Нохчийн буьйранча волчу Шишани Муслимна Шемарчу Идлибехь Iаткъаме йолчу "Хайат Тахрир аш-Шам" герзхойн тобанан декъашхоша тIедиллина, шайн могIарех схьакхета аьлла. Шаьш бохург ца дахь, регионера дIагIо аьлла, кхайкхам бина цара.
"Хайат Тахрир аш-Шам" тобанан урхалло дIахьедина лараме волчу муджахIедийн командире Шишани Муслиме Идлиб провинцера аравала аьлла. Гуш ду, оцу тобано Шишанина ультиматум хIоттийна хилар: я шайн организацех схьакхета, я дIагIо аьлла. Шишани Муслим дуьхьал ву царах дIакхета", - хааммбина меттигерчу OGN гIирсо дахначу кIиран дийнахь.
Оьрсийчохь йихкина "Хайат Тахрир аш-Шам" тоба, доцца аьлча, ХТШ ("Шама маьршайоккху организаци) - Шемарчу герзашца вовшахкхеттачу оппозицин иттаннашкахь тобанийн альянс ю.
Оцу вовшахкхетарехь коьрта дакъа лоцу "Джабхат Фатх аш-Шам, ишта "Джабхат ан-Нусра аьлча, дика евзаш йолчу, юьхьанца дуьйна Шемахь террорхойн "Аль-Къайда" организацин декхарш кхочушдеш хиллачу тобано.
Шеман президентан Асад Башаран дуьхьалончаш юхатоьхначул тIаьхьа пачхьалкхан дукхахйолчу провинцешлахь Туркойчоьнан дозанна уллорчу Идлибехь чIагIъелира ХТШ.
Шишани Муслим (Маргошвили Мурад) - Гуьржийчуьрчу ПIаьнказара схьаваьлла нохчо ву. Нохчийчуьрчу шолгIачу тIамехь дакъа лаьцна а ву иза. "Джунд аш-Шам" тобанца йоьзна йоцучу, 1990-чу шарахь Урдунехь вовшахтоьхначу "Джунуд аш-Шам" тобанхойн эмир ву иза. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто террорхойн тептаре язвина ву Шишани.
2018-чу шарахь Шишани Муслима кхайкхам бира Шеман оппозицига цхьанакхетар доьхуш, Туркойчоьнехьа Шемарчу курдошна дуьхьал ша тIом бина ву бохуш, яьржина информаци харц а еш. Нохчий боцурш а, кIезиг бац Шишанин тобанехь курдойн тIемлой а.
"Нохчий Шемахь" проектан автор йолчу Паращук Джоаннас шуьйрра дийцира Кавказ.Реалиига, Идлиберчу тIемалойх а, кхечу оппозицин тобанхошца церан йолчу юкъаметтигех а, Шемахь биса царна хIуьттучу бахьанех а.
КХИН А ХЬАЖА: Эххар а бевзи Шемахь тIом бен нохчий2011-чу шарахь Шемахь тIом болабелчхьана хIинцале а велла, кеп-кепарчу лараршца ах миллион гергга стаг. 11 миллион сов нах мухIажарш бевлла.
Кхаа коьртачу декъе екъна ю Шема, царех уггар а доккхахдолчу декъо шен контролехь латтош Асада Башаран Iедал а, цуьнан агIончаш а бу, уггар хьалха, Оьрсийчоь а, ГIажарийчоь а коьртехь а йолуш.
Шишани Муслимна хIоттийначу ультиматумах дийцина OGN-н корреспондент Iабдул-Карим Билал ХТШ-н тIемалоша лаьцна латтийра масийтта баттахь. Дукха хан йоццуш шен интервьюхь цо дийцира, Идлибехь тутмакхашна тIехь къизаллаш лелорах.