Оьрсийчохь вакцинаци муха дIайоьду гойтучу статистикехь Къилбаседа Кавказан регионаш тIаьххьарчу меттигашкахь ю. Иштачу хьелашна резавоцчу Дагестанан куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдечу Меликов Сергейс, белхашкара дIабовла беза, аьлла, оцу гIуллакхца ларош боцу кIоштийн куьйгалхой. Ткъа низамо магош дац нахе ницкъаша вакцинаци яйта. ХIун хета оцу хьокъехь Къилбаседа Кавказерчу медицинан говзанчашна?
Уггар кIезиг вакцинацех нах чекхбевлла мохк бу Дагестан, цигахь мехий ца деттийтина шайна 3,4% бахархоша бен. Нохчийчохь шозза сов лакхара ду и терахь - 7,5%. Къилбаседа ХIирийчохь уьнна дуьхьал мехий деттийтина бахархой бу 7%, ГIалгIайчохь - 9%, ГIебарта-Балкхаройчохь - 4%, Кхарачой-Чергазийчохь - II%, Ставропол-махкахь - 10%.
"Къонахоша санна барт бер вай. Оперативан штаб гулъер вай рогIехь –тIаьххьарчу пхеа метте нисъеллачу кIоштийн куьйгалхоша шайн лаамехь болх буьтуш кехат яздийр ду: "Соьга урхалла ца дало сайх тешийначу муниципалан декъах, соьгахь де дац сайн кIоштахь бехачу наханна кхерамзалла хIотто", аьлла. Дегабаам а боцуш, шен цIа гIур ву ишта куьйгалхо", – дIахьедина деношкахь уьнна дуьхьалоечу оперативан штабехь Меликовс.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчоь а, коронавирус а: ца лаахь а, лууш санна вакцинаци яйтарОцу юкъанна Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира масийтазза билгалдаьккхина, коронавирусна дуьхьал вакцинаци мегар дац ницкъаша ян. Цо бахарехь, нах шайн кхетамо арабаха беза уьнна дуьхьал вакцина шайна тохийта. Ткъа Оьрсийчоьнан кхерамзаллин кхеташона гарехь, ницкъаша вакцинаци дIаяхьа тарло "пачхьалкхан а, бахархой кхерамзаллин а дуьхьа".
Дагестанерчу лоьрана Халитов Салимна хетарехь, проблема яц вакциница республикехь, деккъа дIа адамаш ца доьлху иза шайна тохийта, ца теша уьш Iедалх.
"Цкъа вакцинаци ечу цхтана метте кхаьчна со. Еса лаьтта иза, цхьа а вац чувахана, медикаш газеташ а луьстуш Iа. Нах ца теша Iедалх, цо халкъанна пайде хила тарлуш ечу пропагандех а ца теша, лору иза эрна, кхераме, цундела пебетта", – элира Халитовс Кавказ.Реалиига.
Меликовс вакцинацин рейтингехь тIаьхьара нисъеллачу кIоштийн дай даржашкара бохор бу бахар "хьаштдоцург" ду аьлла хета цунна, мухха а нисделча а дIаваккха везар ву даржера тIехьа нисвелла пхи куьйгалхо.
КХИН А ХЬАЖА: Вакцина тоьхна боцчарна, уьш цомгуш хилахь, дарба лелор дац, аьлла КадыровсОфициалехь вакцина тоьхна бу боху 3% дагестанхой, ткъа ма-дарра аьлча, бац мехий деттийтина оццул нах а, аьлла комментари йира статитистиканна "Пациентан мониторинг" цIе йолчу цхьаьнакхетараллин куьйгалхочо Увайсов Зияудина. Цунна хетарехь, вакцина ян сов хьашт долуш меттиг а яц Дагестан.
"Дагестанехь 70–80% гергга нах бу коронавирус лацна бевлла. Оцу нахана ца хета шайна вакцина тохийта оьшу аьлла, цундела нийса дац терахьашна тIетийжа", – билгалдаьккхира Увайсовс.
Цунна хетарехь, Меликов Сергейс аьлларг кIоштийн дайша шаьш нах ледара кхетабо бохучух туьду. Амма мехкан куьйгалхочо тесначу кхерамо хьаькамаш йоцу статистика кхолла, естон арабохур бу, боху цо.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчуьрчу пенсионеро нах шена къинтIерабаьхна махкахь вакцина ницкъаша йойту аларнаГIалгIайчохь коронавирусан вакцинах "цатешачаралахь" бу дукхаболу бахархой, боху меттигерчу лоьро-рентгенолога Ахильгов Ахьмада. Цудела кIезиг бу цигахь мехий шайна доьттуьйтурш.
"Суна сайн гонехь ца хаабелла вакцина тоьхнарш хьовха, иза тохийта лаам берш а. Хила-м тарло иштаниг цхьаъ-шиъ. Суна хууш, проблемаш ю лоьрийн вакцина яйта нах тIе цалеларца", – хаам бира Кавказ.Реалиин корреспонденте Ахильговс.
Цхьацца цамгаро дарбан хIусаме кхачийначу нахера, уьш чубахкале, лоьраша вакцинаци ярх долу тоьшалла доьху аьлла шена ца хезна, бохура цо. Мехкан куьйгалла гIеххьачул озало меттигерчу лоьрашна хетачух, элира Ахильговс: "Пандеми яьржича, лоьраша сихха бан болийра шайн болх, могашаллин министралло буьйр даре а ца хьоьжуш, къовса а лора цуьнца, шаьш лохура дерриг а оьшург эца спонсорш – хIетахь иштта бан безаш бара болх".
Къилбаседа ХIирийчоьнан Iедало, ца йойту ша вакцинаци ницкъаша, чIагIдо, амма иза ца йича ца бовлучу хьелашка хIиттабо бахархой, элира цигарчу цхьана дарбан хIусамерчу белхахочо Калагова Гаянас
"Стационаре кхача, могашалла тоян, хуьлда иза эндокринологица, пульмонологица я кхечу цамгарца доьзна, кехат оьшу стагна вакцинаци йина аьлла. И кехат доцуш, дарбан хIусаме вижа некъ бац цомгушчунна. Изза ду санаторешкахь а. Иза низамца ца догIу, бакъо талхор ду. Ницкъаша цхьа а ца во декхаре, амма кхин аьтто ца буьту. Балха хIуттуш а оьшу изза кехат. Оцу хIилланца декхаребо нах мехий деттийта", – дийцира Калаговас.
КХИН А ХЬАЖА: "Левада-центр": шайга хеттарш динчу Оьрсийчоьнан бахархойх 59% кийча бац вакцинацинаНохчийчохь вакцинацин статистика лакхайоккхуш шегарчу административан ницкъах пайдаоьцу Iедало. Кавказ.Реалиино яздина ма-хиллара, полици улле а йоккхий, нехан хIусамашка лела лоьраш. Цара герггарчу поликлинике кхойкху нах мехий деттийта.
Стигалкъекъа-баттахь республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шогга къамел дира вакцинацина дуьхьалболчу нахах лаьцна. Ковид-диссиденташна лоьралла массарел а тIаьхьа ден, бохура цо, "хаийта, мел кхераме ду хIо ца тоьучу хенахь". Ткъа оцу къамело нах оьшIазбахийтина гича, яздира, уьш шех нийса ца кхетта.
"Пандеми юкъа ма-елли, болийра оха белхаш, хIинца а бу нехан могашалла шIалашъен болх дIахьош, дехкарш а дац сов луьра, мехий деттийтар – иза цхьа некъ бен бац коронавирусан кхоалгIа тулгIе сацо, ткъа иза йолалахь, хир ду хьал кхин а кхераме, яхлур ю и тулгIе – стохка хилларг "каникулаш" яра, бохур ду", - элира Кадыровс ши кIира хьалха.
Карарчу муьрехь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думехь йийцаре йиллина ковидна дуьхьал мехий деттийта лоьраш а, хьехархой декхаре бечу низаман проект. Цкъачунна оцу проекто боху, бахархойн "бакъо ю профилактикан мехий ца деттийта", амма цо йо нахана цхьацца дуьхьалонаш: цхьана ханна школашка, поликлиникашка цалелийтар, "ун кхета сов кхераме долчу меттигашкахь" балхах юкъахбахар.