Лачкъийначу Тепсуркаев Салмана бусулба динехь ялийна зуда тIе ца лоцу кхелахоша

Тепсуркаев Салман

Тепсуркаев Салманца ехаш хилла Елизавета, иза лачкъорах толлучу гIуллакхехь зен хилларг ю олийла дац аьлла, дIахьедина Краснодар-мехкан кхело. Цаьршиннан цхьаьна Iар низамашкахь чIагIдина цахиларна, Елизавета нохчийн оппозицин IАДАТ телеграм-каналан модератор хиллачун уллора стаг ю аьлла, тIеоьцийла дац аьлла, хьесап дина суьдхоша.

Суьдхочо нисйора Елизавета, ша Тепсуркаев Салманан хIусамнана ю цо мел олу

Тепсуркаевн гIуллакхехь Елизавета зен хилларг лара дуьхьал хилира хьалхо Геленджикера талламча а, стохка оцу гIалара лачкъийна вигира жима стаг. ГIалин кхелехь латкъам бира Елизаветас, цул тIаьхьа апелляцин инстанцехь а цхьана.
И гIуллакх лелочу "Iазапашна дуьхьало яран Комитетан" белхахочо хаам барехь, бусулба динехь ма-хьоьхху, шаьшинна юкъахь там-мах а бина, цхьана дехаш дара и шиъ, амма официалехь мар-зудий хилар тIечIагIдан ца кхиира, стохка карантин хIотторца. И шиъ цхьана Iаш хиларх дуккха а тоьшаллаш далийна, уьш къийсина а дац.

КХИН А ХЬАЖА: 1ADAT телеграм-каналан экс-модератор политикан тутмакх лору "Мемориало"

"Апелляцин кхелан сацам ишта хир бу аьлла, дагахь а дацара тхо. Хаа лаьара суна, суьдхочо хIун бахьанаш яздийр ду. Геленджикан гIалин кхелехь гIуллакх луьстучу заманчохь суьдхочо арз юха делира, цу тIехь язйина Елизаветин шен телефонан номер а, адрес а дац, цуьнан векалниг ду аьлла. ХIетте а, Краснодаран кIоштан кхело теллира и гIуллакх", - аьлла, дийцина Кавказ.Реалиига "Iазапашна дуьхьало яран Комитетан" юристо Маннапова Лейсана.

Цо билгалдаьккхина, йоьдучу кхелехь, суьдхочо нисйора Елизавета, ша Тепсуркаев Салманан хIусамнана ю цо мел олу. Низамашкахь цуьнца яьхнарг ю хьо олий.

КХИН А ХЬАЖА: "Нохчийн полицехь Iазап латтадо, каракхаьчнарг хьийза а во". ХIун хилла Тепсуркаев Салманах?

Кассацин кхелехь къуьйсур болуш бу Краснодаран кIоштан суьдхочо бина сацам, ткъа бакъоларъярхой кхин дIа а хьийза Елизавета зен хилларг ю аьлла, тIечIагIдайта аьлла юристо.

Стохка Охан-баттахь кхоьллинчу IАДАТ телеграм-канало ша "Кадыровн диктатурина дуьхьал йолийна халкъан болам" лору. Канале язвелла ву карарчу хенахь 17 эзар сов стаг. Дийнахь 229 эзар наха йоьшу церан материалаш- яздо йиллинчу статистикехь.

2020-чу шеран Гезгмашин-баттахь лачкъийна волу Тепсуркаев Салман политикан тутмакх лору "Мемориало"

2020-чу шеран Гезгамашин-беттан 6-чохь Геленджикехь лачкъийра Тепсуркаев Салман, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду шаьш аьллачу наха. ТIаьхьо цуьнан гергарчийн аьтто белира Салманан телефонца тIаьхьакхиа, иза латточу меттигна. Геолокацино билгалдаьккхира, Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкехь иза латтош хиларх.

"Iазапна дуьхьалояран комитето" Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле арз хьажийна Тепсуркаевн бакъонаш талхорах лаьцна, иза, ша-шена неIалт а олуш, шишанна тIехаа гIерташ яьккхина видео яьржинчул тIаьхьа.

Бакъонашларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", амма и статус шена тIе ца эцна "Мемориало" – редакцин билгалдаккхар) Нохчийчуьрчу оппозицин IADAT телеграм-каналан модератор лаьттина, 2020-чу шеран Гезгмашин-баттахь лачкъийна волу Тепсуркаев Салман политикан тутмакх лору.