Адвокаташна хетарг чоьте а ца оьцуш, гIалгIайн жигархой Марсхьокху-беттан 9-чу дийне кхаччалц чохь бита сацам бина кхело.
КХИН А ХЬАЖА: ГIалгIайн жигархочун Саутиева Зарифин могушалла эшна йогIуМаршо Радионо яздира шен агIонашкахь, стохка Лахьан-беттан 24-чу дийнера схьа дуьйна луьстуш ду Ессентукерчу кхелехь, экстремистийн юкъаралла кхолларна бехкебечу, ГIалгIайчохь хиллачу митингашкахь дакъа лаьцначу жигархойн гIуллакх.
Уьш берриш а политикан тутмакхаш лерина бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", амма и статус шена тIе ца эцна "Мемориало" – редакцин билгалдаккхар): Барахоев Ахьмад а, Ужахов Малсаг а, Мальсагов Муса а, Чемурзиев Барах а, Нальгиев Исмаил а, Саутиева Зарифа а, Хаутиев Багаудин а.
РогIера кхелан кхеташо хир ю Рхан-беттан 28-чу дийнахь.
Карладоккху, 2019-чу шарахь ГIалгIайчоьно Нохчийчоьнца дозанаш хуьйцуш, барт бича протесте бевлира кхеле хIиттийна Барахоев Ахьмад а, Мальсагов Муса а, Хаутиев Багаудин а, Чемурзиев Барах а, Ужахов Малсаг а, Нальгиев Ахьмад а, Саутиева Зарифа а. ШолгIачу дийне яьлла митинг полисхоша йохийра, цул тIаьхьа бехкзуламан гIуллакхаш даха долийра протесташкахь хиллачарна дуьхьал. Уьш бехкебо, экстремистийн юкъаралла кхолларна а, полисхошна дуьхьал ницкъ баккхарна а. Шайна дохку бехкаш тIе ца дуьту бехкебечара.