Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан командиро Чалаев Замида дийцина, кхетамах тиллачу нехан хIусамера нохчийн куьйгалхочо араваьккхина, Оьрсийчоьнан турпалхо вина шех аьлла. Халкъан кхоллараллан "Бенойра бIаьсте" фестивалехь, мехкан урхалхочун карара "Дашо седа"(Оьрсийчоьнан Турплахо цIе еллачарна луш долу совгIат) схьаоьцучу заманчохь дина цо ишта дIахьедар.
"Тахана кхузахь лаьтташ ву со, хIара совгIат схьа а оьцуш. Ткъа муха кхаьчна со кхуза, муха нисвелла со кху тIегIанехь? Кхетамах тиллачу нехан хIусамера схьавалийра ахь со, тIаккха полкан командир вира сох, ткъа хIинца Оьрсийчоьнан Турпалхо вина. Дела реза хуьлийла хьуна!", - аьлла, дIахьедина Чалаевс, ор чуьра хьалаваьккхинчу стагаца ша вуста а вустуш.
Нохчийн полкан командиро динчу къамела юкъара дакъош зорбане даьхна Кадыровн официалехь йоцчу инстаграмерчу агIонехь. Денна бохург санна, оцу агIонера эфирашка вуьйлу Кадыров.
Маршо Радионо яздира, президента Путин Владимира "Оьрсийчоьнан Турпалхо" цIе тилларх Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу полкан буьйранчина Чалаев Замидна Стигалкъекъа-беттан 9-чохь.
Чалаевна лаккхара цIе яларх лаьцна "ВКонтакте" машанерчу шен агIонехь хаам баржийна Кадыров Рамзана.
"Цхьа а шеко яц Чалаев Замидна Оьрсийчоьнан турпалхочун цIе йогIуш хиларх. Цо болх дика вовшахтохар, эвссара гIуллакхдар, ша майра хьовзар бахьана долуш аьтто баьлла Бютукаев Аслан коьртехь лаьттина йолу Нохчийн Республикера тIаьххьара банд-тоба йохо", – дIахьедира Кадыровс.
Хаамийн гIирсаша дуккхаза а яздина Чалаевс Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхочу нехан декъахь хиларх лаьцна.
2021-чу шеран Зазадоккху-баттахь Чалаевс куьйгалла ден Кадыровн цIарх йочу полк рогIехь гIараелира "Новая газетехула" оцу полкехь гIуллакх динчу Гезмахмаев Сулеймана Нохчийчохь кхел а йоцуш нах бойъуш хиларх лаьцна дийцича.
"Къоманна ямарт" лара веза низам дохийнарг милла а, элира Чалаевс шен полканна хьалха 2019-чу шарахь.
Шелахь дина "Бусалбанийн дозалла" маьждиг хьарам ахчанах дина аьлла социалан машанашкахула къамел даржийна кегий нах лийцира хьалха. Царна таIзар деш дакъалецира Чалаевс.