"Открытые медиа": бюджетах йоьзна Шойгу Сергейн йоьIан бизнес

"Открытые медиа" портало пIераскана зорбане баьккхина ша Оьрсийчоьнан тIеман министран Шойгу Сергейн йоьIан бизнес зуьйш бина таллам. "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIарах Герзмашин-баттахь хинболчу Пачхьалкхан Думе хоржучу кандидатийн могIарахь ю иза.

КХИН А ХЬАЖА: "Оьрсийн элитин амалш". Путинан нуц лаьттинчо лелочу харцонех яздинчу авторца интервью

Талламо бахарехь, Шойгу Сергейн гергарчара "Оьрсийчоьнан бюджетан а, министран зIенийн а буха тIехь кхоьллина дуккха а миллиардех йолу бизнес", ткъа тIеман министран доьзалца декъахь болчу компанеша дIадахначу шарахь яьккхина 3 миллиард са, боху "Открытых медиа" портало.

Талламо алссам тидам тIеберзийна Шойгу Сергейн йоьIан, Шойгу Ксениян, бизнесна. Путин Владимиран гонерчу бизнесменашца цхьаьна лелош проекташ ю цуьнан, чIагIдо талламо. "Открктых медиа" портало бхарехь, Шойгу Ксенияс президентан доттагIчун Тимченко Геннадийн гIоьнца пачхьалкханна гIишлош еш, кхаа шарахь даьккхина 2 миллиард сом сов ахча. Шойгу Ксениян структураша шайн бизнесан декъаоьзна Кронштадтехь гIишлош еш Росгвардин куьйгалхочун Золотов Викторан нуц. Москван, Москва-мехкан, Петербурган, иштта ВТБ-н а, "Газпроман" а бюджеташ гергаузу Шойгу Ксения сечу патриотизман гIишлош еш бечу балханна. Кхин а дуккха а бюджетца йоьзначу Шойгу Ксениян проектех лаьцна дуьйцу талламо.

КХИН А ХЬАЖА: "Путина велла а, висина а сацор ду шегахь дарж"

"Ксениян белхан партнераш берраш а санна бу цуьнан ден хьеший. Дегахула цунна бевзина дукхахболу тIеман министран гIовсаш, цара а гIо до йоIанна бизнес лелош" – яздо "Открытые медиа" портало.

ШойгугIеран хьолах лаьцна дуьйцу портало, цо бахарехь, оццу декъахь ю Шойгун гергарчара дукха хан йоццуш дIайоьхкина объекташ а.

  • 30 шо сов хан ю Шойгу Сергей Оьрсийчоьнан лаккхарчу даржашкахь волу, тIеман министр хIоттийра иза 2012-чу шарахь. "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIарах депутаташка боьлхучу нахах хьалхарчу пхеаннан коьрте хIоттийра иза Путин Владимира лаам къадорца.