Оьрсийчу юха воьдучул а Францехь валар гIоле хийтира 37 шо долчу нохчийн мухIажарна, юкъаралхочунна Гадаев Мохьмадна. Нохчийн ницкъахоша къизаллаш лелийна хиларх толлучу гIуллакхан коьрта теш хиларе терра, иза кхоьрура даймахкахь ша лацарна а, шена бекхам бан арабевллачу полисхойн карах валарна а.
КХИН А ХЬАЖА: "Оьрсийчу юхавоьдучул а валар гIоле ду". (1-ра дакъа)Цуьнан дахарна кхерам лаьтта Оьрсийчохь аьлла, сацам бира францхойн кхелахоша а, делахь а, Охан-беттан 9-чохь Iуьйранна Москва доьдучу кеманца дIахьажийра иза, шен чевнашца. Де хьалха депопртацин набахтехь ша цIа хьажош хиларна протесте а ваьлла, шен гай цистира цо.
Шереметьево аэропортехь Гадаев ларвеш бацара лоьраш, цуьнга сатуьйсуш хиллера къайлахчу сервисийн белхахой. 12 сахьтехь лаьцна латтийнера цара иза, "Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллаца бина ишта барт бу" аьлла.
КХИН А ХЬАЖА: Гадаев:"Оьрсийчу юхавоьдучул а валар гIоле ду". (2-гIа дакъа)Гадаев церан карара ваккха аьтто белира "Мемориалан" (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн статусе яьккхина "Мемориал", амма "Мемориало" тIе ца иза - ред.), "Iазапашна дуьхьал йолчу Комитетан" а бакъоларъярхойн. Керла Уренгойхь вехачу ваша волчу дехьаваьккхира цара Гадаев, бакъду, оцу тIехь а ца дирзира цуьнан гIуллакх: меттигерчу полицино Нохчийчуьра иза лаца бахкинчу ницкъахошка дIавелира Гадаев.
Шина дийнахь хууш дацара иза латточу меттигах а, цуьнан кхолламах а. Охан-беттан 13-чохь хааме даьккхира, нохчийн полисхоша ТIехьа-Мартанарчу Закан-Юьртахь ехачу нанна гайта а гайтина, ала дашна, де хьалха цуьнан цIийнах хьоьвсинчу полисхошна "автомат карийра". Нанна дош деллера, цуьнан кIантана зуламе хIуммаъ дийр дац шаьш аьлла, аамма цул тIаьхьа Хьалха-Мартанарчу полицин декъе дIавигинера иза.
ШолгIачу дийнахь социалан машанашкахь ролик яржийра, шаьш хIоттийначу "спектаклан". Ламеш тIехула хьалаволучу Гадаевна дуьхьалкхетта иза вевзарг, цецвуьйлу, "цунна йиттина а, тIехь ницкъ бина а ца хиларна".
Бакъду, цуьнан гергарнаш ца тийшира оцу суьртах. Бельгехь цунна сагатдечу хIусамнанас ПIетамата бахарехь, "бIаьргаша дуьйцу дерриг а".
Гадаевн интересаш Iалашъеш вара Оьрсийчохь адвокат Цветков Семен.
Керлачу Уренгойхь полисхойн буйнара иза ваккха хьийзира иза, цул тIаьхьа Нохчийчохь лийхира цо иза. Ша Гадаев лехарх а, муьлхачу бахьанашца ша адвокат волчуьра цо дIатеттина а дийцира Цветковс Кавказ.Реалиин корреспонденте.
- Нохчийчоьнан бакъоларъяран органашкахь лийхира ас Гадаев. Юьхьанца Соьлжа-ГIалахь, цул тIаьхьа Хьалха-Мартанан кIоштахь. ТIаьхьо къаьстира суна, иза ТIехьа-Мартанахь хиларх. Соьгара гIо ца оьшу шена аьлла, суна а гуш, кехатна куьйг яздира цо. Доцца хилира тхошинна цхьанакхетар, цхьа маса хилира дерриг а. Оцу мIаьргонера схьа дуьйна юридикехь сан бакъо яц иза Iалашван.
- Гадаевна етта, йа цунна тIехь къизаллаш лелайо аьлла хетта шеконаш бакъ хилирий?
"Соьца къамел дан а дуьхьал хилира иза. Бахьанаш ца дийцира цо. Цундела сан бакъо яцара цуьнан материалаш йовза
– Цхьана а кепара цунна йиттина аьлла, тIехула гуш хIума дацара. Полицин белхахой а гIиллакхехь бара соьца. Ша Мохьмадца къамел дан пурба делира цара суна, кхечу кабинет чу дехьа а ваьлла.
Амма соьца къамел дан а реза вацара иза. Бахьанаш ца дийцира цо. Цундела сан бакъо яцара цуьнан материалийн документаш листа. Йа цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх делларх буьйр а ца гира суна, йа цо дина тоьшаллаш а ца гира.
- Гадаевна Iаткъам а бина, цо хьо дIатеттина олийла дуй? ХIинццалц шуьшинна юкъахь цакхетамаш хилла ма бацара.
- Гадаевс суна дуьхьало еш куьг яздина сайга аьллехь - шеконаш хила тарлора сан, амма суна ган а гуш ма яздира Мохьмада кехат. Нагахь санна, цхьа бахьана цо дийцинехь, масала, шена Iаткъам бина цо аьллехь, тIехьожучу органе вер ма вара со. Амма цо ша куьйг таIийра. Низамашкахь декхаре вац иза, мича бахьанашна дIатеттина дийца. Цул тIаьхьа полицин декъехь висса суна цхьа а бух бацара. Гадаевн адвокат хIинца мила ву, суна хууш дац.
- Гадаевн гергарнаш хьоьца зIенехь буй?
- Шинарин а, кхаарин а деношкахь (Охан-беттан 13-чохь а, 14-чохь а) хаамаш гулбеш вара со, цуьнан доьзалца къамел дан аьтто ца белира сан.
- Юхадоьрзур вай Керла Уренгойн хиламашка. Муха дIавигира иза нохчийн полисхоша?
- Суна а, Керла Уренгойн полисхошна а хьалха хилира и дерриг а цхьана секундашкахь. Цхьа ши стаг гучувелира урамехь, полисхойн барзакъ дацара царна тIехь, амма меттигерчу полицин белхахошна хууш дара, уьш муьлш бу. Хьалхо Керла Уренгойн полицин белхахочо урхалла деш хиллачу машенчу Гадаев хиъначул тIаьахьа, цхьана вевзаш воцчу стага нуьцкъаша дIатеттира со машенна уллора. Цул тIаьхьа дIабахара уьш Гадаев а эцна. Оцу нахе ас кехаташ хаьттира, шаьш довзийта а элира, Гадаев лаца бахьанаш тIеяздина кехаташ гайта а элира. Цара шаьш муьлш ду а ца хаийтира, йа церан машенна тIехь цхьана а кепара къастаман билгалонаш а яцара. Цул тIаьхьа Керла Уренгойн полицин декъе а, Талламан комитете а, прокуратуре а вахара со. Оцу хиллачух талламабар тIедожийра ас Керла Уренгойн чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан декъана а, Талламан комитетна а, амма хIинца а жоп деана дац цаьргара.
- Оцу гIуллакх тIехь кхин дIа а болх бан дагахь вуй хьо?
- Со кийча ву, амма юридикехь бакъо яц сан Гадаевн интересаш Iалашъян, халахеташ делахь а, йиш яц сан.
***
ТIехьа-Мартанарчу полицин декъехь Гадаевн дегIа тIехь ницкъбина ларраш адвокатна ца гинехь а, цунна тIехь Iазап ца лелийна олийла дац. Бакъоларъярхойн терго хилла, Оьрсийчохь полисхоша лецнарш хьийзош цхьа методаш хиларх, тIехь гуш чов а ца юьтуш. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто Зазадокху-баттахь арахецначу рапортехь билгалдаккхарехь, уггар а Оьрсийчуьрчу ницкъахошна дезаделлачу Iазапашлахь ду - электрошок, садукъор, дIасаийзор, кӀозйохургашна а, хоттаргашна а ницкъ бар.