Краснодарехь лецна Навальныйн штабера массо а. Ша "талламбеш" ю аьлла полицино

Оппозиционеран Навальный Алексейн Краснодарерчу штабан белхахой лецна, уьш кхечу гIалара репортаж яккха шайн машенахь боьлхучу юкъанна. ДIабигина Краснодарерчу полицин урхалле.

Кавказ.Реалиигахь йолчу информацица, Охан-беттан 14-чохь некъан инспекцино сацийна машен, оппозиционераш лецнарг ву полицин капитан Голубев Виктор. Цо хIоттийра хьалхо штабан координаторна Панченко Анастасияна "ламастехь йоцчу боршачу нехан-зударийн юкъаметтигашна пропаганда ярна" протокол, тохийтира 50 эзар сом гIуда.

КХИН А ХЬАЖА: Reuters: Гуламхошца кхин а къиза хила кийча ю Кремль

Панченкос хаийтина редакцига, ша а, шен накъостий а полисхоша "талламаш бан" лецна боху, аьлла. Иза а, цуьнан гIовс а полице дуьгуш дара цо Кавказ.Реалиица къамел дечу муьрехь, шаьш цига ца долхахь, низам латточу урхаллин белхахоша аьлларг цадинарш дийр ду шайх, бохура Панченкос.

КХИН А ХЬАЖА: Мотт хууш а воцчунна гIуда тоьхна гуламехь лозунгаш кхайкхорна

Цо дийцарехь, штабан белхахой лецар тершалдеш ву адвокат Вертегель Феликс.

  • Шеран юьххьехь Навальныйгахьа протестан акцеш хIиттийра бахархоша Оьрсийчоьнан къилберчу гIаланашкахь – Краснодарехь, Ейскехь, Анапехь, Сочехь, Новроссийскехь, Армавирехь, ХIинжа-ГIалахь, Пятигорскехь, Ставрополехь. Иттаннашкахь а, бIеннашкахь а бара протестан акцийн декъашхой. Полицино шогга дуьхьалойира царна, лийцира дукхахберш.
  • Дечкен-беттан 23-чохь а, 31-чохь а урамашка бовларна наханна 256 административан протокол хIоттийра полицино, бехкебира декъашхой "алссам адамаш гулдечу барамна магош йолу кепаш талхорна". Стохка а, лурчах а хIитийначу протоколашца дуьстича, шозза дукха ду и терахь.