12 шо хьалха лачкъийначу нохчочун нанна 60 эзар евро дала декхарейина Оьрсийчоь

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоь декхарейина Соьлжа-ГIалахь 2009-чу шарахь воI вайначу нанна Малаева Марияна 60 эзар евро дала. Оцу хьокъехь хаам баржийна "Iазапна дуьхьалояран комитето".

Соьлжа-ГIалахь Сайдахмадов Асланбек вайнийла бакъоларъярхошна хиина 2012-чу шарахь. КIентан нанас дийцина, кхо шо хьалха бевзаш боцчара петарара ара а ваьккхина, машена а хаийна, дIавигира иза, аьлла.

Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалла ца толлуш хьийзина хилларг, ткъа айдина хилла гIуллакх дIакъевлина тIаьхьо. Иштта нисделла, Сайдахмадов Астраханера Соьлжа-ГIала а валийна, цуьнга ша вадийна вацара, шен гергарчаьргахь вара бахийтинчул тIаьхьа.

Хан ялалале юха а вадийна Асламбек, вайна, "стаг вер" олу бехктакхам айбина. Талламхошка даредина цуьнан дейишас, кIанта ша вадийнера, Соьлжа-ГIаларчу ОМОН декъан гIишлошкахь кхебира, цигара шен вада аьтто балла бохуш дийцира, аьлла. Цул тIаьхьа кхин цхьа а хаам ца карийна вайначун хьокъехь.

20I7-чу шарахь "Iазапна дуьхьалояран комитетерчу" бакъоларъярхоша арз хьажийна Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле. Масех шарахь ша дов листина даьккхича, хаийтина Страсбурго шен сацам: Сайдахмадовн ваха йолу бакъо эшийна, ткъа цуьнан нанна дуьхьалдаьккхина Iазап.

Жима стаг хьан вадийна, хьан вийна хила тарло къастонза ду хIинца а, боху бакъоларъярхоша.

  • Кхушеран бIаьста мел лаххара а 92 стаг лачкъийна хилла Нохчийчохь. Царех цхьаберш карийна я мукъабевлла тIаьхьо. Шаьш полицино идийна хиллийла хаийтина цара, амма хан яьлча, иза бакъ дац, полицино ца лечкъийнера шаьш, олура. Бакъоларъярхоша чIагIдарехь, и тайпа дIахьедарш полицино нуьцкъаша дойту ша идочу нахе.
  • ДIадахначу кIиранах "Грозный ТВ" телеканало 35 минотехь лаьттачу репортажехь гайтира цIера едда, ХIинжа-ГIаларчу шелтерхь хьулъелла Iачу хенахь, оцу хIусам чу а лилхина, кадыровхоша Нохчийчу дIайигинчу Тарамова Хьалиматах. Iедалхоша бехкаш дохкура, цунна гIо дичну бакъонашларъярхошна, ткъа йоIа дийцинера, шена цIахь ницкъбарх, ишта дехнера цо, ша шен лаамехь цIера яьлла, лехамашка ма лахьара аьлла.