Литварчу Оьрсийчоьнан векалто емал дина Литван цIарах Европарламентан депутат йолчу Юкнявичене Расин нохчийн Ичкерия республикан президентех Дудаев Джохарех аьлла дешнаш. Де хьалха цо дIахьедира, вийначу политикан цIе "Маршо" дашца юзу ша аьлла. Дудаев вийна 25 шо кхачарна леринчу дуьненаюкъарчу конференцехь дина оцу кепара дIахьедар Юкнявиченес, яздо "Красная Весна" хаамийн агенталло.
Цуна жоп луш Оьрсийчоьнан арахьарчу политикан урхаллан векалша дагадаийтина, Дудаев а, цуьнан куьйгакIел хилларш а бехкебо цхьа могIа терроран тохарш дарна, аьлла.
КХИН А ХЬАЖА: "Диц ма делахь, маршонан Iалашонаш ларъян кхузахь арабевлла къонахий хилла хилар"Украинерчу Динан урхаллан муфтийс Исмагилов СаьIида кхайкхам бира хьалхо Киевн Iедалхошка, Искровская урамна Дудаев Джохаран цIе туьллуш, тIетахьара аьлла.
Таханалерачу дийнахь Дудаевн цIарах урамаш ду туркойн Стамбулехь а, Хонкарахь а, Урдунерчу Амманехь а, Украинерчу Львовхь а.
Польшера Варшаван майда ю цуьнан цIарх, иштта Литван Вильнюсехь сквер а, Латверчу Ригехь авеню а, ишта кхин дIа а ю.