Футболан "Ахмат" клуб эшначул тIаьхьа балхара вохийна арбитр

Белхан зераш долийна арбитрна Васильев Станиславна дуьхьал. Бахьана ду Оьрсийчоьнан премьер-лигин 28-чу турехь Волгоградера "Ротор" а, Соьлжа-ГIалара "Ахмат" а тобанаш ловзуш 1:0 жамIаца нохчийн клуб эшар.

"Комиссино сацам бина, Васильевс 85-чу минотехь "Ротор" тобан кевнашкахьа, къасто доггIушехь, пенальти тоха ца цакъастор харцо хилар. Чемпионат йоьрзучу кхаьчна хиларе терра, рефереш цкъа ца хилча санна сема, жоьпалле хила беза", - аьлла Оьрсийчоьнан футболан цхьаьнакхетараллин кхелахойн кхеташонан куьйгалхочо, экспертийн-суьдхойн комиссин хьалханчас Хачатурянц Ашота.

Цо билгалдаккхарца, таллам берззалц йолчу ханна премьер-лигин матчех мукъаваьккхина арбитр, и болх бирзича гур ду, вуьту иза я мукъвоккху кхидIа бечу балхах, хаам бо Sports.ru сайто.

Юьйцу матч хилла Стигалкъекъа-беттан 1-чохь. Соьлжа-ГIаларчу футболан клубан директора Айдамиров Ахьмада дош деллера ша экспертийн-кхелахойн комиссе яздийр ду арбитро пенальти цакъасторах лаьцна, аьлла.

  • 2020-чу шеран ГIуран-беттан юьххьехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа адамийн бакъонаш талхочу Нохчийчоьнан куьйгалхошца доьзна "Магнитскийн санкцийн глобал-тептара" язйира футболан "Ахмат" клуб а, латархойн "Ахмат" клуб а, Кадыровн Ахьмадан цIарх йолу фонд а.
  • Ютубо дIакъевлира хьалхо футболан "Ахмат" клубан а, латарш дIахьочу Absolute Championship Akhmat хьукматан а каналаш.
  • 2020-чу шеран Мангал-баттахь Цхьаьнатоьхначу Штаташа адамийн бакъонаш талхорна Кадыров Рамзан язвира санкцийн тептара. Кхочу санкцийн таIзар цуьнан зудчунна Кадырова Меднина а, шина йоIанна Iайшатна а, Каринина а.