Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Байден Джос дIахьедина, белхан хьокъехь Европе вахначу заманчохь, ша реза хиларх Товбеца-баттахь Iамеркахойн а, оьрсийн а саммит дIаяхьа, яздо Свобода Радионо.
"Со цуьнга дог дохуш ву. Цу тIехь болх беш ду тхо", - хаам бина президенто Байдена, шинарийн дийнахь журналистийн хеттаршна жоьпаш лучу хенахь.
Президентан дарже хIоьттинчул тIаьхьа дуьххьара Британе воьдуш ву Байден Джо, Товбеца-беттан 11-чу дийнера 13-че кхаччалц хинйолчу G7 тобанерчу пачхьалкхийн лидершца цхьанакхета.
Товбеца-беттан 14-чохь Брюсселе гIура ву иза НАТО-н мехкийн-декъашхойн саммитехь дакъалаца, цул тIаьхьа Евробертан пачхьалкхийн куьйгалхошца леринчу цхьанакхетаре ваха дагахь ву.
Американ а, Оьрсийчоьнан а саммит дIаяхьа шен лаам хиларх хаийтира Байдена Охан-баттахь, Iамеркахойн тергамчашна дагахь доцург дара иза
Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца кхозлагIчу махкахь цхьанакхета кийча ву ша аьлла Байден Джос, шина пачхьалкхана юкъара гIоьртина хьал кхин тIе а чIагIдаларан проблемех лаьцна дийцарш дIадахьа. Оцу проблемашлахь ю - Украинана Оьрсийчоьно латтон кхерам а, Американ компьютерийн машанашна Оьрсийчоьно еш йолу кибератакаш а, Оьрсийчохь Навальный Алексейна а, цуьнан агIончашна а беш болу тIеIаткъам а.
Путинан хьехамчас Ушаков Юрийс бахарехь, тIетаьIIина дIахьош белхаш бу шина президентан цхьанакхетар нисдалийта. Товбеца-беттан муьлхачу дийнахь цхьанакхетар нисдийр дара, дуьйцуш ду.