Ийначу кепийн латархо Чимаев Хьамзат тIаххьарчу хенахь гоьволуш ву керлачу хаамашкахь. Цкъа цо кхерам тосу Дагестанера чемпион Нурмагомедов Хьабиб "ватIо", юха Кадыровн долахь долчу кемана хуу, тIаккха йохайо шена совгIатйина еза машен, схьаоьцу керланиг. Ткъа дукха хан яц Чимаев Швецин вахархо лаьттина а, говзачу эксперташа цунна тоьлла хиндерг хьехна а – UFC-н президента Уайт Дэйна иза "къаьсттина шатайпа" ву бохура...
Октагонехь "Борз" цIе лелош волу 27 шарера ваьлла Чимаев иссазза тоьлла (UFC-хь кхузза). Эшамаш банне а бац. Дуьненахь иза гIаравелира 2020-чу шеран Мангал-баттахь, рекорд хIоттийра Къатарехь – исс денна юкъахь туьйлира шозза: 124-за туьйхира Уэльсерчу Филлипс Джонна, шозза бен шена ца тухуьйтуш, юха 68-зза туьйхира Ирландерчу МакКи Рисна, шена тоххане а ца тохийтира.
Цо ГIадужу-баттахь иссалгIа шен толам баьккхира вуно сиха. Техникан нокаутца Лас-Вегасехь вожийра америкахо Миршерт Джеральд.
"Цхьа тохар, 17 секундехь. И къонах шатайпа ву. Вуно дукха хан ю со бизнесехь волу. Суна дукха байна сийлахьнаш, уьш богIу-дIабоьлху, амма хIара саннарг гина вац цкъа а", – элира Уайт Дэйна латар дирзича.
Деза дешнаш хьалха а, Лас-Вегас йирзича а ца кхоийра шегара Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Тоьллачу латархойн могIара ваьккхира цо Чимаев, бохура,"баккхий толамаш бохур бу цо дуьненан аренехь". ДIадахначу Iай мехкан транспортан министраллин векалша веза хьаша веш тIеийцира иза Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь, вигира Кадыровна уллехь пхьор дан. И шиъ цхьана а волуш даьхначу суьрташа критика гIаттийра UFC-н декъашхочунна дуьхьал – ца тайра дуьненаюкъарчу санкцешна бухахь воллучу стагна иза мараветтавалар.
"Иза диктатура ю, нах цец-акъ бевлла", – дIахьедира Дечкен-баттахь Amnesty International цхьаьнакхетараллин векала Хеденборг Амис. ХIинцачул тIаьхьа Чимаевца мел летарг хир ву юьхьIаьржа, элира цо.
Амма Чимаев Кадыров волчу лелар дуккха а хьалха доладелла дара.
"Со "Ахмате" кечамашка веана, Лаха-Невре. Дика кечамаш бо кхузахь, хьалха веана а хилла со. Майрбека (гарехь, Нохчийчуьра UFC-н латархо Тайсумов Майрбек – редакцин билгалдаккхар) гIодира суна, дика Iамало кхузахь. КхидIа а вогIур ву со. Суна доккха баркалла ала лаьа вайн доттагIчунна, вешина Висмурадов Абузайдна а (вице-премьер, "Ахмат" клубан президент. – Ред.), Рамзан Ахматовична а оццул дика хьелаш латторна [Iаморашкахь]", - боху Чимаевс 2019-чу шеран аьхка инстаграмерчу фан-тобан агIоне хIоттийначу видео чохь.
Даймахкара тIемаш бирзинчул тIаьхьа Скандинаве кхаьчна нохчий дукха хьолехь Кадыровн диктатуро хьийзийна политикан мухIажараш бу
Швецехь политикан мухIажар волчу Чимаевс хIетахь а юхура, ша Нохчийчу вахча, "Ахмат" клубан логотип а, пхьуьшаш тIехь Оьрсийчоьнан, Нохчийн Республикан байракхаш а йолу коч. Иза ветталора Кадыровн гонерчу нахах – Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа 2019-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь санкцеш кхайкхийна волчу Висмурадов Абузайдца даьхна суьрташ ду цуьнан. Висмурадовна цул тIаьхьа, 2021-чу шеран Зазадоккху-баттахь, Европан Кхеташоно а тоьхна санкцеш – иза бехкелору ЛГБТ-нах хьийзорна.
Your browser doesn’t support HTML5
Автомат карахь а йолуш, структурийн духарахь дIахIоьттина даьхна суьрташ ду Чимаевн цо ша даржийна – ишта леларна Оьрсийчоьнан низамо бехктакхаме озаво стаг.
Амма Кадыровгахьа волу "швед" юкъараллехь гезваха волийра иза дуьненехула вовза воьлча. Иза тIекIавеш, гIараваьлча бен ца волийра рекламе ваха ша Кадыровс а.
"Суна гарехь, Чимаев нохчашна – цIерачарна а, арахьарчарна а – веза волавелира иза Кадыровх возуш вацарна. Маьршачу стагах тера вара иза, хеталора, цо ша бохку шена некъаш, моьттура иза Кадыровн Iедалца возавелла вац. Цу тIе, тIаьхьа кхаьчна ву иза Швеце. Даймахкара тIемаш бирзинчул тIаьхьа Скандинаве кхаьчна нохчий дукха хьолехь Кадыровн диктатуро хьийзийна политикан мухIажараш бу. Оцу хьелашкахь Кадыровс шена гергаозийна иза: цо ахчанах оьцу нах, я адаман бакъонаш а талхош, декхаребо шеца хила чоьхьара а, арахьара а нохчий, шен оппоненташка, гой шуна, хIара адамаш а ду шуна соьгахьа, бохург ду иза", - билгалдаьккхира Кавказ.Реалиица къамел деш юриста Янгулбаев Абубакара.
Бевза нах шегахьа боху Кадыровс даккхий совгIаташ дарца. Уьш схьаэца волавелира цуьнгара, шега бакъоларъярхоша бехкаш доххушехь, Чимаев а. Дечкен-баттахь цунна Кадыровс елира Mercedes-Benz, амма кхо бутт балале, дIатоьхна, йохийра иза. Дукха хан ялале шен машанашкарчу фанаташна цо гайтира керла машен.
Iай Нохчийчохь хан а яьккхина, ша Швеце юхавеъча, Чимаевс магийра шена махкахочун, Оьрсийчоьнан Iедална дуьхьал Дечкен-беттан 23-чохь хIоттийнчу гуламехь Москварчу полисхойх леттачу Джумаев Сайд-Мухьаммадан агIолаца. Инстаграмехь пост хIоттийра цо цуьнан суьртаца, "маршонехьа" аьлла хештег а юьллуш. ТIаккха дIаяьккхира и пост, иза шега "вашас боху" аьлла – чIагIдора, Нохчийчуьрчу Iедало шега дош а ца аьлла оцу хьокъехь.
Зазадоккху-беттан юьххьехь ша спорт юьту элира цIеххьана Чимаевс. Шена доху бехкаш а, коронавирус кхетар а хала лайра цо.
"Хетарехь, со вели, хаьа айса чемпионан доьхка ца даьккхинийла, амма иза бац дахарехь коьрта толам, шуна халахета а мега иза, амма сан даго а, дегIо а тоийта боху соьга", – яздира инстаграмехь Чимаевс.
Амма иза галваьлла хиллера. Масех де далале Соьлжа-ГIала кхечира спортхо "лоьраш хьажийта, реабилитаци ян". Кадыровс шен кема а даийтина, дIавигира Швецера Чимаев а, цуьнан ваша а. Нохчийчоьнан куьйгалхочо шена тIеяздира латархо махка кхачар: бохура, ша аьлла цуьнга "ницкъаш гулбе, ши куьг охьа ма дахийта".
Нохчийчохь ву тахана Чимаев Хьамзат. Толамаш баьхна олий а вац хьахош прессехь (8 бутт бу латанза) – хьахаво цо машанашкахь дечу даккхийчу хабаршца а, тIех хецавелла леларца а доьзна.
"Ас хIаллакбийр бу уьш массо а, схьаоьцур ду сайна догIу доьхка. Ас гойтур ду оцу нахана мила ву дуьненахь тоьлларг. Со Тайсон Майк ву ММА-хь, со Iела Мухьаммад ву ММА-хь", – жоп делира цо шен толамаш шеконе бу, аьлла, интернетехула яздинчунна.
Чимаевн лаам бу UFC-н яйчу йозаллехь чемпион ваьллачу, стохка спортехь карьера ерзийна волчу Нурмагомедов Хьабибца лата.
"Оха ватIор ву иза, цунна лаахь", – бохура деношкахь Чимаевс, ша Хьабибах летачу далахь тамаша бу, аьлла, яхначу гурахь яздинехь а.
Цул хьалхо Нурмагомедов хьахийра Кадыровс, элира цунах " UFC-н проект ", бохура, ша цо доьхху ахча лур ду иза "Ахмат" клубан векалшца латахь. Ала догIу, масала, америкахочуьнца Гэтжи Джастинца латарна 2020-чу шеран ГIадужу-баттахь Нурмагомедовс даьккхира, хаамийн гIирсаша дийцарехь, 6 миллион доллар. Октагонехь цо даьккхина ахча дерриг а ду итт миллион доллар, юкъалоруш бац мехах телекомпанеша иза гайтарна цунна белла мах.
Нагахь латар хилахь, жамIца доьзна доцуш, тоьлларг хир ву Кадыров
"Чимаев верриг а Кадыровн карахь ву. Спортхочунна санна цунна доьсуш цхьаъ бен дац - "Ахматерчу" карьерах тоамбар. Чимаев вазвен латар вовшахтоха гIерта Кадыров, схьаэца гIерта цуьнагара болуш болу пайда, важа трендехь воллучуьра, амма гур ву иза ала дац Нурмагомедовца цхьаьна октагон чохь. Цундела социалан машанашкахь гIара а эккхийтина, Нурмагомедов яхьеваккха гIерта уьш. Амма нагахь санна латар хилахь, жамIца доьзна а доцуш, Кадыров хир ву толамхо", - аьлла елира Кавказ.Реалиина комментарий вевзаш волчу оппозицин блогера Абдурахманов Тумсос.
Кадыровна хила тарло оцу боламехь шен латархошна реклама оьшуш – клуб "массо а агIор кризисехь ю тоьхна лаьтта санкцеш бахьанехь", дагадоуьйту Янгулбаев Абубакара. Шенна "Ахматна" дуьхьал санкцеш арахийцира Американ Цхьаьанатоьхначу Штаташа 2020-чу шеран ГIуран-баттахь, цуьнан куьйгалхоша адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларна.
Къамел динчу шина а тергамчина хета, Кадыров, Чимаев гергаоьзна а, латархошна реклама йина а, дерриг а дина а, уггаре хьалха шен цIе лакхаяккха гIерта, аьлла.
Оцу юкъанна кест-кеста допинг зуьйш, Американ USADA агентсталлица гIоьртинчу юкъаметтигашкахь ву Чимаев Хьамзат: тIаьххьарчу баттахь кхузза дIаелла цо анализаш. Нагахь санна шеконе хIума гучудалахь, деа шарна дисквалификаци ян тарло.
Амма Iалашонаш яккхий ю латархочун. Стигалкъекъа-баттахь ша доьазза лата там бу, билгалдаьккхина цо. Цуьнца лата тарлучех цхьаъ ву 33 шо долу америкахо Магни Нил – иза 25 толам болуш а, цкъа эшанза а ву. ТIаьххьарчу хенахь цунний, Хьамзатний юкъахь лела Iоттамашца латтош долу юкъарло. Царех ду, масала, хIара къамелаш: "Хьамзат, ас хьан лергабад ятIор ю" я "Гур вайна, хьан хьанна еттар ю".