Венехь кхо бIе сов стага декхаредира Iедал мухIажирш махкахбахар сацо а, 38 шо долу нохчо-боксер Хациев Iела Австрерчу набахтехь валар талла а.
"Ичкерин синбахамаллин центро" мэрин пурбанца хIоттийначу акцин декъашхой Охан-беттан 16-чу дийнан сарахь хилира талламан набахтина а (дукха хьолехь цига кхачабо лоьцучу хенахь Нохчийчуьра схьабевлла мухIажараш), пачхьалкхан юстицин министраллина а хьалха. Демонстраци тергалъеш лаьттира полици. Гулбеллачара "Iелица нийсо е" бохура шаьш бечу кхайкхамашкахь.
КХИН А ХЬАЖА: "Юхабоьдуш боцу некъ". Иттаннаш нохчий арабохуш бу АвстрераАвстрин хаамийн гIирсаша дийцарехь, "кхеташ доцчу хьелашкахь" нисделла Хациевн валар – набахтера аравала кхо кIира дуьсуш нисделла цуьнан кхалхар, элира Кавказ.Реалиин корреспонденте "Ичкерин синбахамаллин центран" векала Дунаева Розас.
КХИН А ХЬАЖА: Францерчу а, Оьрсийчуьрчу а бакъоларъярхоша емалдина Гадаевна депортаци яр"Кхин а пхи тутмакх-нохчо велла тIаьххьарчу масех шарахь Австрерчу набахтешкахь. Цхьаъ ах шера чохь бIе гергга тхан махкахо дIахьажийна Оьрсийчу, кхачийна Нохчийчу, цигахь уьш Iазапна кIел нислушшехь. Масала, масех бутт хьалха цигахь доьза вайна депортаци йина волу Тамаев Хьасан, хIума дац цунах хууш тахана а", - бохура юкъараллин жигархочо.
- Кест-кеста хIиттайо Европан гIаланашкахь нохчаша шайна ечу депортацина дуьхьал митингаш. Зазадоккху-баттахь диаспорин декъашхой гуламе бевлира шайн махкахошна Нохчийчохь латточу Iазапна дуьхьало еш. Гуламехь "диктатурина дуьхьал" къамелаш дира Шемарчу а, Украинерчу а, Гуьржийчуьрчу а, Беларусерчу а мухIажарша.
- Чиллан-баттахь Венехь пикет хIоттийра Австрино ОвхIанистанерчу мухIажаршна депорташ ярна дуьхьалболчара. Шварценбергплац майдана гулвелира 300 гергга стаг, шайлахь махкахбаьхначийн гергарнаш а, Австрера бакъоларъярхой а болуш.
- Францин Iедало Оьрсийчу депортаци йина нохчийн мухIажарна Гадаев Мохьмадна, иза дан меттигерчу кхело дихкиннашехь: адвоката тоьшаллаш далийнера цунна даймахка ваха кхераме хилар гойтуш. Оьрсийчу кхаьчийна хан ялале, иза дIавигина Нохчийчу, герз лелорна бехктакхаман гIуллакх айдина цунна дуьхьал.