Телеграмехь видео араяьлла, Францера депортаци йинчул тIаьхьа лаьцна, Нохчийчу дIавигина Гадаев Мохьмад гойтуш. Иза яьккхина, лаьцнарг могуш ву, цунна даймахкахь цхьа а кхерам бац алархьама.
Гойтуш воцчу стага ламеш тIехь йоккху видео, Гадаев шена цIеххьана гина кеп а хIоттош. Диалог иштта ю:
- Мохьмад, хьо вац иза? Хьо вайна, дIавигина, вийна бохуш ма дуьйцу.
- Цкъачунна вайна вац, дийна ву.
- Хаац, хьо кара ца во, вайна, стенгахь ву ца хаьа бохуш ду-кх дуьйцуш. Хьо Гадаев Мохьмад ма ву, вуй? Дийна вуй хьо?
- Ву, дийна ву.
- Хьуна йиттиний, хьийзийний?
- Дика ду дерриг а.
Гадаевна юридикан гIо кховдийначу адвоката Цветков Семена Кавказ,Реалиига дийцира, шена кхаарин дийнахь, Охан-беттан 14-чохь, Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанан кIоштан полицехь иза гина аьлла. Цо бахарехь, дегIа тIехь гуш цхьа а лар ца хилла цунна гIело йина ала. Амма Гадаевс кехат чуделла, шена Цветковгара накъосталла ца оьшу, аьлла.
КХИН А ХЬАЖА: Францино депортаци йинчу Гадаев ненан цIийнах хьаьвсина Нохчийчуьра ницкъхойБельгехь ехачу Гадаев Мохьмадан зудчунна Гадаева ПетIаматна спектакль ю аьлла хета яьккхина видео: "Гуш ду цуьнгара хьал оцу видеоца, бIаьргаша гойту дерриг а. Иза тхуна вевза Мохьмад вац" – аьлла цо.
Дагадоуьйту лелларг: 2010-чу шарахь Оьрсийчуьра дIавахна Гадаев, хьалхо иза талламчаша тоьшалле озийна хилла стаг лачкъорца доьзна айдинчу гIуллакхехь (и бехктакхаман гIуллакх хIинца а дац теллина даьлла). ХIетахь Гадаев лачкъа а вина, ницкъхойн декъа тIехь латтийна, цигара араваьлча, Европе дIавахна иза.
- Хьалхо хаам баьржира, Гадаев Нохчийчоьнан Хьалха-Мартанан кIоштан полицехь ву аьлла.
- Охан-беттан 13-чохь Гадаев ненан цIийнах хьавсина, тхов тIехь карийна боху маса-топ.
- Охан-беттан 9-чохь Францино депортаци йира Гадаевна. ДIахьажо кечвеш, иза кхебира цигарчу депортацин лагерехь, ша цIа хьажош хиларна протесте а ваьлла, шен гай цистира цо.