Навальный маьршаваккхар тIедожош резолюцехула кхаьжнаш тосур бу ПАСЕ-хь

Russian opposition leader Alexei Navalny attends a hearing for the delivery of the ECHR

Оьрсийчоьнан оппозиционер Навальный Алексей маьршаваккха аьлла, кхайкхам беш резолюцин проект кечйина Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн (ПАСЕ)депутато. ТIедогIучу еарин дийнахь, Охан-беттан 22-чохь, оцу документца кхаьжнаш тасар долор долуш ду. DW гIирсо яздарехь, оцу дийнахь Страсбургехь сиха йолу дебаташ дIаяхьа лерина бу Навальный лацарх а, иза набахте хьажорх а лаьцна. Товбеца-бутт карабале политик маьршаваккхар тIедожош резолюци хIоттийна хинйолчу дебаташкахь къамел дан леринчу францхойн депутато Мэр Жака, хаам бина ТАСС агенталло.

КХИН А ХЬАЖА: Байден: Навальныйца латтош йолу ситуаци "массо а агIор харцо ю"

Документан чулацам бевза агенталлана. Цу тIехь депутаташа кхайкхам бо Оьрсийчоьне "хIуъа хилахь а", рогIера Европан Кхеташонан министрийн Комитетан адамийн бакъонех лаьцна кхеташо хилале Навальный араваккха аьлла. Товбеца-беттан 7-чу дийнахь хир йолуш и кхеташо. Политик маса маьршавакхха аьлла, тIедожийначу Европерчу адамийн бакъонийн кхелана тIетевжина ассамблей депутаташ.

Дечкен-беттан 27-чохь, ПАСЕ-н Iаьнан сесси йоьдучу заманчохь депутаташа кхайкхам бира катоххий Навальный набахтера араваккха аьлла. ХIетахь Оьрсийчоьнна тIедиллинера дIа а ца тоьттуш, пачхьалкхе ван бакъо ялар ассамблейн депутатна, амма Оьрсийчоьнан векалша тергамза дитира дехар.

КХИН А ХЬАЖА: Лоьрийн тоьшалла: Навальныйн могашалла боккхачу кхерамна кIел ю

Оьрсийчоьнан юстицин министралло дIахьедира, ЕСПЧ-н тIедожорца оппозиционер маьошавоккхийла дац шайн аьлла.
Министраллан урхалхочо Чуйченко Константина кхелан дIахьедар "хуъушехь кхочушдалур доцург" лерира.

Кхелан сацамаш Москвано кхочуш ца барна Навальныйс чуделла арз тIеийцира Чиллан-беттан юьххьехь Европан Кхеташонан министрийн Комитето. Навальныйн векалша цуьнан шен цIарх хаамаш бора Евроберте Оьрсийчоьнан Iедалхой лууш цахилар, ЕСПЧ-н сацамаш тIелоцуш бу шаьш аьлла, ур-атталла "сурт хIоттон а".

КХИН А ХЬАЖА: Нобелан совгIатан лауреаташа Навальныйна медицинан гIо кхачор доьху Путине

Нагахь санна, чуделла арз бух болуш ду аьлла, Комитето тIелацахь, Европан Кхеташонехь Оьрсийчоьнан бакъонаш совцор ю, ткъа Европан кхело пачхьалкхна дуьхьал кхин а цхьа гIуллакх листа долор ду - шен сацамаш кхочуш беш цахиларна.