Иракъехь а, Шемахь а тохарш дина Американ Цхьаьанатоьхначу Штаташа

Гайтаман сурт

Иракъан а, Шеман а дакъош тIехь гIажарошкахьа йолчу тIеман тобанийн гIишлошна кеманашца тохарш дина Американ Цхьаьантоьхначу Штаташа дахначу кIирандийнахь. Америкерчу буьйранчаша хаам барехь, герзаш латточу гIишлошна а, цара каппаш тоьхначу меттигашна а йиттина бомбанаш - Шемарчу шина меттигехь а, Иракъехь цхьанхьа а. Тохарш дича беллачех а, лазийначех а информаци яц Американ тIемалошкахь. Цхьахйолчу тобано дIахьединера, шайн виъ декъашхо вийна аьлла.

Иракъерчу Американ Iалашонашна ракеташца динчу тохаршна дуьхьал дина дара Американо шен авиатохарш.

Ша Американ президент а хIоьттина, шолгIа вистхуьлучу заманчохь Байден Джос омра дира, Иракъехь а, Шемахь а тохарш де аьлла.

Reuters агенталло билгалдаккхарехь, Цхьаьнатоьхна Штаташ карарчу хенахь дийцарш дIахьош ю ГIажарийчоьнца "зарратан герзе" юхаберза тарлуш хиларх. Оцу юкъанна ТехIеранна дIахоуьйту цара, терроризмаца къийсам латточу миссин гурашкахь Иракъехь а, Шемахь каппаш тоьхна Американ эскарш цаьрца йоьзначу тобанаша хьедан мегар дац аьлла.