Росфинмониторинго Навальныйн штабаш экстремистийн могIара яьхна

Иркутскера Навальныйн штаб

Федералан финансашкахула мониторинг ечу урхалло (Росфинмониторинг) Навальныйн штабаш экстремистийн тептара яьхна. Оцу хьокъехь, юкъараллин цхьаьнакхетаралла "Навальныйн штабаш" язйина тептара, аьлла ю урхаллин сайта тIехь зорбане яьккхина информаци. И тайпа цхьаьнакхетаралла юридикан маьIнехь янне а яц, дIахьедира хьалхо Навальный регионашкарчу проектийн куьйгалхочо Волков Леонида.

Прокуратуро Охан-беттан 16-чохь экстремистийн могIара яха бохура Навальныйн фондаш а, штабаш а – оппозиционер мацалла лаьцна а Iаш, цуьнан агIончаш пачхьалкхехь гуламаш хIитто кечлучу юкъанна дара иза. Урхалло чIагIдарехь, Навальныйн тоба дагахь ю "беснийн революцин" сценарица коституцин хIоттам хуьйцу хьелаш кхолла". ХIинцале а Коррупцина дуьхьалоен фонд арахьарчу агентийн могIара язйина а йолуш, кхело хьалхара ладегIарш долийна Навальныйн цхьаьнакхетараллаш экстремистийн тептара яхар луьстуш. Кхечу бехктакхаман гIуллакхца доьзна лоцу аьлла, пIераскана лаьцна Фондан адвокат.

Охан-беттан 26-чохь Москван прокуратуро дIахьедира ша кхелан сацам хиллалц йолчу ханна дIасацабо Навальныйн штабийн болх, "цуьнан лидерша а, фондийн декъашхоша а низамаш талхор сацош дацарна, нах юкъа а ийзош, низамехь йоцу акцеш латтош хиларна", аьлла. Юьйцурш ю Охан-беттан 21-чохь хилла акцеш. Прокуратуро ша гIуданаш деттар ду аьлла штабийн болх дIабахбечарна.

Политикан регионашкара штабаш дIакъевлина, хаам бина Навальныйн накъоста Волков Алексейс Охан-беттан 29-чохь. Таханлерчу кепехь штабаш латтайойла дац, церан болх экстремизманна буха бигина, набахтин хенаш етта тарло болх бечу штабийн белхахошна, цаьрца зIе латточарна, царна гIодечарна, аьлла цо.

  • Навальныйн агIончийн штабаш йиллира иттаннаш регионашкахь 2017-чу шарахь, оппозиционер харжамашкахь дакъалаца волавелча. Дуккхаъчу регионашкахь уьш болх бан йисира 2018-чу шарахь харжамаш бирзича а.