"Вести республики" газетан корреспондентан хеттаршна жоп лучу нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада хьахийна Дагестанан бахаман министраллан векалша шина регионан дозанех лаьцна динчув дIахьедарх. Дагестанерчу шен коллегашца конструктиве дийцарш дIадахьа даим а кийча ву ша аьлла, билгалдаьккхина спикеро, ишта административан дозанаш къасточу пачхьалкхан комиссин куьйгаллехь а волчу Даудовс.
"Мичча хенахь а охьаховша кийча ду тхо. Вежараллин шина махко муьлхха хаттар а вовшашца дага а бовлуш, вовшашка ла а дугIуш, лулахойн юкъаметтигаш чIагI а еш листа дезаш ду", - аьллачу Даудовн дешнаш далийна "Грозный" телеканало.
Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дозанашкарчу къовсаме девллачу дакъойх хьахийра ишта кху деношкахь шен пресс-конференцехь меттигерчу латтанийн а, бахаман а министро Эминов Заура.
Цо бахарехь, дага а довлуш, вовшашца компромиссе а боьлхуш ситуаци ерзалур ю.
"Пачхьалкхан чу-ара ца баккхалучу бахаман реестре баьхна Нохчийчоьно цунах хаамаш. 2008-чу шарахь бина оха и болх. Цуьнца доьзна гучудуьйлу кхачамбацарш. Оха хIинцале а дIахаийтина, тхаьш дийцаршна кийча хиларх. Иштта позици ю луларчу республикан а. Тхайх хабар схьа ма туьйххи, тхо кийча ду дийца а, пачхьалкхан реестрехь оьшу хийцамаш бан а", - аьлла министро.
Стохка Чиллан-баттахь Даудовс дIахьедира, Нохчийчоьнан муниципалан кIошташкахь пачхьалкхан чу-ара ца баккхалучу бахаман реестре дозанаш дохуш белхаш берзийна шаьш аьлла. Дагестанан Iедалхоша жоп делира, шаьш довлаза ду Нохчийчоьнца дозанаш балгалдаьхна, цундела процесс йирзина олийла дац аьлла.
2019-чу шарахь вовшахтуьйхира субъектийн дозанаш къастон комисси: Нохчийчоьнан агIор цуьнан урхалле хIоттийра Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад, Дагестанехьара -цуьнан коллега Шихсаидов Хизри. ГIалгIайчоьнца дозанша къасточу комиссин куьйгаллехь а вара Даудов. "Нохчийн Республика" аьлла, социалан машанашкахь масийттаза у туьйхира Дагестанца дозанехь йолчу кIошташкахь.