Мангал-беттан 23-чохь латта къовсуш герзаш диттина ГIалгIайчуьрчу Несаран кIоштахь. Цхьа стаг велла, кхоъ йина чевнаш а йолуш дарбан цIийне кхачийна.
Полицино лаьцна къовсамхошна тIе герз диттина хила тарлург. Бехктакхаман дов айдина "Стаг вер" а, "Шиннан а, кхин сов а адамийн дахарна тIекховдар" артиклаша къастош болу бехк тIебаьхьина цунна.
"I962 шарера волчу меттигерчу вахархочо бахамца доьзна цIеххьана иккхинчу девнехь таллархойн "Сайга" карабинца чевнаш йина веа стагна. Лазийнарш дарбан хIусаме бигина, царех цхаъ дIаваьлла цигахь.", – боху ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин сайто.
Велларг, юьхьанцара йолчу информацица, ву Кодзоев Хасболат.
- Охан-баттахь ГIалгIайчуьрчу Лакха Ачалкхехь герзаш диттира вовшашна бухарчу хIусамдассий, иза волчу веъначу Ставрпол-махкарчу хьешой, лазийра урамехь нисвелла 15 шо долу жима стаг.
- Стохка аьхка гIалгIайн кIоштан центрехь Соьлжахь герзаш детта леташ чевнаш йира 9 стагна. Бахьана дара Нестеровская стницерчу алминистрацехь мукъадаьлла дарж къовсар.