Москварчу Тагански кхело Twitter, TikTok и Google компанешна 20 миллион сом сов гIуданаш тоьхна цара Оьрсийчоьнан Iедало магош йоцу контент цара дIа ца яккхарна. Оцу хьокъехь хаам бина "Интерфаксо".
Twitter бехкейина санкцеш елла йоцчу гуламашка нах кхойкхуш дина йозанаш дIа ца дахарна –6 административан протокол хIоттийна хилла Iедалхоша цунна дуьхьал. Социалан машина тоьхна гIуда ду 19 миллион сом.
TikTok компани а йина бехке оццу бахьаница – санкцеш йоцчу акцешка нах кхойкху йозанаш дIа цалакъорна. 1,5 миллион сом ду цунна тоьхна гIуда.
Google бехкейина магийна йоцчу контентна дуьхьало цаярна, гIуда тоьхна 3,5 миллион соьманна.
Хьалхо Роскомнадзоро Google декхарейира Оьрсийчохь магош йоцу ерриг а контент дIакъовла, иза ца дахь ша лагIбийр бу цуьнан болх, бохура.
- Цхьа-ши бутт хьалха Оьрсийчуьрчу кхелаша гIуданаш диттира Telegram мессенджерна а, "ВКонтакте", TikTok социалан машанашна миллионаш соьмашкахь, бехкейира уьш оппозиционерна Навальный Алексейна паргIато йоьхуш наха яржийна контент дIа цалакъорна.