Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто хьехам бина шайн махкахошна, Оьрсийчу цадахча гIоле ю аьлла, хаам бина "Американ аз" портало. ДIахьедарехь аьлла ду Оьрсийчу даха ца оьшу, цигахь терроризм хиларна а, ницкъаллин структурийн белхахоша адамаш хьийзош хиларна а, Американ векалаллин шен махкахошна гIо дан болу аьттонаш кIезиг хиларна а, меттигерчу Iедалша шайна луучу кепара низамех пайда оьцуш хиларна а.
Пачхьалкхан департаментан дIахьедарехь къаьсттина билгалъяьккхина ю Къилбаседа Кавказ а, шена юкъахь Нохчийчоь а йолуш, ткъа иштта ГIирма а. Къилбаседа Кавказан регионе даха цаоьшу терроризм а, адамаш лечкъор а, къепедацаршг хила мегаш а хилар бахьана долуш, ткъа ГIирме гIерта ца оьшу и Украинин территори Оьрсийчоьно дIалаьцна а, оккупацин Iедалша цигахь зуламаш деш а хиларна, боху Пачхьалкхан департаменто.
"Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн гражданаш, шайна юкъахь хилла а, хIинца а гIуллакх деш болу а Iедалхой а, эскархой а болуш, ткъа иштта цига бахна а, Оьрсийчохь бехаш болу бизнесхой а бахьана а доцуш Iедалша лебина а, кхерамаш тийсина а меттигаш бу, уьш хьийзо а мега, царна тIехь къизаллаш лело а сахьт дац, ткъа иштта цаьргара ахча даккха гIерта а мега", - билгалдоккхуш ду хаамехь.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчоь Iамеркахошна кхераме хета Пачхьалкхан департаментанаАмерикан Iедалан белхахоша дикка ойла ян еза оьший-те Оьрсийчу даха бохучух лаьцна.
Американ Москварчу векалаллехь Товбеца-беттан 1-чу дийнахь дуьйна аьтто хир бац консульстве баьхкинчу нахана гIо дан. Иза доьзна ду белхахой цатоарца.
- Москван, Вашингтонан юкъаметтигаш оьшуш схьайогIу ду масех шо. Оцу юкъаметтигийн хьал «шийла тIом» боьдучу хенахь хиллачу тIегIанехь ду, элира 2019-чу шарахь ша The Wall Street Journal-на еллачу интервьюхь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра гIовса Рябов Сергейс. Зазадоккху-баттахь шега ABC телекомпанин журналиста, Путин киллер хетий цунна, аьлла деллачу хаттарна жоп луш, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Байдена «хета», элира.