН А ХЬАЖА: Карантин а, хIусамехь ницкъбар а: дукха хир буй-те бала хьоьгурш?Ша хьийзор, еттар лан а ца делла, цIера едда йоI, дIадийцина дерриг а лулахошка, ткъа цара полици кхайкхина.
Ломан Алтайн кхело бехкейина нана бер гIелонехь кхабарна а, кхиазхо ма-оьшшу цалелорна а. Цунна кхо шо, цхьа бутт кхайкхийна хан цIахь йоккхучу кепехь такха, полицино зуьйш хир ю иза шина шарахь. Сацам низаме бирзина.
- Хьалхо хаамаш баьржира ГIалгIайчохь 2019-чу шарахь ворхI шо долу Ажигова Iайша заьIап ярх лаьцна. Несарарчу дарбан цIийне йиллира иза, дегIа тIе цIе Iиттина а, межеш лазийна а ларш, гангрена а йолуш. Москварчу Рошаль Леонидан берийн хирургин институте кхачийра йоI, дIадаккха дийзира аьтту куьг.