Магасехь хиллачу митингехь дакъалаьцначу Оздоев Мохьмад-Баширна колонехь яккха бархI бутт хан тоьхна. Цо СИЗО-хь яьккхина хан а, цIера валар дихкина латтар а лерича, иза маьрша воккхур ву итт де даьлча.
Хаамийн гIирсашкахь дийцарехь, Оздоев лецира стохка ГIуран-беттан 26-чохь ГIалгIайчоьнан шахьарахь. МукIарло дан дуьхьало йира цо.
Байначу беттан 28-чохь кхело бовзийтина Оздоевн хьокъехь шаьш бина сацам. Иза бехке лерина Iедалан векалшна дуьхьал ницкъ баккхарна 2019-чу шеран Зазадокху-баттахь Магасехь хIоттийначу митингехь. Оздоевн адвокато Атабиев Кязима бина ишта хаам.
"Прокуроро цхьа шой биъ буттий хан ехнера цунна. Амма, кхело, Оздоев шен бехкана къера хилар чоьте а эцна, бархI бутт хан кхайкхийра цунна", - дийцина Атабиевс.
Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь Магасехь, Iедалша бакъо а елла, митинг хилира референдумех лаьцначу низамна тIехь хийцамаш барна дуьхьал. Цу хийцамашца а догIуш, доьхкуш ду Нохчийчоьнца долу административан доза хийцар хьокъехь референдумаш яр.
ШолгIачу дийнахь Iуьйранна тасадаларш хилира, Iедало елла бакъо а йоцуш, цу майданахь буьйса йоккхуш бисина хиллачу дуьхьалонан акцин декъашхойн а, ницкъаллин структурийн белхахойн а.
Цу къепедацаршкахь дакъалаьцначу нахана дуьхьал схьадиллина ду маситта бехктакхаман гIуллакх. Лаьцна ву маситта стаг.