Оьрсийчоь - 150-чу могIарехь. Къилбаседа Кавказ а, хаамийн гIирсийн маршонан рейтинг а

"Черновик" газетан хилла коьрта редактор Камалов Гаджимурад

Дуьненаюкъарчу "Доза доцу репортераш" организацино хIоттийначу 180 могIарх лаьттачу зорбанан маршонан рейтингехь 150-гIа меттиг дIалоцу Оьрсийчоьно. Тептарехь Мьянмел а, Венесуэлел а лахахь нисъелла пачхьалкх. Кавказ.Реалиин материалехь дуьйцу, Къилбаседа Кавказехь журналисташна бечу Iаткъамех.

Талламчаша бахарехь, журналистикан маршонна "шога дозанаш детташ", Оьрсийчуьрчу медиаца долу хьал "ледара" ду. Иштта эксперташа мах хадийна Казахстанерчу а, Узбекистанерчу а, Беларусерчу а, кхин а 47 пачхьалкхерчу хьолан а.

Уггар а гIад дайна гайтарш дац уьш: 21 пачхьалкхехь "уггар а ледара" ду хьал, ткъа пресса "ерриг а къевлина ю". Оцу тобанехь ю Таджикистан а, Азербайджан а, Туркменистан а, иштта кхин дIа ерш а.

Тептаран юккъехь нисъелла Эрмалойчоь а, Гуьржийчоь а, ГIиргIазойчоь а, Молдова а, церан группехь ю, хаамийн гIирсийн балхана дозанаш детта, кхин а 55 пачхьалкх.

"Маьрша" а, "маьрша" ю ала бIегIийла долчу пачхьалкхашлахь ю Советан пачхьалкхна юкъахь хилла цхьа Прибалтика.

Шо хьалха "Доза доцчу репортераша" хIоттийначу рейтингехь Оьрсийчоь 149-чу меттигехь яра.

Кхин дIа а зорбанан Iа лакъорхьама Iедалхоша юьхьарлецира коронавирусан уьнах лаьцна "дезинформаци" яржочаьрца къийсам латтор, билгалдоккху Охан-беттан 20-чохь зорбане яьккхинчу рапортехь.

"Навальныйца йоьзначу акцешкахь санна, журналисташна тIеIаткъам барехь оццул гена ца яьллера хIинццалц полици

"Шайна тIеIаткъам бешшехь, Оьрсийчуьра бозуш боцчу хаамийн гIирсаша дуккхаъчу беттанашкахь дуьхьало латтийра, COVID-19 пандемих долу хьал ма-дарра ца дуьйцуш, шеконаш яржош, Iедалхоша Iорайоккхучу информацина. Дечкен-бутт бовш эххар а Москвано мукIарло дира, коронавирусах белларш 3-зза сов хиларх, официалехь дIахьединчу терахьел а", - аьлла ду публикацехь.

Журналисташна Iедалхоша тIеIаткъам баран бакъ долу бахьанаш лору рейтинган авторша, карара шо долалучу хенахь хиллачу протестех лаьцна ца даржадайтар.

"Цхьацца дозанаш детташ низамаш дахар доцург, журналисташна бечу тIеIаткъамехь хIинццалц схьа оццул гена ца яьллера полици, тахана оппозиционерца Навальный Алексейца йоьзначу демонстрацешкахь санна. Цунах лаьцна гIара ца даккхийта гIертара уьш", - аьлла "Доза доцчу репортераша".

Талламаш бинчу авторшна хетарехь, коронавирусан кризисан мур чекх ма-баллара, зорбанан маршо пачхьалкхехь кхин а эшна гур ю социалан а политикан а боламийн жигаралла бахьана долуш а, иштта, Iедалхоша царна дуьхьал бохучу барамашна тIехула а.

Къилбаседа Кавказера журналистика: ницкъбар, лецарш, искаш

Митингех лаьцна дийцаршна а, "фейкан" материалашна а дозанаш диттина ца Iаш, хаамийн гIирсашна тIехь ницкъбеш хилар а Iорадаьлла. Стохка, 2020-чу шарахь 103 тIелатар дина журналисташна а, блогершна а аьлла, билгалдаьккхина "Агора" тобано, царех 40 зулам дина Нохчийчохь.

"ЦIечу зоне" яьккхина ишта Краснодар-мохк а, Адыгей а, Дагестан а, Къилбаседа ХIирийчоь а, ГIалгIайчоь а.

Шайн бакъонаш хьоьшуш хиларх Iиттало журналисташ, масала, административан тIеIаткъам барца, бехкзуламан гIуллакхаш айдарца, интернет-цензурехь, билгалдоккху "Агорас".

Масийттазза полицица гIуллакх деана, Дагестанерчу дозуш доцчу "Новое дело" газетан журналистан Юсупов Идрисан.
Юридикехь иза лацарх лаьцна протоколаш ца хIиттадора, цундела царна латкъам бан аьтто ца хуьлура.

Юсупов Идрис

"Ахь тема хоржучу хенахь, хьо кхеташ хила веза, муха реакци хила тарло церан, - кхетадо Юсуповс махкарчу хьолах лаьцна Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь. - Iедалхошна, бакъоларъяран органашна критика еш хилахь, журналистна тIеIаткъам бийр бу. Оцу цхьана журналистан коча бахна ца Iаш, йоллу реадкцина а тIетасало уьш. Тема къасточу заманчохь бозуш боцу журналисташ маьрша хуьлу, пачхьалкхан гIирсашкахь болх бечу шайн накъостел а - цигахь церан шайн редакцин политика ю, шога хьал ду цигахь. Регионалан медиах хьакхаделла ца Iаш, и бехкамаш федералан гIирсех а цхьана хьакхало".

Юсуповс дийцарехь, Дагестане богIучу дукхахболчу эксперташа, шайлахь дуьненаюкъарнаш а болуш, билгалдоккху, республикехь прессан маршонан тIегIа лакхара хилар, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара хьал зийча. Делахь а, оцу кепара маршо а "Iаламат безачу мехах кхочуш ю", чIагIдо къамел дечо.

2011-чу шарахь вийра "Черновик" газетан коьрта редактор Камалов Хьаьжа-Мурд. Динчу зуламах цхьаммо а таIзар ца текхира, ткъа оцу гIуллакхна тIехула кхеле хIиттийнарш - цунна гунахь а бац, вийначун коллегаша дийцарехь.

Кхелан процесс ю дIайоьдуш хIинца а, терроризмна ахча латтийна аьлла, бехкевинчу "Черновикан" редакторна Гаджиев Iабдулмуминна тIехь. Иза уллора вевзаш хилларш тешна бу, цунна дуьхьал айдина гIуллакх бух боцуш хиларх.

2021-чу шеран Дечкен-баттахь ХIинжа-ГIалахь, Навальный Алексейн агIончаш митинг хIоттон кечлучу хенахь, полицино кехат делира журналистан Бутаева Маликин кара, акцехь дакъалаца цунна доьхкуш хиларх.

"Шаьш журналисташа болх бан беза шайн бакъонаш Iалашъеш. Шайн балхана новкъарло еш хиларх журналисташа арз деш меттигаш кIезиг бу Дагестанехь. Цхьа наггахь верг бен ца волу полицига. Делахь а, билгалдаккха догIу, тIаьххьарчу заманчохь ницкъахоша шайн ма-хуьллу кIезиг дуьхьалонаш латтайо журналистийн балхана. Царна хаьа тIаьхье йоцуш гIуллакх доьрзур доцийла, хIунда аьлча, масийттазза аьрзнаш дина меттигаш бу", - дуьйцу Юсуповс.

Къилбаседа-Кавказера ши журналист а, блогер а политикан тутмакх ву аьлла, дIакхайкхийна бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", амма и статус шена тIе ца эцна "Мемориало" – редакцин билгалдаккхар). Лакхахь вийцина Дагестанера Гаджиев Iабдулмумин а, наркотикаш лелош хилла аьлла, кхел йина "Фортанга" гIалгIайн сайтан хилла редактор Майсигов Рашид а, иштта, ницкъахоша лачкъийначул тIаьхьа тIепаза вайна IАДАТ оппозицин телеграм-каналан хилла модератор Тепсуркаев Салман а.

Кху шеран Дечкен-баттахь Къилбаседа-ХIирийчоьнан шахьарахь тIелатар дира меттигерчу "ОсНова" сайтан политикан редакторна Тотров Русланна. Талламчийн версица, журналистна йиттинера Къилба ХIирийчоь ю аьлла, ша дIакхайкхийначу республикан тIеман министран гIовса Кабисов Сергейс. Цул тIаьхьа дукха ца Iаш БуьритIера дIавахара иза.

ГIуллакх толлучу юкъанна пачхьалкхо Iалашвеш вара Тотров.
Тотровс билгалдаккхарехь, ша Оьрсийчоьнан журналист хиларе терра, детта дозанаш хаа ца ло цунна, ша репортаж кечъечу я материал язъечу хенахь. Кхераме теманех лаьцна ша ца язйо бохург дац иза, пхи шо гергга хан ю, полицехь ницкъбинчул тIаьхьа веллачу Цкаев Владмиран гIуллакхах лаьцна цо язден.

Тотров Руслан

"Суна хаьа, Iаламат кхераме тема иза юйла, хIетте а Къилбаседа ХIирийчохь Iедалхоша суна беш тIеIаткъам бац. Хила тарло иза, цхьана тIегIанехь хьо дикка вевзаш велахь, хьуна тIеIаткъам бан хало хиларца. Ас ца боху Къилбаседа-ХIирийчуьра хьал идеале ду, суна го сайн коллегаш, эр ду-кх вай, пачхьалкхна гергара хаамийн гIирсаш, царна хала ду шайниг чекхдаккха, царна ца могуьйту шаьш бохучунна тIехдийла. Амма журналистан шен харжам бу и: иштачу зорбанашкахь болх бан висар я кхин некъаш лахар", - дуьйцу "ОсНовы" сайтан редакторо.

Къилбаседа- ХIирийчуьрчу куьйгаллана критика ярна масех кхелан иск яьккхира йозуш йоцчу журналистна Сагеева Мадинина дуьхьал. Республикан куьйгалхо лаьттинчу Битаров Вячеслава а, цуьнан "Рестораны Бавария" компанино а, БуьритIерчу префекто Фарниев Тамерлана а цуьнагра цхьацца миллион сом даккхар тIедожийна кхелахошна хIора динчу арзах.

Къилбаседа Кавказан социалан машанийн сегментехь ечу цензурана юккъехула прессехь гоьбовлуш бу де дийне блогерш а, информацин ресурсаш а. Делахь а, и альтернатива а кхераме ю цуьнан авторшна а, церан аудиторина а: 2020-чу шарахь тIелатар дира Швецехь нохчийн оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона а, Германехь вехачу цуьнан вешина Абдурахманов Мухьаммадна а.

Баъйира нохчийн блогерш: Францехь Алиев Iимран (Мансур Старый), Австрехь Умаров Мамихан (Австрера Анзор).

Цул совнах, карарчу шеран Чиллан-баттахь муьлш бу цахуучу наха Iораехира IАДАТ нохчийн телеграм-канале язбеллачийн цIераш. Цул тIаьхьа церан агIоне язбелла цхьаберш полици бигина хилларе "профилактикан къамелаш" дан.