25 шо хьалха Нохчийчохь зуламаш лелийна аьлла, бехкевен нохчо Оьрсийчоьне дIавелла Бельгино

Гайтаман сурт

1996-чу шарахь Нохчийчуьрчу школана тIелатар дина ву аьлла, мухIажар Оьрсийчоьне дIавелла Бельгин Iедалхоша. ТАСС агенталле бина и хаам Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуран пресс-гIуллакххоша.

"Инарла прокуратуран тIедилларца, Бельгин Паччахьаллин компетенте йолчу органаша экстрадици йина Оздамиров Iелина. Иза бехкево "бандиталла" лелорна а, "талораш" дарна а", - аьлла ду хаамехь.

Талламчийн версица, 1996-чу шеран Охан-баттахь Куьрчала кIоштарчу Гелдаганан номер 2 йолчу школехь тIеман куьйгалхо хилла ву Оздамиров. Бюджетера ахча, белхалошна догIу алапаш а, дешархойн стипендеш а, лачкъо Iалашонца, цо герзашца йолу тоба вовшахтоьхна хилла. Церан карахь хилла АК-74 а, АКМ а автоматаш а, тIемалойн барзакъ а, туьтмIаьжгаш а.

Оццу шеран Охан-беттан 24-чу дийнахь школехь герзаш диттина хилла цара. Директоран кабинета чу а лилхина, зуламхоша даьккхина хилла 40,6 миллион сом ахча. Оцу инцидентехь вийна школан директор, цуьнца чохь хиллачу школан цхьана белхахочунна чевнаш йинера.

Францехь лецира Гадаев Мохьмад Охан-беттан 8-чохь, иза полице вахча. ХIора денна лелаш вара иза цига, ша депортацех хьалхавоккхуш кхело бина сацам кхочушбеш: адвокато тоьшаллаш далийнера цунна Оьрсийчохь ваха кхераме хилар тIечIагIдеш.

Амма кхелан сацам а ца ларбеш, Францино экстрадици йира цунна. Хьалхо ша депортацин лагерехь сацийча, протест кхайкхош, шен гай цистира Гадаевс.

Нохчийчохь Охан-беттан 10-чохь Гадаевна дуьхьал бехктакхаман дов гIаттийра низамехь а доцуш герзаш лелорна. Талламан урхаллаша цо герз къайладаьккхина меттиг карийна бохура.

Нохчийчохь лаьцна латтош хиллачу Гадаев Мохьмадна цхьа шо ахшо хан тоьхна набахтин кIедачу хьелашкахь такха.