Телехьожийлехь йоьдучу эфирехь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир маьттазчу маттахь сийсазвинчу журналистана Габуния Георгийна ечу кIелонан теш нисвеллера стохка Гуьржийчуьра нохчийн бизнесхо Халитов Хьасан. Шена кIелоярна Кадыров Рамзанан агIончаш бу аьлла, тешначу Халитовс чIагIдо, шена дIовш дала гIоьртинера бохуш.
Автомобилаш тIехь бизнес лелош вара Халитов: шен автосервис яра цуьнан, машенийн меженаш юхкура цо, Оьрсийчу йохка машенаш юьгура. Габуния Георгий вен гIортина аьлла, шеконаш кхоллаелла Боков Васамбек бахьана долуш, лечкъаш лела декхаре хилира иза. Шен бизнесах ваьлла Халитов, шен дахарна кхерамечу зилах чекх а ваьлла иза, амма хIинца а шена веран кхерам лаьтта хьалха а санна аьлла, хета цунна. Цо сагатдо шен Нохчийчохь бисинчу гергарчарна. Царна кхерамаш туьйсу, кхуьнан интернетера жигаралла бахьана долуш: ютьюбехь а, хаамийн гIирсашкахь а, киллерш Iорабохуш, дIахьедарш до цо.
Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Халитовс дийцина, муха, мила вара шена дIовш дала гIоьртинарг, Кадыровн дуьхьал стенна ваьлла ша, нохчийн криминалан авторитетца ша вуозарх а.
- Хьасан, дийцахьа, стенна тIера доладелира хIара дерриг а?
- Стохка Мангал-баттахь со а, суна вевзаш волу кхин цхьа ши накъост а, цара дехар дина соьга, шайн цIераш ма яхахьара аьлла, Гуьржийчоьнан къайлахчу сервисаша совцийнера тхо. ШолгIачу дийнахь дIахийцира тхо. ДIа ладоьгIча, тхо хилла Габуния Георгий вен гIортарца толлучу гIуллакхна тIехула совцийна, тешаш санна.
Киллерш лаьцначул тIаьхьа, къаьстинера, паспортца иза Боков Васамбек хиллийла, ткъа соьга ша Ахьмад ву бехира цо. Бакъйолу цIе хиллера цуьнан Гуцигов Мохьмад.
Стохка, иза лацале 3-4 бутт хьалха вевзинера тхойша. Суна вевзачу Башлам цIе йолчу Украинерчу цхьана накъоста маша боьзнера тхуна юкъахь. Цуьнан фамили ца хаьа суна, 2013-чу шарера схьа дуьйна вевзаш воллушехь. Кадыровхошна болх беш ву иза, амма хIетахь суна ца хаьара - цхьа бакъахаьара кIант хетара суна иза.
Юьхьанца Ахьмада шена БМВ машенан мотор оьшура, Украине дIаяийтахьара шена аьллера цо, хIунда аьлча, Гуьржийчохь йорах яра уьш. Ас цунна гIо дира. Юха а веара иза, шена машен оьцуш гIо дахьара аьлла. Машен а эцна, юха а дIавахара иза, ама цхьа ши кIира даьлча юха а веана, масех бутт кхузахь баьккхира цо.
- Хьоьца къамелашка хIунда ваьллера киллер?
- Со кхетарехь, сох пайдаэцна хиллера цо. Билггал, соьгахула эцна мотор эшна хила там бара цунна, хIетте а, иза хьулвархьама сох пайдаэцнера аьлла хета суна. Шех шеконаш ца хиллийта, бизнес лелош ву ша бохуш, сурт хIиттадора цо. Суна ца хаьара хIетахь, со тешара, Iовдал санна.
"Суна хIеттахь хиънехьара, Ахьмад стенна веана, ас иза полицига дIавелла хир вара
ХIетталц гуьржийчохь дика лоруш вара со - кхузахь массо а нохчо тергонехь латтош ма ву. Со вевзара къайлахчу сервисашкахь а, полицехь а, царна гора со хьанал болх беш вуйла. Суна хIеттахь хиънехьара, Ахьмад стенна веана, ас иза полицига дIавелла хир вара. Со цуьнца цхьана хиллехь, я со а, я сан накъостий а кIелхьарабевлла хир бацара. Цхьана пхийтта шерашна мел лахара а чу духкур дара тхо.
"Нохчий массанхьа кIелхIиттабо"
- Ахьмад лаьцначул а тIаьхьа хIун хилира?
- Оцу сохьта соьца зIене велира Башлам. Иза кIелхIоттийна, цунна гIо дахьара ахь элира цо соьга. Ша дош ло, бохура, иза кадыровхо вац аьлла, я киллер а вац бохура. Провокаци ю иза аьлла, цо тIетуьйхира, суна хаа деза аьлла "вай, нохчий, массанхьа а кIелхIиттош ду". Оцу хенахь со цунах тийшира. Сан телефон Ахьмадан шиче лур ю ша элира цо. Цул тIаьхьа Майрбек цIе йолу накъост зIене велира соьца. ТIаьхьо хиира суна, иза гоьваьлла криминалан авторитет Дукузов Казбек хиллийла. ТIаккха доллучунна а тIекхиира со. Дуьххьар цо телефон тоьхча, суна ца хиинера, Соьлжа-ГIала шена тIе стаг ваийта элира цо, адвокатна догIу ахча дIаэца. Суна вевзачу стаге пхи эзар долларшкахь ахча дIаделлера цо. Эххар а адвокатца барт бира ас, амма иза лаца со ца кхиира. Соьга ахча схьакхаьчначу шолгIачу дийнахь - соьгара ахча дIадаьккхира - цIенна уллохь дуьхьал а бевлла.
- Муха хиънера цунах лаьцна полицина?
- Соьга дийцарехь, Гуьржийчохь шеконаш хуьлу, криминалан авторитетца къамел динчуьнца. Полици хиллехь а, къайлаха сервисаш хиллехь а, суна тIаьхьабевлла лелаш хиллера, ас дечу къамелашка ла а лоьгIуш.
- И хьайх Iоттаделлачул тIаьхьа гуьржийн бакъоларъяран органашка дIахаийтирий ахь?
- Цаьрга а велира со, амма политикан тховкIело ца елира суна. Дуьненаюкъара орца дийхира ас - кхин цул тIехдаьккхина дехар дойла яцара сан, амма Iедалхоша дуьхьало йира суна, бахьана ца го шайна аьлла.
- Полицехь хаийтирий хьуна, Боков кхераме хила тарло аьлла?
"Суна дIавахча гIоле ду олура полисхоша
– Шайга далург дерриг а дийр ду элира полицехь. Амма миграцин хьукматашна церан сацамо тIеIаткъам ца бира. ХIаъ, бакъду, кино чохь санна, сайна тIаьхьа бевлла нах ца гора суна. Суна тIаьхьа ваьлларг мила ву хьажар - церан болх ма бара. Суна ха а ца лора. ДIавахча гIоле ду хьуна, дийнахь а, буса а хьо Iалашвина шаьш девр дац олура полисхоша соьга. Воьдуш-вогIуш дIаса а хьажа, само йе, чуьра аравийлар кIезиг хилийта, хьайн ма-хуьллу, ларло олура. Цкъа элира соьга, шайга кхаьчначу информацица, кадыровхошца воьзна Москавара цхьа бизнесхо со вейта дагахь, мах белла стаг лоьхуш ву аьлла.
"Ишта а, вуьшта а со вен лууш бу"
– Ахчана тIехула хьан гергарчаран сингаттам баккхирий цара?
- ХIан-хIа. Дукузов Казбек суна мила ву хиъначул тIаьхьа, со доллучух а кхийтира, хIунда аьлча, Дукузов хьакхавеллачу меттигехь тIелатар хуьлу, я цIий Iаьна. Хлебников Пол а, Политковская Анна а, Венера Анзор а (Кадыровн критик, блогер Умаров Мамихан.-редакцин билгалдаккхар.)уьш бойъуш юкъахьакхавелла ву иза. Официалехь лехамашкахь ву иза, амма Нохчийчохь паччахь санна вехаш ву.
Кадыровн гонашца гергарлонаш ду Дукузовн. Дуьйцуш ма-хиллара, Анзор вийначул тIаьхьа Кадыровс берриш тIе а гулбина, массарна а масална хестийна Дукузов. Кадыровс аьлла, хьовсал, сан сий меттахIоттийнарг Дукузов ву, иза сан ваша ву, доттагI ву, бохуш. ЦIий дукха мийлинарг, иза ву-кх оцу шайтIана Кадыровна герга.
- Ишта дIаяздой ас?
-ХIаъ, язде, коьрта шайтIа ду алий. Ишта а, вуьшта а со вен лууш бу. Шайга мел далург цара хIинцале а дина.
- Хьан цIийнах болчарна къаьсттина хьанна лаьтта кхерам хIинца?
"Сан воккхахволу ваша бертаза Москвара Нохчийчу дIавигна, цигахь латтош ву иза, цхьанхьа а дIаса а ца волуьйтуш
– Москвахь сан шолхаг-ваша а, нана а ду. Ткъа йиша Нохчийчохь ю. "Хьайн йишина са ца гатдо ахь?" хоьттура соьга. Иза марехь, нехан цIентIехь ю, амма царна бен-башха дац, суна кхерамаш хезабо, шаьш цунна а таIзар дийр ду бохуш. Ткъа сан воккхахволу ваша бертаза Москвара Нохчийчу вигина цара, цигахь латтош ву, цхьанхьа а дIаса а ца волуьйтуш. Шаьш аьл-аьлларг соьга телефонехула схьа олуьйту. Цунна тIехь йоккха контрол ю цара латтош. Мичча хенахь а, цуьнга телефон тоьхча, цаьрца дIаваха везаш ву иза, стенга вуьгу билггал ца хаьа суна. Тхан къамелашка ла доьгIу цара, церан тIедилларца, цIера телефон етташ ву ша, делкъе еш ву, я хIинцца самаваьлла ша бохуш, къамелаш до цо. Хьо нийса вац, Гуьржийчохь хиллачу инцидентах Кадыровна хууш а ца хилла бохуш, мелхо а суна дика болх бан гIерта иза, дог цIена стаг ву иза бохуш, дуьйцу вашас. Кадыровга оцу гIуллакхан йист яккхахьара алий, кхайкхам бе бохуш, дехарш дора соьга вашас. Суна-м хууш ма дуй, стенгара схьа ду и къамелаш, вашас шегара ца дуьйций.
"Мачаш цунна магахь, дIаюхкур ю вай"
- Дийцахьа, хьуна муха дIовш дала хьийзара уьш?
-Москварчу ФСБ-хь болх беш ву Илес цIе йолу цхьа стаг. Суна дIовш лург цхьана зудчунна бIе эзар долларшкахь ахча а, харц цIарца паспорт а кечдийр ду ша бохучу къамелан аудио кхаьчна соьга. Гуьржийчу еанчу хенахь суна дIовш дала дезаш яра и зуда.
- Муха кхаьчна хьоьга и аудиош?
- Оцу зудчо ша кхачийна. Хьалха кадыровхошца болх беш яра ша, амма хIинца дохкояьлла, сох доглезна шен, со дика кIант вуй хиина бохура цо. Амма со цунах дIоггара тешаш вац.
-Нохчийчуьра ю иза?
-Нохчо ю ша бохура цо, нохчийн маттахь къамелаш а дора.
- Хьоьца зIене муха елира иза?
- Интернетехула. Бутт хьалха евзинера иза суна, ша Украинера схьа Гуьржийчу йогIур ю, петар лоцуш а, сим-карта оьцуш а гIо дахьара баьхнера цо. Кхуза кхаьчначул тIаьхьа бехира цо соьга, шен Москварчу ФСБ-ца уьйраш ю, Илес цIе йолчу стеган цIе а йоккхуш.
"Къайлахчу сервисашкара нохчий балхара дIабевлча, церан хIусамаш хIаллакйо кадыровхоша
Ма-дарра аьлча, ФСБ а, кадыровхой а вовшашца доттагIаллехь бац. Къайлахчу сервисашкара уьш дIабовлучу заманчохь, кадыровхоша церан цIенош тIаьхьо хIаллакдо. Цкъацкъа белла карабо уьш, "ларамза" бердах вахана а олу, масала. Илеса сан хьолах пайдаэцна, цаьрца йолу юкъаметтигаш дIанисъярхьама. Кадыровна хьалха баллаш яха, хIунда аьлча, пенси ваха дагахь ву иза. Кадыровн критик цо вийча, цунах пайда а баьлла, маьршша Нохчийчохь вехийла дара цуьнан.
Оцу аудио тIехь Илеса а, оцу зудчо а шифровкашца къамелаш до. "ДIовшан" метта "бриллианташ" олу цара. Илеса боху, "цунна мачаш ца магахь, мачаш дIаюхкур ю". Сан кхетамехь, дIовш мачаш чу я юучух тоха боху цо. Цхьа кхача а кечбина, со хьошалгIа кхойкхур ву ша боху цо. Хила тарло и дегIах дIахудалун дIовш. Кхин цхьа хIума а хаьа суна, Тбилисехь цуьнга дIалур долуш хиллера и дIовш а.
Ишта, Илеса боху цуьнга, журналист вен Iалашо хиларх Васамбека соьга дийцинера, ткъа ас иза къайлахчу сервисашка дIавелла, со царна болх беш ву. Иза аьшпаш ма бу. Цо дерриг а дIаяздина. Соьга дийца сацам цуьнан хIунда хилла - со кхеташ вац. Эхь-бекх долуш кхин дIа яха лаьа шена аьлла, кхетийра цо со.
- ХIинца стенгахь ю иза?
- Цунах дерг суна хууш дац. Цо ца олу соьга, тхо хIинца а зIенехь доллушехь. Тайп-тайпана цIерашца ду цуьнан паспорташ. IАДАТ телеграм-канало зорбане даьхнера уьш. Суна хаьа, цунна а кхерамаш бу туьйсуш.
- ФСБ-н белхахочун аз ду аудио тIехь дерг аьлла, хIунда хета хьуна?
- Суна цуьнан телефонан номер караеара, цуьнга телефон туьйхира ас. Ишта цуьнан суьрт а карадеана суна.
- Шун къамел муха тасаделира?
- Со цуьнан коча вахара. Аьлча а, Илес вуй хьо хаьттира. "Ву" аьлла, жоп хазийра цо, тIаккха нохчийн маттахь цуьнца девне велира со. Важа цецваьллера, хоьтту: "Хьо мила ву?" Ас боху, хьо суна тIаьхьаваьлла ву аьлла, хезна суна, хьо хьанна дIовш дала гIерташ ву дицделла хьуна. Воьхна хьоьвзира иза цкъа, шена со ца вевза аьлла, жоп делира.
- Аудио-къамелаш а, сурт а Iорадккха бакъо ярий хьоьгахь?
- ХIан-хIа, яцара, амма и зуда евзинера, машанашкахь даржон долийра цуьнан тайп-тайпанчу паспорташ тIера суьрташ. Хасав-юьртара ю иза, яздора. Илеса миллион сом а делла цхьахдолу паспорт даккхийтина шена бохуш, дуьйцура цо.
- ХIара дерриг а нахаладаьккхина ахь, хIетте а хьо вен хьийзаш бу хIинца а. ХIунда?
"Кадыровхошна моьтту, Габуния вен гIортар ас юкъахдаьккхина, шайн стаг полицига дIа а велла
- ХIунда аьлча, кадыровхошна моьтту, Габуния вен гIортар ас юкъахдаьккхина, шайн стаг полицига дIа а велла. Васамбека тешийна хила а тарло уьш цунах, бехк суна тIе таттархьама. Цуьнга хиттина хир ма ду цара, и операци юкъах хIунда яьлла.
- Путин аьшнашварна кадыровхойн куьйгашца Габуния вен гIерта?
- ХIаъ. Хьуна ма хаьа Немцов Борис а, кхин болу Путинан дуьхьалончаш хьан байина.
- Хьуна хетарехь, мича тIегIанехь дара и омра?
- Со теш ву аьлла, со новкъараваккха гIерта Москварчу ФСБ-н белхахо. Ткъа журналист вен киллер хьажийнарш Кадыровн го бу.
- ХIокху доллучух а а массарна а хезаш дийца даьккхича, цхьа а хIума хийца деллий?
- Дуьххьара ас Абдурахманов Тумсона интервью елира, тIаккха цул тIаьхьа хIара зуда гучуяллалц тийналла лаьттира. Сан цIахь а, сан гергарчарлахь а, Гуьржийчохь а. Сан доттагIаша олура соьга, лаа хIоьттина яц хIара тиналла. ЧIогIа ларлуш хила веза хьо. Ишта нис а делира.
- ХIинца хьоьгара хIун оьшу царна?
- Сан Iа лакъон, сайна кIелоярх а, Васамбеках а ас дийцинарг юхаэца лаьа, фейк яра иза аьлла. "Пачхьалкхан мостагI" ("Враг государства") кино чохь санна, ларамза нисвелла со къайлахчу сервисийн а, кадыровхойн а, шпионийн а мостагIаллина юкъахь. Суна оьшуш хIума дацара хIара. Со дикка тIаьхьакхуьуш а вац хIокху гIуллакхна. Амма кадыровхошна чIогIа марзделла хIума ду нах сужде бахийтар. Царна критика йинчо уьш къинтIера баха безаш бу я вала везаш ву.
***
Нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос шен "Кофе по-грузински" роликехь дуьйцу, 2000-гIа шераш дуьйлалучу хенахь летачу заманчохь шеца доьшуш хилларг вен а вийна, ведда ваханера Боков Васамбек, бохуш. Цигахь нисвеллера, журналист Хлебников Пол (Forbes журналан оьрсийн версин коьрта редактор.- редакцин билгалдаккхар.) верна бехке лору Дукузов Казбек а. ТIаьхьо кхело бехказа ваьккхира иза.
2010-чу шарахь Дубайхь лецира и шиъ, азербайджанхойн совдегарна тIелатар дарна итт-итт шераш хенаш а кхайхкош. Пхиппа шераш чохь а даьхна, амнистица араваьлла и шиъ, Нохчийчу юхавеара. Делахь а, Оьрсийчохь хIинца а лоьхуш ву и шиъ: цхьаъ Хлебников верна, шолгIаниг - ГIебарта-Балкхаройчуьра студент верна. Нохчийчохь "Нефтеполкан" дозана тIехь вехаш вара и шиъ, тахана Росгварди олу цунах. Цигахь ца лехнера и шиъ.
ТIаьхьо Дукузовн зIенаш тийсаелира Кадыровн гонерчу нахаца, маьрша Нохчийчохь ваха а волавелира иза, шена цIа дина, "Майбах" машенахь дIаса а лелаш. Ткъа Гуциев Украине дIавахара харц паспорт а даккхийтина.
Абдурахмановна хетарехь, Дукузовн дог айира, Кадыровн Iедална товш боцу нах байинчул тIаьхьа. Абдурахмановн версица, Гуциев-Боков лецира Тбилисехь Украинерчу къайлахчу сервисийн информацица, хIунда аьлча, шина а пачхьалкхан претензеш яра цуьнга. Дукузовна а, Гуциевна а юкъахь уьйр ю аьлла, билгалдоккху цо.
Ишта блогеро бахарехь, Венера Анзор верна а Дукузов бехке ву аьлла, информаци ю. Жимчохь дуьйна дотттагIаалла хилла Сарали цIе йолчу килеран а, Дукузовн а. Шеконаш яц Дукузовн а Делимхановн а юкъарлонаш хиларх а, боху Абдурахмановс. Цо дийцарехь, Габунияна тIелатар дар - Оьрсийчоьнан Iедалхошкара кхаьчна политикан омра дара.