Православин вайнах? Бацойн къайле

Бацой. 20-чу бIешаран юьхь (википеди)

Бацой (оьрс. -бацбийцы) бехаш бу карарчу хенара Гуьржийчоьнан территорина тIехь. Цера мотт тера хетало нохчийн маттах, амма уьш лоруш бу гуьржийн халкъан дакъа. Динах лаьцна аьлча, гуш ду оцу къомо (этносо) 19-чу бIешарахь дуьйна керстанан православин а, деланийн динан а Iадаташ лелош хилла хилар. Ткъа мичара схьабевлла бацой, вайнахаца орамаш долуш-м бац-те уьш?

Шаьш бацоша шайх "бацби" олу. Уьш беха меттиг ю кълбаседа-малхбалера Гуьржийоь. Алсам бу бацой Кахетин Телавин муниципалан гонан Ахметан кIоштарчу Земо-Алвани эвлахь а, Тбилисехь а.

Нохчашна а, гIалгIашна а юкъахь Iедал ду бацой шайн нах лоруш. Ма дарра аьлча, уьш вуно къаьсташ бу шайн Къилбаседа Кавказерчу юххера гергарчу вежарех. Бацой цхьана хенахь вайнехан халкъан дакъа хилла хила а тарло, делахь а гуьржаша царна бина Iаткам вуно чIогIа хилла: и бахьана долуш тахана цара шаьш лору дIакъасто йиш йоцу гуьржийн къоман дакъа, цуьнца цхьаьна нохчашна а, гIалгIашна а шаьш герга хилар а кхетош.

Мотт

Бацойн мотт ша лаьтта мотт лоруш хилла талламхоша 19-чу бIешарахь дуьйна, ондда гуьржийн меттан Iаткъам лайна белахь а. Нохчаша царах бацой олу. Шаьш бацоша дуьйцу шаьш буьйцург цовотушетин я вуьшта аьлча цован (бацойн) мотт бу бохуш.

Бацойн мотт гуш долуш нохчийн маттах тера белахь а, лингвисто Дешериев Юсупа къастийна цхьамогIа оцу шина меттан цхьаьна догуш доцу хIуманаш. Коьртачу декъана и къастамаш боьзна бу фонетикица.

Бацойн литературан мотт бу гуьржийн мотт, ткъа вовшашца цара буьйцу бацойн мотт (цова-тушинин), билгалдоккхуш ду "Йоккхачу советан энциклопедехь".

"Брокгаузан а, Ефронан а энциклопедин дошамехь" Кавказехь меттанаш кхолладаларх лаьцначу артиклехь дуьйцуш ду, тушинашна юкъахь ширачу заманах яха хиира, шайх бацби олу жима нохчийн юкъаралла бохуш. Цуьнан авторша дийцарехь, нохчех лаьтташ хиллачу оцу цовн юкъараллан доккхаха долу дакъа дукха хан йоцучу заманахь дехьа даьлла Алазанан аренехь даха.

Оцуьнца реза вацара историк а, этнограф а, ша схьавалар бацойх долу Шавхелишвили Абрам. Иза тешна вара шеко хила а ца оьшу бацой (тушинаш) гуьржех схьабевлла бу бохучух. Цунна хетарехь, цова-тушинаш ширачу заманахь дуьйна бехаш хилла Малхбален Гуьжийчохь, вуьшта аьлча кхечу тушинашца цхьаьна меттигера бахархой хилла.

Бацойн мотт нохчийн маттаца богIуш хилар Шавхелишвилис кхетадора оцу къомо дикачу лулахойн а, ткъа цхьадолчу декъана гергара а юкъаметтигеш лелош хиларца вахнахаца.

Кавказ.Реалиин редакцино дехар дира, комментари яхьара аьлла, дукха хенахь дуьйна и тема толлуш волчу нохчийн ДНК-проектан куьйгалхочуьнга Арсанов ПахIруддега. Шен жамIашна цо бухе ехкина эзарнаш нехан тесташ, шайна юкъахь бацойн къоман нах а болуш.

"Болчу хаамаша гойту, бацой цхьаьнабогIуш хилар нохчийн этносан шуьйтан кластерца (ингалс. cluster — гулам, кан, вай). Бацой гуьржий хилар цхьа а къуьйсуш вацахь а, церан вайнехан орамаш хилар шеко йоцуш ду", – билгалдоккху Арсановс.

Оцу юкъана бацойн а, вайнехан а тайп-тайпана генетика ю, меттанаш дуьстича тера хеташ делахь а, бохуш яра цован-тушин этнос а, мотт а толлуш йолу Шавхелишвили Бела. Ша Iилманча ненехула нохчо-кисто ю (Гуьржийчуьра Панкиси чIожехь деха вайнехан тайпа), ткъа дегахула бацо ю (вай лакхохьа хьахийра цуьнан да этнограф Шавхелишвили Абрам).

Бацойн генетикан гергарлонех лаьцна хаттар жигара теллира гуьржийн антропологаша 1960-чу шерашкахь, дагадоуьйту Шавхелишвилис. Цара жамI дира бацойн лексика вайнехачуьнца цхьаьнайогIуш ю кхаа декъах цхьана декъана, цундела къамел деш хетало уьш вовшех кхеташ бу аьлла.

Дин

Бацой гуьржийн дакъа ду бохучу теорехьа дуьйцу динан факторо. Гуьржийн этносаш цхьаьнакхетаран бух хилла дIахIоьттира керстанан православи. Меттигера православи цхьанаийра керстанан дин даржале хиллачу заманан халкъан Iадаташца.

ХIора а бакъо йолуш ву шена луучух ша ву ала, амма цуьнца цхьаmна цхьанха а гIойла дац мотт вайнехан маттах тера хиларх

Динаш вовшахъиедалар билгалдоккхуш ду "Йоккхучу оьрсийн энциклопедехь". Цигахь дуьйцуш ду бацойн дуьсуш хилар керстанан дин тIедале хилла далла гӀуллакх дарш: Цу цIарца вуьйцучу делана тIекъар, догIа дехаран Iадаташ, буьйда жижиган сагIадаккхар, Царо цIе йолчу ширачу эвлан херцашна уллехь хIора шарахь дIахьуш долу даздарш.

"Ма дарра аьлча, бацой вайнахах схьабевлла хилара шеконе дуьллийла доцуш ду: Iилманехь иза тешийна яьлла факт ю, - чIагIдо Оьрсийчоьнан Iилманан академин антропологин а, этнографин а Музейн Кавказан этнографин декъан Iилманан лаккхара белхахочо Албогачиева Маккас. – Амма гонаха гуьржийн куьлтура а йолуш, цо Iаткъам а беш, бехачу церан бакъо ю шаьш гуьржийн халкъан дакъа лара. ХIора а бакъо йолуш ву шена луучух ша ву ала, амма цуьнца цхьаьна цхьанха а гIойла дац мотт вайнехан маттах тера хиларх".

Цхьана агIор бацойн а, вайнехан а мотт цхьаьнабогIуш, вукха агIор церан генетика тайп-тайпана хиларан бахьанех лаьцна дуьйцуш, исторе хьажа деза, боху Iилманчо Шавхелишвили Белас.

"Юьхь лаха хьакъ ду, гуьржийн Паччахьо дзурдзукийн (протовайнах. -Билг. ред.) къомах йоI ялийначу заманехь, дуьйцурш 4-3 бIешераш ду, вайн зама тIекхачале. Цаьршинан кIентан Саурмаган аьтто хилира паччахьалла шен карахь дита, ненахоша накъосталла а дина. Оцу Iалашоца цо дзурдзукаш баха ховшийра ерриг а Малхбалерчу Гуьржийчохь, Сванетина тIе кхаччалц, иза 3-гIа бIешо ду вайн зама тIекхачале. Дзурдзукаш вуно майра тайпа хилла, лулахой ларбала безаш болу. Иза тидаме эцча, цера тайпана зудаялор ша-тайпа маслаIатан а, вовше ларбеш вовшашна гIо даран а акт хилла: Парнаваза шен йиша маре яхийтина алане, ткъа аланаш герга хилла дзурдзукашна".

Вайнах Гуьржийчохь беха 200 гергга хиларна, цара тIеэцна хила мега меттигерчу нехан меттан шардаларш, ткъа цигара къилбаседахьа дIабоьлхуш "схьаэцна", шаьш гонахарчу нахаца буьйцуш хилла мотт, аьлла хета Шавхелишвилина.

Иза иштта хилар гойтуш ю ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а дуккха а топонимика хилар, гуьржийн бух болуш. Ткъа цо гойту керлачу меттигашкахь баха ховшуш, оцу меттигашна вайнаха шайна йоьвзуш йолу цIераш тохкуш хилар.

Шавхелишвили тешна ю, цова-тушийн кхетам а, цхьаьтерралла а - гуьржийн хиларх, ткъа бацойн мотт цара тIеоьцу гуьржийн меттан диалект санна, цундела гуьржийн мотт шайн ненан мотт хета царна.