"Кхерийна ду адам". Нохчийчохь нах идоран хроника

Белов Евгений

Кхушеран бIаьстенан муьрехь лаххара а 92 стаг лачкъийна Нохчийчохь. Меттигерчу оппозицин 1ADAT телеграм-канало даладо и терахь. Оцу могIарарчу хиламех цхьаберш бовзуьйту Кавказ.Реалиино.

Лечкъийначех мах баккхар

Нохчийчохь кхушара дуьххьара стаг вадийра Зазадоккху беттан 6-чохь. Соьлжа-ГIалахь ницкъхоша Москвара кхаьчначу автобус тIера охьаваьккхина, дIавигира нана йолчу вогIу 22 шо долу Магашев Межед. Иза махка кхачаре хьоьжуш Iийнера Iедалхой. 1ADAT-о бахарехь, ненаваша Имамурзаев Майрбек вийна хьалхо, Межедан нана Имамурзаева Диана кхаа баттахь латтийна набахтехь, дIахецна дукха хан а яц.

Телеграм-канало бечу хаамашлахь дуьйцу кадыровхоша шайн накъостий хIаллакбарх лаьцна а – цаьргара цхьаъ даьлча хIоттадо царна тIехь Iазап.

"Зазадоккху-беттан юьххьехь вийна карийра Шелара Яхъяев Болат. Кадыровн цхьана структурехь болх беш хилла иза. Официалехь дIахьедина, цо ша-шен вийна аьллча. Валале хьалха Болатна ахчан пирамида ловзош хааделла, цигахь дакъалаца воьлла иза. Шена бевзаш болчу кадыровхошкара миллионашкахь декхарш даьхна цо. Амма пирамида йоьхна, Болат декхарлахь висина шен хьакамашна. Кхеташ дац: ша тоьхна цо шена герз хьаьжа юккъе я гIодина?" – хеттаре вуьйла пабликан автор.

1ADAT-ан информацица, иза дIавуллуш дакъа а ца лийчадайтина гергарчаьрга декхар дIадоьхучара.

Стага динарг низамо зуламе лоруш дацахь, иза дIахоьцург гергарчаьргара ахча доьху кадыровхоша дукха хьолехь

Зазадоккху-беттан 17-чохь лачкъийна кхин цхьаъ: Нохчийчохь, еш кхел а йоцуш, нах бойъуш хилар дийцинчу полицин сержантан Гезмахмаев Сулиманан гергара стаг.

Зазадоккху-бетта юккъехь лаьцна Шелара Гулаев Анзор – исаламан туьканахь лело магош доцу молха эцарна. Молха магош доцчийн декъа яздина хилла дукха хан йоццуш, амма цкъачунна дукуш нисделла туьканахь. 1АДАТ канало бахарехь, туьканан белхахоша шаьш хьажийна ницкъхой Гулаевна тIе.

ТIаьхьо Гулаевн гергарчаьргара ахча дехна иза арахьоьцург – ах-миллион сом. Иза мукъаваккха шен машен дIайоьхкина дас.

"Стага динарг низамо зуламе лоруш дацахь, иза дIахоьцург гергарчаьргара ахча доьху кадыровхоша, дукха хьолехь, 200 000 сом. И ахча ца лахь, шаьш бехктакхаман гIуллакх кечдийр ду цунна дуьхьал, олу. Ткъа стагера даьлларг низам дохош нисделлехь, мах ах-миллионе хьалабоьду – "результат" еш, стаг чуволла юьззина бакъо ю шайн, олу, " – билгалдоккху 1ADAT-о.

Зазадоккху-беттан 24-чохь Курчалой-Эвларчу полицин декъан куьйгалхо Агуев Рустам коьртехь а волуш дIаяьхьинчу рейдехь лачкъийна некъахула йоьдучу ВАЗ-2109 машенан да. Хууш дац иза мила хилла хIинца а.

Iазап латтийна массарна а тIехь: массеран а санна пIелгаш лилхина, ток йиттина бу баккъаш а

ШолгIачу дийнахь Москвахь, Зазадоккху-беттан 25-чохь, лаьцна Оьрсийчоьнан яздархойн декъашхо Арбинин Шемал. 2000-чу шеран Чиллан-беттан 29-чохь Шуьйтан кIоштарчу Улус-Кертахь Псков дивизин эскархошна тIелетта боху иза.

Зазадоккху-бутт боьрзуш лаьцна шелахо, I9 шо долу Дубаев Увайс. Паблико бахарехь, Шелан кIоштан полицин декъахь ву иза, гIело йо цунна цигахь.

Оццу беттан 28-чохь Iалхан-Юьртахь лаьцна 39 шо долу Кагерманов ШаIрани, Хьалха-Мартанарчу полицехь кхобу иза, «наркоман» вина цунах.

Оцу юкъанна, Зазадоккху-беттан 3I-чохь дIахецна Чиллан-беттан 11-чохь лачкъийна Эвтара Азиев Аслан а, цуьнан воI ДжовхIар а, гергара стаг Азиев Ризван а.

"Iазап латтийна массарна а тIехь: массеран а санна пIелгаш лилхина, ток йиттина бу баккъаш а. Кадыровн режимна дуьхьалболчу шайн гергарчу нахаца зIенехь хиларна хьийзийна уьш, тхоьгахь йолчу информацица", - яздира 1ADAT-о.

Телеграм-канало бахарехь, цхьана Зазадоккху-баттахь лачкъийна Нохчийчохь лаххара а 24 стаг. Билггал хууш ю царех 12 стеган цIерш:

  • Магашев Межед
  • Имамурзаева Диана
  • Даудов Руслан
  • Духаева Иман
  • Духаева Раяна
  • Духаева Малика
  • Казалиев Илес
  • Истамулова Медна
  • Гулаев Анзор
  • Дубаев Увайс
  • Кагерманов Гарант
  • Ахметов ИбрахIим

"Хьийза а вина, вийна"

Охан-беттан 2-чохь гучудаьлла Германино депортаци йина Мамуев Нурмохьмад Нохчийчохь вар. Берлинехь лаьцна, Москва дIахьажийра иза, дIавеллла, гарехь, дуьненаюкъара низамаш а дохош, Нохчийчуьрчу Iедалшка.

Охан-беттан 6-чохь даьржира Устрада-ГIалахь мэр Iийна Темирбаев ИбрахIим валарх лаьцна. Официалерчу версица, некъан хьовзамехь велла иза. Амма иза вийна бохуш чIагIдо 1ADAT-о.

Охан-беттан 7-чохь оппозицин телеграм-канало пост хIоттийра 20I8-чу шарахь вайначу ГIой-Чуьрчу 29 шо долчу Гайтамиров Мохьмадах лаьцна. Гергарчара дийцарехь, коммуналан ахча дIадала вахначуьра вайра иза. Гучудаьлла кадыровхоша иза вадийна хилар. ЙоI ган аравала аьлла, Iехийна хилла жима стаг. Меттигерчу цхьана йоIа арахь Iан кхойкхучуха, тIе а вехна, «дIавелла» цо иза ничкъхошка. ТIаьххьара а бехкевина кадыровхошна тIелатарна.

"Иза вадийна а ца Iа, лечкъийна цуьнан уьйраш, доттагIий. Цунна гIело йина, тIаккха вийна иза а, цуьнца кхин шиъ цуьнан накъост а, дуьйцу. Хууш дац декъий мичахь ду", – яздира 1АДАТ-о.

Патриота гIело йира цунна, сийсазвира, нана хьийзор ю, бохуш, кхебира

Охан-баттахь хиира стохка вадийначу цхьана стагах дерг а – Шуьйтарчу кхиазхочух Чулаев Iабдул-Маликах. 16 шо бен дац цуьнан. 2020-чу шеран ГIуран-баттахь дуьйна ОМОн-о лаьцна латтош хилла иза меттигерчу полицехь, боху 1АДАТ-о.

Юхьанца, иза вадорах лаьцна хаам баьржича, интернете йиллира жимчу стага ша вадийна вац олуш видео. Видео шен сценарица тера ю, 1АДАТ-на хетарехь, вадийначу Тепсуркаев Салманах лаьцна Гезгмашин-баттахь яржийна хиллачух.

Видео яржочу муьрехь Чулаев полицехь кхобуш хилла, боху паблико, шен хьасташна тIе а тевжаш. Цигахь цунна гIелойина, хьийзийна. ДIахецна кхиазхо, канало бахарехь, Стигалкъекъа-бетта юккъехь.

Охан-беттан 12-чохь хиина Соьлжа-ГIаларчу Катаямера волчу Байсултанов Расулах дерг. Иза вадийна ГIура-баттахь. ТIаьхьалонах кхоьруш, бакъоларъярхошка ца бевлла цуьнан гергарнаш. Изоляторехь ву иза, бекхтакхам бу цунна тIекхуллуш.

РогIера хилам бу 20 шо долу Шовхалов Имам вадорах. Майртупхо вадийна, тахана дийна воцчу, полицин лаккхара хьаькам хиллачу полицин хьаькаман Мусаев Тамерланан гергарчу йоIанна Мусаева Замирина тIехьийзарна.

Шовхаловца цхьаьна вадийна хилла цуьнан доттагI, нийсархо Нукаев Гилани. Куьршаларчу полицехь латтийна и шиъ. Вахана хилла цига, 1АДАТ-ехь йолчу информацица, Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад.

"Кхаьчна Даудов МусаевгIеран цIа а, йиттина Мусаев Тамерланах йисинчунна а, йоIанна а, цара доьзал "бехбарна", - хаам бо телеграм-канало.

ТIаьхьо дIахецна лаьцначуьра Нукаев а, Шовхалов а. I5 шо долу Мусаева яхийта сацамбина Шовхаловга.

Охан-беттан I6-чохь 1АДАТ-о хаам баржийра Минкаил цIе йолчу нохчочух лаьцна. Паблико дийцарехь, ахшо хьалха лачкъа а вина, йиттина цунна ницкъхоша, Куршаларчу полицин буьйранчин гергарчу Багаев СоIипа шен куьйга маж яьшна цуьнан.

Еххачу хенахь Iазапна кIел бохку нах боьлла шайн хьолах, садеттар тоьлуш хета

1ADAT-ан версица, Минкаил ваьхьна хилла Патриот шех олучу Нохчийчоьнан вице-премьеран гергарчуьнца делахь а, евзачуьнца делахь а, юкъарло лело – цундела йина цунна гIело.

"Цул тIаьхьа Минкаил Кадыров Ахьмадан полке дIавигина, цигахь гIело латтийна цунна тIехь Патриота, ша нана хьийзор ю а бохуш. И "процедураш" йирзича, дIавелла иза Куьршаларчу полице", – яздина 1АДАТ-о.

Охан-беттан 23-чохь лецира 26 шо долу Берда-КIелара вахархо Татаев Акраман. задержали Шен берах йолу зуда юьгуш, Устрада-ГIала дарбан хIусаме вахна, иза ларъеш лаьттачу цунна тIебеттабелла ницкъхой, иза дIавига. Дарбан хIусамера араяьлла цуьнан зуда йига а гIиртина уьш. Майра дIавигина.

ТIаьхьо Татаевн масех гергара стаг а вадийна кадыровхоша. ТIаьхьо орцах декъан лоьраша хаийтина шаьш Акраманна дарба дан полице бахана леллийла а, иза цомгуш вуйла а. Шен накъосташна тIелоьйтуш лаьцна латтийна иза полицино. Татаевн гергарнаш бакъоларъяран "Мемориал" центре арз хьажор ду Iедалхошна цатайнарг (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн статусе язйина "Мемориал" амма "Мемориало" тIе ца оьцу шена и цIе. –Ред.).

IADAT-ан декъашхоша тергалдина Охан-баттахь Нохчийчохь ницкъхоша 47 стаг вадийна хилар. Евзаш ю 17-ннан цIерш:

  • Ахмадов Iела
  • Сайдулаев Мохьмад
  • Арцуев Лези
  • Аддиев Адам
  • Аддиев Амсад
  • Кахиров Iела
  • Чулаев Iабдул-Малик
  • Магомедов Расул
  • Шовхалов Имам
  • Шамаев ЖовхIар
  • Нукаев Гилани
  • Минкаил (фамили хууш яц)
  • Мамуев Нурмохьмад
  • Хиназов Алберт
  • Мачиев ШахIид
  • Татаев Акраман
  • Гадаев Мохьмад

Майрачун метта зуда а лоцу

Стигалкъекъа-беттан юьххьехь Олхазар-КIотарахь бовдийна Iумар а, ИсмаьIал а ГацаевгIар. "Террорхой" бу, аьлла, бехктакхаман гIуллакх ду царна дуьхьал кечдеш, чIагIдо 1ADAT-о.

Оццу баттахь Йоккхачу АтагIахь лаьцна ницкъхоша меттигера Индорбиев Ризван, Котар-Юьртахь 21-чохь вадийна Хадиев Идрис. Уьш Шеларчу полицехь латтош бу, 1АДАТ-ехь йолчу информацица.

Стигалкъекъа-беттан 22-чохь гучудаьлла Заводской кIоштан полицехь низамехь а доцуш лаьцна латтош, етташ хилар меттигерчу Каратаев Болатна. Юьхьанца цуьнан зуда ядийна кадыровхоша, махкал арахь вехачу цунах «хийцархьама». ЦIа а веъна, полицин каравахана Каратаев. Дих берд у цуьнан. Иза мукъавоккхург 300 эзар сом доьху.

Магомадов Ризван вадийна ницкъхоша Теркайистерчу Элин-Юьртара. Стенна, муха вадийна хууш дац – юьртахоша вуно дика вуьйцу Магомадов.

Стигалкъекъа-баттахь 2I стаг лачкъийна кадыровхоша, яздо 1АДАТ-о. Билгалъяьлла царех 9-ннан цIе

  • Дадаев ИсмаьIал
  • Багазаев Адам
  • Гацаев Iумар
  • Гацаев ИсмаьIал
  • Индорбиев Ризван
  • Султанов Аслан
  • Хадиев Идрис
  • Каратаев Болат
  • Магомадов Ризван

Европера цIахьийсийначаьргара хьал

1ADAT шаьш къастийна тергал бо Европера цIехьахьийсийна нохчий. Яхначу бIаьста 4 стаг ву депортаци йина билгалваьлла.

Францино зазадоккху-баттахь Оьрсийчу дIахьажийра Садуев Илес – ворхI беран да ву иза. Нохчийчу кхаьчча кадыровгIеран каравахана иза, боху 1АДАТ-о. ХIинца хьийзош ву иза, боцу бехк тIеэцийта гIерта.

"И сурт ца хеддаш лаьтта, нах Iадийна бу, дог диллина нийсонах", – аьлла 1ADAT-о Нохчийчуьрчу хьолах лаьцна.

Кадыровс санна, стаг бахьанехь гергарчарна тIехь таIзар латтадо Францино а, низамехь йоцу депорташ а йо.

Оьрсийчу Францера дIахьажийначул тIаьхьа ницкъаша Нохчийчу дIавигина Гадаев Мохьмад ву гIелонехь латтош.

Францехь лецира Гадаев Мохьмад Охан-беттан 8-чохь, иза полице вахча. ХIора денна лелаш вара иза цига, ша депортацех хьалхавоккхуш кхело бина сацам кхочушбеш: адвокато тоьшаллаш далийнера цунна Оьрсийчохь ваха кхераме хилар тIеччIагIдеш.

Амма кхелан сацам а ца ларбеш, Францино экстрадици йина цунна. Хьалхо ша депортацин лагерехь сацийча, протест кхайкхош, шен гай цистира Гадаевс.

Москва дIакхачийча, "Шереметьево" аэропортехь ФСБ-н белхахоша сацийна латтийра иза, адвокаташа а, юкъаралхоша а сахьташ дехира иза дIахецаре хьоьжуш.

Шен ваша вехачу Новый Уренгой дIа а хьажийна, цига дIакхаьчча лаьцна Гадаев.

Нохчийчохь Охан-беттан 10-чохь Гадаевна дуьхьал бехктакхаман дов гIаттийна низамехь а доцуш герзаш лелорна. Талламан урхаллаша цо герз къайладаьккхина меттиг карийна боху.

Францера депорт йина волу Арцуев Лези лаьцна Нохчийчохь Охан-беттан 3-чохь, кIиранах латиийна Гумсерчу полицехь.

" Кадыровс санна, стаг бахьанехь гергарчарна тIехь таIзар латтадо Францино а, низамехь йоцу депорташ а йо", – аьлла комментари йина 1АДАТ-о.

Полице телефон тоьхна Арцуевн хьокъехь, амма дIа ца хецна иза Охан-беттан 15-чохь бен, яздо телеграм-канало.

Германера депортаци йича Нохчийчу кхаьчна Мамуев Нурмохьмад вайра. Хьалха-Мартанарчу полицехь кхаьбна иза. ДIахецна Охан-беттан 20-чохь.

"Ютуху мозий" Кадыровн режимна дуьхьал

Шо ду 1ADAT телеграм-канал болхбан доладелла. Кестта шаьш аноним хьолера девр ду, аьлла каналан декъашхоша. 12 беттан статистика йовзийтина цара: шарахь, цо динчу хьесапашца, 1863 стаг лаьцна, вадийна Нохчийчохь ницкъхоша. Вийна царех лаххара а 12 стаг.

Зазадоккху-баттахь юкъаяьккхира телеграм-канало "Ютуху мозий" проект: мила, мичахь вадийна, хIун зуламаш дина кадыровхоша хоуьйту цо. "Вайша" меттигашкара дIакхачайо информаци, иза листа а луьстий, бакъ хилча, зорбане йоккху 1АДАТ-о – иштта боху цуьнан администратора. Шайн "ютуху моза" лаьцна меттиг нисъелча, сихха баржабо орцан кхайкхам.

Пабликан дайша бахарехь, проект юкъаяьллачу масех дийнахь 100 сов нохчийн информатор юкъаваьлла пабликна – Нохчийчуьра а, арахьара а бу уьш. Шатайпа кхерамзаллин протокол леладо Iадатхоша шайн Нохчийчуьра накъост лаьцча, цунна дуьхьал дареш ца дисийта.

Каналан администратора бахарехь, 60 гергга информатор ву 1АДАТ-ехь. Цкъачунна "ютуху мозашлахь" 90 стаг ву, амма ши-кхоъ бен вац жигара.

Кавказ.Реалиица къамел динчу "Iазапна дуьхьалояран комитетан" бриста Янгульбаев Абубакара бакъ лору 1ADAT-о яржош йолу информаци.

"Суна гарехь, 1ADAT-о информаци лецначийн, байначийн гергарчаьргара, лулахошкара лахьайо. Цо аьлла масех меттиг зен сан а дезна, паблик бакъ лоьш карийна", – элира юриста.

Делахьа, массо а цуьнан хаам буьззина бакъ бу олийла а дац – Нохчийчохь нах къовлабелла беха, боху Янгульбаевс.

Кавказ.Реалии дуккхаза а гIиртина Нохчийчохь нах бовдийна, олий, баьржа хаам цигарчу полицин урхаллица бийцаребан. Амма чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин векалша жоьпаш ца делла я телефон тоьхча а, я электронан кехатца офциалехь хаттарш дича а.