Украин президента Зеленский Владимира шен указаца тIечIагIбина Шайхан Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан командиран ЧIеберлойн Муслимна а, оцу тIеман тобан масех тIемалочунна а дуьхьал санкцеш кхайкхош бина Къоман кхерамазаллин кхеташонан сацам. Цунах лаьцна дуьйцуш ду №203/2021 указан приложенехь, хаам бо Кавказ.Реалиино.
"Ши бутт хьалха (Украини агIор) тIеман хиламийн декъашхойн кехаташ делира тхуна, ткъа хIинца къуйн цхьана могIаре нисделла тхо", - аьлла батальонан векало Кавказ.Реалиига.
КХИН А ХЬАЖА: Донбассерчу сепаратисташца доза къаьстачохь лаьтта Ушарма-Шайхан батальонСанкцеша доьхку Украинин территори тIехь инвестицеш а, банкан опреацеш а яр а, пачхьалкхан долахь болчу бахаман приватизаци еш дакъалацар а, кхидерш а.
Нохчийн батальонан тIемалой юкъатоьхна 700 стагах лаьттачу, шайна юкъахь Украинин малхбалехь кхоьллинчу сепаратистийн ДНР" а, "ЛНР" а олучу тобанийн а, аннекси йинчу ГIирман а лидерш а, Закавказьера республикийн а, Оьрсийчуьра а криминалан авторитеташ а болчу тептарна.
- Шайхан Мансуран цIарах йолу батальон Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташна а, Оьрсийчуьрчу мехах лецна болчу тIом бечу нахана а дуьхьал лаьтташ яра 2015-2019-чу шерашкахь Мариупольна гергахь (Донецкан мохк). Оцу тIеман декъо официалан кепара герз охьадиллира 2019-чу шарахь, делахь а иза юьусуш ю шина агIоно ницкъаш юхабаьхначу дозанна гергахь шен базехь.