Нохчийчуьрчу парламентан спикера Даудов Мохьмада а, Пачхьалкхан Думан депутатата Делимханов Адама а чIир хьейинчу жигархочо Хазбиев Мохьмада дуьхьало йина пачхьалкхан цIарах шена ха дан хьоьвзинчу ГIалгIайчуьрчу полисхошна. Оппозиционера хаам бина цунах лаьцна "Кавказский узел" интернет-гIирсе.
ЧIир кхайкхон бахьана хIоьттира, карарчу беттан 4-чохь инстаграмехь Хазбиевс видео яржийча, "Хазбиев Мохьмадан Нохчийчоьнан Iедалхошка а, гуьнахь боцчу блогершка а, провокаторшка а бина кхайкхам" аьлла.
"Цу тIехь Нохчийчоьнан куьйгалле вистхуьлуш, ас емал бина, сайна хетарехь, гIалгIайн къам сийсаздеш, къаьмнашна юкъа мостагIалла дулурш", - аьлла Хазбиевс.
Хазбиевс хааме даьккхира, видео зорбане яьккхина дукха хан а ялале, нохчийн парламентан спикер волчу Даудов Мохьмадера шен ватсапе чIир кхайкхош, хаам кхачарх. Жимма хан яьлча, шега телефон туьйхира, боху цо, Делимханов Адама, ща динчу къамелана шаьш реза дацар хоуьйтуш, цо а чIир хьейира шена аьлла.
КХИН А ХЬАЖА: " Евкуровх ас аьлларг "йовсарбек" ду, аш бохург дац"ГIалгIайчуьрчу бакъоларъяран органийн белхахой шен хадархой лаца дуьхьал хилла жигархо. Хазбиевс билгалдаьккхина, нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш цхьатерра хета шена, цхьанне а сий айба а ца ойбуш, йа лах а ца деш.
Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада а, пачхьалкхан Думан депутата Делимханов Адама а шена чIир кхайкхийна аьлла, дIахьедира гIалгIайн оппозиционера Хазбиев Мохьмада кху беттан 4-чохь. Шен инстаграм-агIонехь дира цо цунах лаьцна дIахьедар.
Къаьмнашна юкъа цим туьйсучаьрга вистхуьлучу Хазбиевс билгалдаьккхира, Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь гIалгIай шайн интересашна ямартбевлира Нохчийчуьрчу мухIажарийн интересаш хьала а айбина, аьлла.
Карладоккху, 2019-чу шеран бIаьста блогерна Абдурахманов Тумсона чIир кхайкхийра Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Кадыров Ахьмад-хьаьжех ша ца веша, иза къоман ямартхо лору ша аьлла, Абдурахмановс дIахьедар дича, цунна жоп луш, чIир кхайкхийра спикеро. Оцу сохьта, официалехь сихха дIакхайкхийра Соьлжа-ГIалано: цо чIир хьахийна а яц аьлла.
КХИН А ХЬАЖА: Абдурахманов Тумсо: Суна тIелатар дайтинарг Кадыров ву2020-чу шеран ГIура-баттахь хааме даьккхира, ГIалгIайчохь Хазбиевна дуьхьал даьккхина административан гIуллакх сацийна кхело аьлла. Цуьнан хьокъехь гулъйина материал кхачамбацарш дIанисде аьлла, Наьсарарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан декъе юхаяхьийтира.